Хасаров ШаIрани – поэт а, журналист а

Шатайпа амал а, хатI а долуш журналист а, поэт а санна вевзаш ву Хасаров ШаIрани поэзиезархойн а, журналистийн а гуонашкахь. Тийна-таьIна, ша цхьанна а гайта а ца гIерташ, цхьаьнцца а гу, лакхе ца къуьйсуш, кхоллараллин хьаьрмахь иза кхиамца къахьоьгуш волу шовзткъа шо сов хан ю. Иза Россин Федерацин Яздархойн союзан а, СССР-н, РФ-н Журналистийн Союзан а декъашхо ву. Цунна совгIат дина «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» сийлаллин цIе яларца.IMG-20160329-WA0027

Хасаров ШаIранин дахаран а, кхоллараллин а некъе бIаьрг тухуш ала догIу иза 1953-чу шеран 22-чу октябрехь Казахстанан Кзыл-Ордински областерчу Аккун юьртахь дуьнен чу ваьлла хилар. Дохийначуьра цIадирзинчул тIаьхьа Дишни-Веданахь юккъера школа чекх а яьккхина, 1972–1974-чуй шерашкахь шен бIаьхаллин декхарш кхочушдеш Советски эскарехь гIуллакхдина Тимуран ШаIранис. Жималлехь дуьйна а шен сица кхоллараллин суй болу жима стаг 1976-чу шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» газетан редакце балха воьду. Цигахь болх бечу шерашкахь довза долало цуьнан поэтически а, журналистски а похIма.

Цул тIаьхьа тайп-тайпанчу дакъошкахь  партийни, советски органашкахь, дешаран кхерчашкахь болх бар нисделла ШаIранин. Амма цкъа а кхоллараллин гIуллакхана хер ца велла иза, шен синна хьаам карийна цунна даима а йозанашкахь, хIинца а карабо. Цундела шен кхоллараллехь кхуьуш хилар бIаьрла хаало цуьнан хIора байтехь, газеташна язъечу материалашкахь. Ала дашна цхьатерра говза язъйо цо журналистикин ерриге а жанрашкахь. Хьаххийначуьра аьлча, цуьнан говзарш зорбатоьхна «Орга», «Вайнах», «СтелаIад» журналашкахь, республикин газеташкахь. 1991-чу шарахь арахецна берийн стихийн а, туьйранийн а «Дашо хьоза» цIе йолу гулар. Зорбане кечйина кхин а масех гулар а ю цуьнан. Нохчийчоьнан Яздархойн союзан гIоьнца герггарчу хенахь уьш араевриг хиларх тешна Iийр ду вай.

Тахана оха газетдешархойн тидаме юьллу Хасаров ШаIранин масех байт.

 

Хь.Саидов

Шун марзо йоцуш

ХIора шаро совгIатана вайна

КIайн Iа, бIаьсте, аьхке, гуьйре ло.

Лехьайойту денойн хьаьркаш вайга,

Хенан жайни тIе уьш дIагулйо.

 

Даьржий хуьлу дIадаханчун йоза.

Со и нийса деша ца луш Iа.

Хиндолчара шайгахьа со воху,

Хиллачара воьху шайца дIа.

 

ХIора гIулч а хета суна толам,

Дахар – аре хиларна вай зуьйш,

Халахетар динчу денойн бохам,

Хазахетар алсамдоккхий, хьуьйш.

 

Синна кхача жимлуш бу цу арахь.

Муха нисдер и ас дагца сайн?

Кху дуьнено шен дохнах би бала,

Вовшашна а хийра дехи вай.

 

Со цамеги и шун марзо йоцуш.

Шух а хаьдда, чу вирзича со.

Хиндолчара шайгахьа ца воху,

Хиллачара дIа ца ийзаво.

          2013 шо

 

Дуьне духуш

Суна моьттура дуьне духуш

Стигла чу йоьлху.

Хилла и наношна духуш,

КIенташна боьлхуш.

 

ТIепаза вайначу шен кIанте

Сатийса ваьлча,

Дена а, аталой, хаьрций

И дагтIе даьржа.

 

Ширделла, тийна Iа сан дуьне

Кошан барз боцуш,

Мел сирла догIучу дийне

ГIатталур доцуш.

 

Стигланаш елха а ца оьшу.

КIайн дуьне духуш,

Харцоно болатан гIоьмаш

Куьйгашна туху.

          2003 шо

 

Нана – мохк

Туьйранехь дуьйцучех терра

Хиш  хьаьвди, бердаш гатделла.

Аренца илли а аьлла,

КIайн бIаьсте лаьмнашка яьлла.

 

Юха а, бов бохуш кIентий,

ЦIенош деш, хьийзаш бу нохчий.

И сурт ду даим гург суна

Нана – мохк бевзича дуьйна.

 

Иштта латийначу кхерчахь

ЦIе, алссам йовхо луш, йогу,

ГIад доьдий, ага а техка,

КIентий беш кхаьънаш а доху.

 

Шен амалш гойту дуьненна,

Кхуззара болалой, махко.

Со даим воккхавуьйш лела

Суо хиларх ломара нохчи.

          1977 шо

 

Суьйренан илли

И шен илли аьлла ели стигла.

Сох хьаьрччинчохь йиси цуьнан цIе.

Цо хIинца а суна Iаддадитна

Шена оццул дезаш хилла де.

 

Со, кхаъхилла, дIасахьаьжи гонах.

Нах а бу шайн денойх гIулчаш еш,

ТIекIалдетташ шайн диканаш, вонаш,

Хилларш, лелларш, дезарш дагардеш.

 

Шена елош, шена екош гуьйре,

ХIинццалц санна бина хьанал болх,

Беснеш цIийлуш еъна хаза суьйре

Чуерзош бу сан дай баьхна мохк.

 

Хьаам хилла, и сурт дагчу дижна,

Цхьа  набкхетта, дIа со вуьжур ву!

Беран хенахь цхьамма аьлла илли

ХIетахь санна олуш хезар ду.

          2015 шо

 

ХIинца

ХIинца хено суна йохьу гIайгIа.

ТIулг а баьлла хIинца-м тIулгах шек.

Гина доцу хIумнаш суна гайта

Болабелла сан галбаьлла некъ.

 

И сан кхане, хьалха санна, генахь

Тийна Iуьллу, тIе йиллина чан.

Цхьаъ дан санна сецайо цо шегахь

Ша соьгара дIаидийна хан.

 

Дуьйцург довззал хили хIинца говза.

Хилла дели ша хиндолу эхь.

Денош – жовхIарш, дIасакхуьйсуш, ловза

Меттиг яц сан хIинца дуьнен тIехь.

 

Кхане ларъеш, дуьйлур дац дог тIома.

Воккхавевеш гIиттор вац цо кхин.

ЧIогIа кIаргди дахаро тIехдолуш,

Цунний, суний юьккъехь хилла Iин.

                          2015 шо

                            ***

Некъахойн гулъелла тоба.

Автобус. Маржа и яI!

И йогIий хьоьжуш ю чIогIа

Ломарчу юьртара йоI.

 

Цхьа хьоме хийти и дагна!

БIаьрга тIе бIаьрг нисбели.

Зевнечу бIаьстено санна

Хазалло ша дийриг ди.

 

ГIерташ соь, гIерташ цхьаъ ала,

Хьийзош сан ойланийн чарх,

Цу йоьIан беснешца бага,

Сихбелла, хьоьжуш бу малх.

 

Со хьийзон, валлалц  со леван,

Схьалеци кхолламо сан.

Юьххех дIайоьдучу хенан

И дашон киртиг, и гIан!

 

Ду шуна мегар сох Iаба,

Автобус, бехкбоцу нах,

Шен жимчу тIоьрмигца гIала,

Деша и  дIайигна малх.

          1976 шо 

№38, шинара, оханан (апрель) беттан  5-гIа де, 2016 шо  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: