Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочушдаран Iалашонца республикин финансийн министерствехь налогийн а, налогийн доцу а тIедогIучу (ахчанан) консолидированни бюджет кхолларан хьокъехь кхеташо дIаяьхьира хIокху деношкахь.
Нохчийн Республикин финансийн министра Рассуханов Iусмана шен заместительшна а, гIаланашкахь а, районашкахь а йолчу финансийн урхаллийн куьйгалхошна а тIедиллира кху шарна лерина йолчу консолидированни бюджетана тIебогIучу пайданан дакъа кхачам боллуш а, шен хеннахь а тIедузар. Цо билгалдаьккхира районашкахь муниципальни бахам хьесапе эцарна автоматизаци яран системин хьал ледара хилар. Оцу системо арендин барташ а, цаьрца нийса а догIуш тIекхеташ долу ахча а дIалараран эвсаралла лакхайоккху. И программа бахьанехь меттигера бюджеташ тIеюза тоъалчу барамехь тIаьхьалонаш гучуяха таро хилла. КхидIа оцу программин хаамаш дIаязбар Нохчийн Республикин финансийн министерствона тIедиллина хиларе терра, кху беттан 10-гIа де тIекхачале муниципальни бахам хьесапе эцаран системин хаамаш билгалъяьккхинчу министерствон хьокъала йоллучу отделе дIакхачо декхарийлахь бу районийн финансийн урхаллийн куьйгалхой. Цул тIаьхьа, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администраце дIакхачор бу и хаамаш.
Лаьттан дакъош аренде даларан бартийн хьокъехь дIаязбинчу хаамийн хенал хьалха бинчу талламо гайтина керлачу системо кхиамца болх беш хилар.
«Вайн коьрта Iалашо ю республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн тIедиллар дика а, билгалъяьккхинчу хенахь а кхочушдар, 2016-чу шарна а, тIедогIучу шерашна а йолу консолидированни бюджет (цуьнан тIебогIучу пайданан дакъа) тIеюзарна кхачояр а», – элира финансийн министра.
Цул сов, районийн финансийн урхаллийн куьйгалхошна тIедиллира хIора беттан 15-гIа де тIекхачале коммунальни такхарийн хьокъехь болу хаамаш бовзийтар а, урамашкахь серло латторна финансировани яр къаьсттина дIаларар а.
А.ВАХАЕВА
№37, шот, оханан (апрель) беттан 2-гIа де, 2016 шо