«Седарчий – 2016»

Ламасте дирзина Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос хIора шарахь берийн кхоллараллин фестиваль-конкурс дIаяхьар. ХIокху деношкахь шен болх дIаболийна «Седарчий – 2016» фестивало.

Оцу гIуллакхан коьрта Iалашо ю дешархошна къоман ламасталлин культура, искусство йовзийтар, уьш ийманехь кхетош-кхиор, гIиллакх-оьздангаллин коьрта мехаллаш йовзийтар, похIме бераш гучудахар. Фестивалехь дакъалоцу 6 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолчу бераша. Иза дIахьо шина муьрехь: муниципальни, республикин. Конкурсан пхиъ номинаци ю: «Исбаьхьаллин дош», «Хореографи», «Театран искусство», «Вокал», «Пондар лакхар». ХIора номинацехь билгалйина толаман кхоккха меттиг.

Фестиваль-конкурсан республикин мур дIахьур бу май беттан 16–20-чуй деношкахь, цигахь дакъалоцур ду муниципальни тIегIанехь хиллачу фестивалан толамхоша. Берийн кхоллараллин фестивалан лауреаташ билгалбохур бу дипломашца. Цул сов, «Исбаьхьаллин дош», «Вокал» номинацийн толамхой похIмечу кегийрхойн гIолацаран совгIатна хьалхататта а тарло. Хууш ма-хиллара, иштта совгIаташ дар билгалдина ду «Дешар» къоман проектаца.

«Седарчий – 2016» фестиваль ерзор ю концертаца.

АДАМОВ Довт

 №38, шинара, оханан (апрель) беттан  5-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: