Культурин керланаш

«Даймохк» ансамблан кхиам_2010_014

Пачхьалкхан М. Эсамбаевн цIарахчу берийн эшарийн а, хелхарийн а «Даймохк» ансамбло халкъийн хелхарийн  Россин чемпионатан Къилбаседа Кавказан Федеральни округан кубок яьккхина.

        Россин халкъийн хелхарийн  чемпионатан къасторан муьран  гурашкахь Россин хIора а федеральни округехь дIаяьхьира халкъийн хелхарийн федеральни округийн кубкаш яхаран конкурсаш.

Къилбаседа Кавказан Федеральни округан кубок яккхарехьа Нальчикехь дIаяьхьначу конкурсехь Нохчийн Республикин цIарах дакъалецира Пачхьалкхан М.А. Эсамбаевн цIарахчу берийн эшарийн а, хелхарийн а «Даймохк» ансамбло.Оцу хIора шеран хореографин  къийсадаларшкахь Къилбаседа Кавказан федеральни округан кубок а, Москвахь дIаяхьа лерина йолчу халкъан хелхарийн Россин чемпионатан финале путевка а яьккхина ансамблан коллективо  чемпионат вовшахтоьхначара даггара баркалла элира ансамблан коллективан куьйгалхочунна халкъан кхолларалла кхиорна а, цуьнга марзо кхолларна а похIма долчу кегийрхойн кхолларалла кхиорна а.

Россин халкъийн хелхаршкахула йолу чемпионат  хореографически коллективийн хIора шеран йохьалла ю, Россин халкъийн хелхарийн чемпионаш къастош йолу.

 

«Вайнах» а, «Нохчо» а коллективашца  цхьаьнакхетар

  А.-Хь.Кадыровн Орденан цIарахчу Пачхьалкхан хелхаран «Вайнах» ансамблан концертни зала чохь хилира синъоьздангаллин гIиллакхаш тIехь кхиорна а, коррупцина, экстремизмана, терроризмана, наркоманина  дуьхьало ярна а лерина цхьаьнакхетар. 

    Хьешашна юкъахь бара Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон  векалш, политолог, экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал къийсам дIабахьаран экспертни тобанан куьйгалхо Истамулов Iабдулла, отделан  хьаькам Сайдаев Ислам, Нохчийчоьнан Прокуратуран векал, прокуроран гIоьнча Таймасханов Алихан, Iеламстаг «Вайнах» ансамблан директоран ийманехь кхетош-кхиорехула заместитель Эхаев Ризван.

«Вайнах» а, «Нохчо» а тобанийн коллективаш вовшахтоьхна дIадаьхьначу оцу цхьаьнакхетарехь дийцира   тIекхуьуш долу чкъор ийманехь, гIиллакхаш тIехь кхиоран проблемех  а, адамийн юкъаметтигех а, наркотикаша дечу зенах а, гражданаша Конституцин бакъонаш а, Россин Федеральни законаш лардарх а.

Къаьсттина тидам тIебахийтинчарех дара  юкъараллехь нислучу юкъаметтигийн проблемех дерг. Кхузахь дийцира коррупцина а, экстремизмана а, терроризмана а, наркоманина а дуьхьал къийсам дIабахьарх, цуьнан динца йолчу агIонах, АллахIа адамна диканиг а, вониг а къасто кхетам баларх, кегийрхошна тахана интернетехь Iехабала дукха хIуманаш хиларх, царна оцу сила болчу хаамашна юкъара бакъдерг къасто атта цахиларх лаьцна.

ИБРАГИМОВ Ризван

 

№38, шинара, оханан (апрель) беттан  5-гIа де, 2016 шо  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: