Республикехь вевзаш волу нохчийн меттан хьехархо, поэт Махмаев Жамалди вина 1939-чу шеран 14-чу мартехь Грозненски районерчу Бердак1елахь. К1езиг яц кхоллараллин дуккха а шерашкахь цо язйина стихаш, поэмаш, дийцарш юкъадоьлхуш арахецна гуларш. Цунна совг1ат дина Кадыровн орденца, «Знак Почета» орденца, «Къинхьегаман ветеран», мидалца. «Хьехархо-методист», «Нохч-Г1алг1айн Республикин хьакъ волу хьехархо», «Россин Федерацин халкъан дешаран отличник» сийлахь ц1ерш лелош ву.
Х1окху деношкахь Соьлжа-Г1аларчу пачхьалкхан театрально-концертийн зала чохь даздарш д1адаьхьира поэтан, нохчийн меттан а, литературин а хьехархочун Махмаев Жамалдин 75 шо кхачарца доьзна. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, парламентан председатела Абдурахманов Дукхувахас а, Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Даудов Мохьмада а, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Саралиев Шамсаила а, республикин Правительствон декъашхоша а, юкъараллин векалша а.
Шен къамелехь Р.Кадыровс лаккхара мах хадийра юбиляран къинхьегаман, хаамбира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службехь.
«Цуьнан юбилейца даггара декъалван лаьа суна Махмаев Жамалди. Хьехархочун даржехь, литературин декъехь дуккха а шерашкахь ша динчу г1уллакхашца нохчийн матте безам кхоьллина цо иттаннаш дешархошкахь. Хазахетарца билгалдаккха лаьа, шен хене хьаьжна доцуш, цо тахана а нохчийн меттан а, литературин а дуьхьа къахьегар дитина цахилар», – билгалдаьккхира регионан куьйгалхочо.
Хьехархочун а, кхетош-кхиорхочун а балхахь дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а, хьуьнарш гайтарна а Кадыров Рамзана Ж.Махмаевга д1аделира «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо», аьлла ц1е тилларан хьокъехь долу тоьшалла. Цуьнца цхьаьна юбилярана машенан дог1анаш а делира республикин Куьйгалхочо.
Республикин куьйгалло шен къинхьегамна сел боккха тидам т1ебахийтарна шена там хилла хиларан хьокъехь д1ахаийтира Ж.Махмаевс. Цо иштта билгалдаьккхира нохчийн мотт а, литература а кхиорна тахана санна боккха тидам республикехь цкъа а т1ебохуьйтуш хилла цахилар.
«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас тидам т1ебохуьйтура мотт боцуш къам хуьлийла цахилар. Оцу дешнех пайда а оьцуш, вай тахана а д1ахьо нохчийн мотт 1алашбарна а, кхиорна а т1ехьажийна г1уллакхаш дар. Дагна боккха там хиларца билгалдаккха лаьа нохчийн меттан дуьхьа г1уллакх деш болчу хьехархойн а, яздархойн а республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана г1о лоцуш хилар», – элира Ж.Махмаевс.
Юбилейни даздарш д1ахьош зала чохь гулбеллачарна д1асайийкъира х1инцца араяьлла «Маьлхан б1аьсте йог1у» ц1е йолу керла книга.
Нохчийн Республикин яздархойн Союзан правленин председатела Ибрагимов Кантас хаамбира и книга Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу региональни юкъараллин фондан г1оьнца арахецна хиларан хьокъехь. Цо Ж.Махмаевга д1аделира т1ейог1учу хенахь цо кхул т1аьхьа а книгаш республикин яздархойн Союзан а, А.-Хь.Кадыровн ц1арахчу юкъараллин фондан а г1оьнца арахоьцург хиларан хьокъехь долу сертификат.
Л.АБАКОВ