Россин Федерацин МВД-н Чоьхьарчу эскарийн 205 шо а, Россин Федерацин МВД-н Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу 141-ра леррина моторизованни «Север» полк кхоьллина 10 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-ГIалахь.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, республикин Парламентан Спикер Даудов Мохьмад, Къилбаседа Кавказан федеральни округехь долчу эскарийн вовшахтоьхначу тобанна куьйгалла деш волу Власенко Сергей, Нохчийн Республикехула волу федеральни коьрта инспектор Афонин Валентин, иштта кхиберш.
Кадыров Рамзана декъалбира Россин Федерацин МВД-н Чоьхьарчу эскарийн бIаьхой.
–ХIокху шарахь Россин МВД-н Чоьхьара эскарш кхоьллина 205 шо кхаьчна! Вайн махкахь кхерамазалла Iалашъярехь йоккха меттиг дIалоцу шун эскарша. Ас даггара декъалдо шу шайн дезачу денца! Теша, Даймахкахь кхерамазалла Iалашъяран декъехь шайна тIедехкина декхарш аш кхидIа а сийлаллица кхочушдийриг хиларх, – элира цо.
Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира Россин Федерацин МВД-н Чоьхьарчу эскаршкахь тоьллачарех Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу 141-ра леррина моторизованни полк а хилар.
–Тахана «Север» полкан 10 шо кхачар а ду вай даздеш. Цуьнан бIаьхоша дакъалаьцна бIеннашкахь лерринчу операцешкахь, иштта дуьненаюкъара терроризман а, экстремизман а Нохчийчохь хилла йолу лар дIаяккхарехь. «Северан» дуккха а бIаьхой бевза суна. Сайна уьш бевзаш хиларе терра, царах хIора а шайн Даймохк а безаш, тешаме накъостий бу ала йиш ю сан. Даймехкан дуьхьа полкан 26 бIаьхочо шайн дахар а дIаделла. Вай уьш цкъа а бицбийр бац, – элира Р.Кадыровс.
Гулбеллачарна хьалха Афонин Валентин а вистхилира. Цо билгалдаьккхира юьйцуш йолчу полкан бIаьхойн корматалла шо-шаре мел долу лакхайолуш хилар.
–Динчу хьесапаша гойту, шен 10 шо бен доццушехь, полко Нохчийн Республикехь маьрша дахар дIахIотторехь мехала дакъалаьцна хилар, – элира Афонин Валентина.
«Север» полкан 10 шо кхачарца доьзна, Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векала Меликов Сергейс а декъалдаран кехат даийтинера. Иза Афонин Валентина дIадийшира.
«Полк кхоьллина кIезиг хан елахь а, тахана иза Къилбаседа Кавказан кхерамазалла ларъяран декъехь хьалхарчу могIарехь лаьтташ ю. Бахархойн а, пачхьалкхан а гIуллакхаш, хьашташ лаккхарчу тIегIанехь кхочушдаро гойту «Север» полкан эпсарш а, салтий а шайн декхарш а, болх а бевзаш хилар», – дара Меликов Сергейс даийтинчу декъалдаран кехата тIехь яздина.
10 шо кхачарца полк декъалйира Власенко Сергейс а.
– Полкан бIаьхой бахьанехь, 200 сов бандит вийна, бандитийн инфраструктурин иттанаш объекташ а хIаллакйина, – элира цо.
Цул сов, «Север» полкан бIаьхошна пачхьалкхан а, ведомствон а совгIаташ дина хилар тIетуьйхира цо.
– Даймехкан дуьхьа къахьегарна 54 бIаьхочунна пачхьалкхан совгIаташ дина, ткъа 118 – ведомствон. Царна юкъахь Нохчийн Республикин лаккхара совгIат (Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орден)елларг 8 бIаьхо а ву. 141-ра полк терроризмана дуьхьал къийсам латтийна ца Iаш, юкъараллин къепе ларъеш ю, – дерзийра шен къамел С.Власенкос.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин лаккхара совгIат делира полкан камандиран заместителна Ахматанов Ваха-Хьаьжина. Полкан командирана а, масех бIаьхочунна а «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалш елира. Иштта Власенко Сергейс а делира тоьллачу бIаьхошна ведомствон совгIаташ.
Ткъа Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан Юкъараллин фондан Президентан Кадырова Айманин сацамца, полкан кхелхинчу бIаьхойн доьзалшна мехала гIо-накъосталла дира.
Цхьаьнакхетаран официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, гулбеллачарна лерина концертан программа гайтира. Цигахь дакъалоцуш бара нохчийн эстрадин артисташ а, Нохчийн Республикин Пачхьалкхан симфонин оркестр а, Россин МВД-н Чоьхьарчу эскарийн эшарийн а, хелхарийн а ансамбль а.
И.ИСЛАМОВ
№37, шот, оханан (апрель) беттан 2-гIа де, 2016 шо