Ас дозалла до цунах

хабаевИттех шо ду суна иза вевзина. Оццул хан хир ю цо нохчийн журналистикехь къахьоьгу а. Бакъду, автор вовзале хьалха цуьнан йозанан белхаш бевзина суна. Цара сан тидам сихха шайна тIеозийра. Ас вуьйцург къона журналист, поэт Хабаев ИсмаьIал ву. Дуьххьара цуьнан статья «Даймохк» газетан агIона тIехь ешча, суна иза кIорггера хаарш долуш, хено бахчийна синкхетам болуш, гIеметта хIоьттина стаг ву моьттура. Iаламат маьIне а, чулацам шуьйра болуш а, газетдешархошна схьаэца алсам пайдехь дерг долуш а яра цо язйина статья. Иза-м цуьнан дуьххьарлера йозанан болх ца хила а тарло, делахь а ас тIе тидам бахийтинчу, самонца ешначу статьяно лаам кхоьллира автор вовза, цуьнца къамеле яла. Суна ма-хетта иштта сиха ца нисделира суна иза вовзар. Амма, юх-юха а «Даймохк» газетан агIонаш тIехь Хабаев ИсмаьIалан статьяш зорбане йийла юьйлаелча, массо хIума а юьстах а теттина, со журналист вовзар Iалашо лаьцна редакце яхара. Дуьххьара ИсмаьIал сайна гича со цецъелира. Иза кхиъна вогIучу кIантах тера вара, цхьа тамашийна оза, вуткъа-лекха, наггахь бен вист ца хуьлуш. Массо дош а багара озийна даккха дезаш. Цхьа тамашийна эхье а, массаьрца а бехк лоьцуш вара кIант. ХIинцалерчу кегийрхойх цхьа мискъал а тера воцуш. Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан шолгIачу курсехь доьшуш хиллера иза, заочни отделенехь. Газетехь болх беш волу а масех бутт хиллера. Иза тамашийна хIума дара. Кхиъна ваьллачу Iилманчина санна нохчийн мотт хаьара цунна. Историн академик волуш санна вайнехан къоман истори евзара. Цунна къеггина тоьшалла дара «Даймохк» газетан агIонаш тIехь хаддаза зорбане юьйлуш йолу Хабаев ИсмаьIалан маьIне статьяш. ТIаьхьуо суна хиира кIант поэзин исбаьхьачу дуьненахь а кхиамца къахьоьгуш хилар. Цунах а суна мерза кхаъ хилира. Кху тIаьхьарчу хенахь вайнехан кегийрхошна юкъахь нохчийн маттаца уьйр-марзо йолуш адамаш кIезиг хилар дара цуьнан коьрта бахьана. Ткъа Хабаев ИсмаьIал санна волу жимха ненан маттана гIароле хIоттар – иза мехала совгIат ду: яхь йолу дог кийрахь долуш, нохчаллех къилба дина вехачу муьлххачу а стагана . ЦIархазмана доцуш, баккъал а нохчийн гIиллакх-оьздангалла кIорггера йовза а евзаш, мел даккхий зераш шена тIехIиттарх цунах хер ца луш схьавогIуш ву Хабаев ИсмаьIал. Цо кхиамца чекхъяьккхина университет. Болх бан ларийна газеташкахь, телевиденехь. ХIинца  «Вайнах» телерадиокомпанехь болх беш  ву. Нохчийн Республикехь бехачу бахархошна евза Хабаев ИсмаьIал автор волуш эфире юьйлу кинороликаш. Церан тексташ цIеначу нохчийн маттахь язйина ю, ладогIархойн синкIоргене кхача ницкъ болуш ю, ткъа уггаре а коьртаниг, цара езаш тIеоьцуш ю. Нохчийн журналистикехь мах боцу беркат хилла дIахIиттина цо яьхна «Къоман барт», «Нохчийн йоI», «Нохчийн воккха стаг», «Нохчийн мотт», «Харачойн Зеламха», иштта дуккха кхийолу сюжеташ. Нохчийн мотт кхиорехь а, баржорехь а, кегийрхошна иза марзбарехь а хьанал къахьоьгучу бIаьхойх цхьаъ ву Хабаев ИсмаьIал. Ас дозалла до сайна и оьзда кIант вовзарх а, тхайн уллера, мерза гергарло хиларх а. Дала эша ма бойла халкъана, махкана иштта цIеначу даггара ша схьаваьлла къам а, сирлачу иллех бека цуьнан зевне мотт а безаш болу яхь йолу кIентий.

А. ГАЗИЕВА

№38, шинара, оханан (апрель) беттан  5-гIа де, 2016 шо  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

2 комментари йазйина хIокху “Ас дозалла до цунах” йаздарна бухахь

  1. Avtoro mel yazdinarg t1e41ag1dan a’tto bu san, hund a’l4i Ismail san dika nak’ost xilla sx’avog1u 7 sho zama yu. Bakk’ala a Ismailin xa’a nox4iyn mettan xazalla gu4uyakkxa shen xabarex’. Dozalla do as ishtta teshame a kxetame a nak’ost sayn xilarx!
    p.s. Xiyra4u naxaca ex’e velax’ a, shen nak’ostashlax’ 41og1a zabare a samuk’ne a k1ant vu Ismail ;)

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: