Нохчийн Республикин школийн дешархоша математикин а, обществознанин а профильни тIегIанехь экзаменаш дIаелла. Математикин экзамен дIаяла заявленеш чуделлера 2 298 дешархочо. Экзамен дIаэцаран гIуллакхана билгалъяьккхина 15 пункт яра видеокамерашца.
Математикин ЕГЭ базови а, профильни а олучу шина тIегIане екъна ю, 2015-чу шарахь дуьйна. ХIун башхалла ю царна юкъахь? Базови тIегIанехь дIалуш йолчу экзамено дешархочунна школин аттестат схьэца некъ а боккху, цул сов кхидIа деша воьдуш (математика ца оьшучу говзаллина) документаш дIаэца бакъо а юьту. Ткъа профильни ЕГЭ дIаялар оьшуш ду институте я университете деша хIуттуш математика тIеэцаран экзаменашна юккъехь елахь. Профильни тIегIанехь йолу экзамен дIалуш болчеран уггаре а лахара балл 27 хила еза. Математикехула ЕГЭ-н жамIаш 8-чу апрелехь дIакхайкхор ду.
Иштта, обществознанехула ЕГЭ дIаелла 8 000 стага, царех 200 дешархо школа кхушара чекхйоккхуш волу дешархо ву. Оцу гIуллакхана лерина къастийна 118 пункт. Нохчийн Республикехь обществознанехула ЕГЭ 18 пунктехь 3 502 стага дIаелла. Уьш беррише а дIадаханчу шерийн выпускникаш бу.
ЕГЭ дIалуш низам а, раж а ларъяран Iалашонца билгалбаьхна Рособрнадзоран федеральни инспекторш бу хIора регионехь. Цул сов, экзамен дIаяларехь бIаьрIуналла деш юкъараллера 400 стаг ву. Обществознанин экзамен дIаяларехь уггаре а лахара (минимальни) балл 42 ю. Экзаменан болх шина декъех лаьтта, шайна чохь 29 тIедиллар долуш. Иза дIаяларан хан 3 сахьт а, 55 минот а ю. Обществознанин экзаменан жамIаш 12-гIа апрель тIекхачале хаа декхар ду.
М.БАЙБАТЫРОВА
№38, шинара, оханан (апрель) беттан 5-гIа де, 2016 шо