(Берсанов Хожа-Ахьмадан — 90 шо)
Шайна Дала еллачу хенах зама йинчу къонахех цхьаъ ву хIокху деношкахь шен 90 шо кхочу Берсанов Хожа-Ахьмад. И ца вевзаш наггахь стаг карор вац вайн махкахь. Цхьаццаболчарна яздархо санна, вукхарна къоман культурин говзанча санна, вевза иза. КIезиг бац иза суртдиллархо-Iаламхо а, фенолог а, философ а, Нохчийчоьнан бакъ патриот а вуй хуурш. Суна иза вевза доьзалан дика да, мерза лулахо, яхь йолу махкахо, дог цIена гергара стаг санна. Иштта иза вевзарш а бац кIезиг.
1926-чу шеран 5-чу апрелехь ШаIми-Юьртарчу Берсин Ахьматан доьзалехь дуьнен чу ваьлла Хожа-Ахьмад. Юьртара юьхьанцара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа цо дешна Михеласкарчу (Серноводскехь) юьртбахаман техникумехь, Соьлжа-ГIаларчу политпросветучилищехь, чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтан историн-филологин факультет. Бовхачу безамца дагалоьцу цо шен хилла хьехархой: Лорсанов Керим, Саралиев Селим, Имадаев Мохьмад, Харачоев Висха. Цара деша-яздан а, дуьненан цхьацца Iилманех кхетам а белира кIантана, амма цуьнан коьрта хьехархо д а х а р хилла. Цуьнан дохалло дуккха а довзийтина, гайтина Хожа-Ахьмадна, хIетте а, тахана дахаран тайп-тайпанчу амалех, гIиллакхех, цо туьйсучу уьйрех, цхьаболчарна ховха нана, вукхарна къиза десте хуьлий иза дарах, цецвуьйлу иза. Цуьнан духе кхиа гIертаро тешаво Делан некъа леларг эшамехь цахиларх.
ДIадевллачу шерех а, йоцучу могашаллех а доьзна доцуш, Хожа-Ахьмадан гергарлонаш доцуш наггахь а юрт, кIошт яц вайн махкахь. Ала деза, ша волчу веанчуьнца сов лераме хиларца, эхь хоьтуьйту цо. Ванах, иштта хилла-кх вайн къоман бакъ амалш, тхо генахь дисний-те, олий, ойла кхоллалуш, дикаллин масал эца дукха хIуманаш ду цуьнан амалехь, дахарехь.
Ма мотталаш, иза гуттар а кIеда-мерза ву. Иза дика вевзачарна хаьа бакъдерг къовсучохь иза къарвийр волуш хIумма а цахилар. Цунна тоьшалла ду 1944-чу шеран 26-чу ноябрехь, шен 18 шо долуш, Акмолинск-Караганда цIерпоштнекъан шолгIа га дилла, белхан деношна ял хир ю, юург латтор ю, аьлла Iехийна, гуьйренан шийлачу догIанехь, мацаллина бIарзделла, тифо мозий санна, эгочу бIеннаш вайнахехь долу хьал дуьйцуш, цо Сталине яздина кехат. Оцу къизачу заманчохь а ца моьттург хилира.
– Кехат дIа а кхаьчна, таллам бан комисси еача, тиф лазар кхетта Iуьллуш вара со, – дагалоьцу Хожа-Ахьмада, – амма селхана долуш санна дагадогIу, суна тIехIоттинчу, кIайн халат юьйхинчарах цхьамма: «Вы писали товарищу Сталину?», – дина хаттар. Сан ницкъ кхечира хьалагIатта а, баракашна тIехьа, дIадохказа, тIекIел доьттина лаьтта декъийн оьланаш гайта а. Сталинан цIарах баьхкинчара сурсатийн карточкаш делира цIерпоштнекъан белхалошна, суна а мандат елира, оцу нехан хьашташка хьажа со векалвеш а, болх ца балурш а, цомгашниш а шаьш дIатарбеллачу меттигашка дIабига бакъо луш а. Ма-хаъара, куьйга бакъо санна, некъаца дIасавахар а дихкина дара вайнахана…
7 шо кхаьччахьана дуьйна тIехь да воцуш кхиъначу кIантана аьттонаш кIезиг гинера, амма Казахстанехь яьккхинчу хено дахаран хама бан а, цунах ирс эца а Iамийра иза. Цу хенахь волавелира яздан а. Дуьххьара, сихачу заманан мIаьргонаш къоламца сацон ойла йолуш, цул тIаьхьа, яздар дахаран къилба долуш. Тахана ешархойн аьтто бу Берсановн 32 книга еша, йовза, цуьнан турпалхойн амалех ирс эца. Яздархочун кхоллараллин тематика дахаран ерриге а агIонаш чулоцуш ю, амма коьрта дерг Нохчийчоь, нохчий, къоман гIиллакх-оьздангалла, Даймохк, цуьнан гIарабевлла дика къонахий бовзийтар ду. Яздархочун корматалло кхоьллинарш а боцуш, вайна юккъехь баьхна, бехаш болчу бакъ турпалхойх ю цуьнан говзарш: «Болатан суй», «ЦIийца чIагIделла доттагIалла», «Ден лорах», «Дохковалар», «Болатан амал», «Къонахчун васт».
Казахстанера цIавирзинчул тIаьхьа 40 шарахь гергга культурин министерствехь болх бина цо. Оцу шерашкахь тидаме ийцира яздархочо нохчийн къоман гIиллакхаш, Iадаташ, оьздангаллин ламасташ гомха дерзар. Бахьанаш тайп-тайпана дара, амма коьртаниг советан Iедалан дерриге а къаьмнех юкъара советан халкъ дан Iалашо хилар дара. Дуккха а шерийн къинхьегаман, зеделлачун стом бу авторан 1990-чу шарахь араяьлла «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш» цIе йолу гулар. МогIарерчу ешархоша а, цIеяхханчу Iилманчаша а лаккхара мах хадийна книгин. Цунна тIедоьгIна дало лаьа, РАЕН-н академика, филологин а, историн а Iилманийн доктора, профессора Алироев ИбрахIима аьлла дешнаш: ««ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш» боккха чулацам болуш а, Iилманчаша лаккхара мах хадийна а ю. Оцу жайно гIо до акхадевлла адамийн синош сийлаллин лакхенашка юхадерзо. Авторна шен дахаро, амало, кхетамо, оьздангалло бакъо ло шен халкъе дуьззина дош ала: вовшашца дика хила, зуламаш дIадаха, ямартлонаш, харцонаш дIаяха, тешаман, безаман, маршонан хама бан». Цул дика муха эр ду?
Ала деза, вай билгалъяьккхинчу тематикина язйина Iаш вац яздархо. Оццу 1990-чу шарахь арахийцира цо 2–4 классашна лерина «Iаламдовзар» – Iаматаш а. Iаламах дерг дика хаьа цунна. «Iаламан амалш йовза болчу лаамца жималлехь дукха буьйсанаш яьхна ас арахь, – дуьйцу цо, – суна зеделла мох кхоллабаларан, дарц даларан, догIа даран хиламаш. Евза ялх бIе гергга бецан цIерш, дитташ, девза цара адамийн дахарехь кхочушден гIуллакхаш, хуьлда иза цхьацца дарбанаш я кхидерг».
Цунна сингаттам латтабо юьхьанцарчу классашкара дешар нохчийн маттахь хилча, берийн хаарш кIорггера, кхетам-кхиар лаккхара хир дара аьлла, тешна хиларо.
– Цуьнан дуьхьа къахьегнера ас и Iаматаш кечъеш, – боху яздархочо, – амма хIинца а оцу гIуллакхан мах хадон зама цакхачар халахеташ делахь а, вайх доьзна и хиларо, эшам латтабо. Нохчийн мотт ца оьшу, ингалсан, оьрсийн меттанаш хиъча тоьар ду боху дай-наной хIора а юьртахь карабо. Амма деши доккхучохь деза хуьлу, баьхна вайн дайша. Шен меттан хазна ца евзачо юй-те кхечу къоман меттан хазнаш, уьш кхетар юй-те цуьнан дагах, буьйцур-м бу цо муьлхха а мотт…
Iалам а, акхарой а бераллехь дуьйна шеца дика хиларан масал даладо цо:
– Михеласкахь (Серноводск) со доьшуш волуш, шоьтан дийнахь гIаш цIа ван новкъа волура со. СемаIашкарчу хьуьна юккъехула богIучу новкъа ШаIми-Юьрта со кхачале, буьйсанах гIеххьа дакъа долура. Цкъа цхьана буьйсанна, юхахьаьжча, къегаш гуш бIаьргаш долуш, ас болар сихдича сихлуш, лагIдича лахлуш, барзо «цIавалийра» со. Деллахь, ма саготта хир яра тхан нана и дIахиънехь! – бовхачу дагалецамаша юьхь шарйо цуьнан. Шен каяьллехь, хIара цесттал бен «гергара» йоцу борз а вуон дашца ца хьахаяро, яздархочун деган дикалла, амалан шорталла гойту. Лаа дац аьлла хета, цуьнан 60-чу шерашкахь берашна лерина дуьххьара араяьллачу книгин цIе а «АстагIа алкханч» хилар.
Бераллехь санна, дерриге а хIуманна духе кхиа гIертар ца дайна Хожа-Ахьмадера тахана а. Цунна тоьшалла ду цуьнан тайп-тайпана корматаллаш хилар. Со хийлазза а, тамаша беш хьежна церан кевнал чоьхьаваьлча, дуткъачу аьчках, говза хадош, винчу, херх хьокхуш «воллучу» шина «къонахчун» суьрте. Ший а «кечвелла» нохчийн духарца – холхазан куйнаш, доьхкаршца юкъ йихкина гIовталш, бустамаш, когахь маьхьсеш. Царна тIедалийначу карсол чуьра татол тIекхетча, шимма хьокхучу херхаца, гажолг тIе йиллина дечиг «хадон» волало и «шиъ». КIордор дац-кха цаьрга хьежа! Ойланийн мекха яшайо, дагна синтеме ов туху, цIеначу даггара велакъажа дог доуьйту, гуонахара дуьне къеггинчу басаршца гойту Хожа-Ахьмадан бераллин догцIеналлин ойла яйна цахиларо.
БIаьрса лахдалаза долчу хенахь, яздан кIордийча басаршца «садаIар» а нислора Берсановн. Цо къегинчу басарийн аьхналлица дохкура Iаламан, дийнатийн суьрташ. Цуьнан чохь дIатоьхна ду, цо шен куьйга диллина, шена дукхавезачу нохчийн турпалчу кIентан Харачойн Зелимхин сурт. «БIаьрса меттадеача, цхьацца кхачамбацарш дара сан цу тIехь нисдан дезаш, – гIайгIане ву иза, – ломан сирлачу хин бухара тIулгаш гайта дезара, Зелимхин юьхь а, цуьнан амал гойтуш хила езара…».
ТIемаш дIабирзинчул тIаьххьара шераш беркате хилла яздархочунна. Кху иттех шарахь араевллачех ю «Нохчий, гIалгIай – Даймехкан тIамехь», «Вайн махкара дарбанан бецаш, хьуьнан акха стоьмаш», «Нохчийн шира дешнаш», «Афоризмаш», «Кицанаш, говза аьлла дешнаш, хьехамаш» книгаш, цо гочйина Ибрагимов Кантин «ДIабевлла тIемаш» роман а, М.Лермонтовн 200 шо кхачаран юбилейна лерина «Вайн заманан турпалхо» а. Куьйгайозанехь Iуьллуш ю «ГУЛАГ-н турпалхо» – Джабраилов Вахех лаьцна документальни повесть, 750 дийцарх лаьтта «Забаре дийцарш», фантастикин повесть «Паччахь Салауддин», зорбане кечйина, сигнальни экземпляр араяьлла ю «Къонахчун васт» повесть.
– Цу тIехь ас гайтина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин васт, – дуьйцу Берсановс, – иза сайна ма-вовззара. Вайн махкахь уггаре а чолхе хьал хIоьттинчу хенахь, мехкан муфти волчу цо кхайкхина ваханчохь вевзира суна Ахьмад-Хьаьжа. ШолгIа тIом тIебазбелла, Нохчийчохь дуьхь-дуьхьал лаьтташ тайп-тайпана ницкъаш болу зама яра иза. «Церан вовшашца барт бан а, Россица йолу юкъаметтиг тоян а еза вай», – билгалдаьккхира Ахьмад-Хьажас. 9 стагах лаьтта маслаIатан тоба а кхоьллира. «Дешна Iеламстаг вац со, сол пайдехь кхин карор вара хьуна», – ас аьлча а, хьо наха къобалвар девза суна аьлла, со МаслаIатан тобанна юкъавахийтира цо. Цуьнан куьг а, мухIар а тIехь долу удостоверени хIинца а долуш ду сан…
– Дагадеанарг мел хала хиларх кхочушдеш амал ю кхуьнан, – эккхийтира тхоьга ладуьйгIуш Iачу хIусамнанас Амната, – тоьар дара, лаамна араволуш санна, Гуьржех вахана кхуо диъна са-м. Ас дийхира цунах лаьцна дийцар.
– МаслаIатан тобанан декъашхо волу со, цу хенахь хиллачу вайн Iедалан векалшна юккъе доьжнарг къасточу шарIан суьдан кхеташонехь хиллачул тIаьхьа, дикачу балхах дог диллина, чIогIа холчу хIоьттина вара. ШарIан суд ечу стоьла тIехула дIатоьхна Къуръанан аят хила дезачохь «Решения 27 съезда – в жизнь» тIеяздина лозунг хиларал сов, шарIана уллохула даьлла гIуллакхаш къастош цахилар гуш дара. Хорам хилла, цIавеана, сайн чохь къайлаваьлла, цкъа дог дассийна, тIаккха Гуьржех ваха дагадеара суна. Дукха зама яра Харачойн Зелимхех лаьцна, йиъ сери кино яккха сценари язйина, Гуьржехарчу «Адам и Ева» киностуди ас дIаелла. И санна кIант оьшу зама яра тIехIоьттинарг, къам хIаллакьхуьлучу йисте кхаьчнера, 70 шарал тIехваьллачу соьга кхин хIумма а далур дацара, амма бухабисинчарна Зелимха – турпалхо вовзийтар сайн декхар хийтира суна.
Итон-Кхаьллахула Бечиге а вахана, цигарчу юьртдега сайна гIодар дийхира ас, хьуо ма гIахьара хьо, ламанца некъ тешаме а бац, накъост воцуш хIетте а, хIокху шарахь акхарой а дукха яьржина цо бахарх, юхаверза араваьлла вацара со. Шен кIанте машенца со новкъаваккхийтира цо. 18 километр ламанца некъ бина, со охьа а ваьккхина, юхавирзира жима стаг. Дозанца гIаролехь лаьттачу вайнехан кIенташа а элира соьга:
– Ваши, лекха лаьмнаш хедош, вахалур вац хьо, гена некъ бу ахь юьхьарлаьцнарг.
– Акха газа яхалур юй цу новкъахула? – бегашийна санна хаьттира ас.
– Ишта-м Ахметовски районера кегий нах дIасалелаш цхьа некъан лар ю. Бакъду, цу тIера хьо галвалахь, вахана меттиг йоцуш, вовр ву хьо.
Хала а, кхераме а некъ хиллера ас юьхьарлаьцнарг. Харцхьахула дIаверзар бахьана долуш, дукъа къахьегна, Хевсурети кхечира со. Лаьмнашкахь жа дажочу хевсуро хьошалла а дина, шолгIачу дийнахь цо новкъаваьккхина, маьркIажа бода булуш, Шатили кхечира. Ас буьйцучу оьрсийн а, я нохчийн маттах а ца кхетачу хьешашкахь буьйса а яьккхина, шолгIачу Iуьйранна Тбилиси ваха новкъавелира со. Делкъал тIаьхье хиллалц гIаш некъ бинчул тIаьхьа, цхьа «уазик» машен кхетта, цу тIехь хиллачу гуьржаша Кахети вигира. Цул тIаьхьа Тбилиси а кхечира. Оцу сценари тIехь кино яьккхаран гIуллакх режиссерца Хотевари Рамазца дийцина чекхдалаза а долуш, эскарш вайн махка чудахкар хиъна, цIавирзира со. Кхаьрга айса хIун лелийна ас мегарг дийца а ца дийцира. Цул тIаьхьа Россин, Гуьржийчоьнан юкъаметтигаш талхар бахьана долуш, и гIуллакх иштта дисина…
Берсанов Хожа-Ахьмад а, и санна болу къаной а вайн къоман хазна хиларан цхьа а шеко яц. Бер санна, дог цIена, шен са дIаделла а шен къоманна диканиг дан кийча, дерриге а къаьмнийн адамаш дукхадезаш, амма хьоме нохчийн къам хеташ волу иза чекхваьлла адаман дахарехь хуьлучу диканах-вуонах, безамах-цабезамах, хазахетарх-халахетарх, массо а ираллех-аьрталлех. Чекхваьлла, амма шераш мел дукха хиларх, дахаре чам а ца байна, къарвелла кIел а ца сецна. Цуьнан и амал йовзар дара республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин ламасташ дендаран некъаш лахаран гIуллакхана иза векал вар. Цу декъехь кхочушдинарг дийца газетан статья тоьар яц.
Амма кестта араяьллачу цуьнан «Болатан амал» гуларх лаьцна эр дара ас. Цу юккъе яхана автор къона волчу хенахь язйина стихотворенеш а, «ШатIа», «Доьналла», «БIаьхочун безам», «Тамара» поэмаш а, «Кхоллам», «Болатан амал», «Умидат», «Маци Жамболат» повесташ а, лакхахь йийцина «Зелимха» сценари а.
Могашалла галъяьллехь а, тахана а са лаьтта цуьнан шен къоманна пайдехь долчунна ваца. Иза Iемина вац жуккар хилла ваха, амма диканиг деборан новкъахь стелахаьштигах гуттар а ваьгна.
Башха доьзалш кхиъна Хожа-Ахьмадан доьзалехь – бархI йоI, ши кIант, 23 берийн бер, 15 церанаш а. Царах хьомениг къасто ца лиира цунна, амма, верриге а велавелла, бIаьргаш чохь сирла зIаьнарш къагийна:
«Некъал дехьа Шадид веха,
Некъал сехьа Руслан веха,
Царна лахахь Ваша веха,
Ваши Iайнаъ хаза йоI еца», – аьлла, кIентан йоIана ша йиша лекхча, «цул а «ЛаилахIа ИллаллахI» ала ахьа аьлла», «кхор бIаьрггал йолчу» Iайнаа суьлхьанаш схьакховдор дийцира цо.
– «ВаллахIи, хьо бакъ ма лоь», – кIентан йоIе а аьлла, бехкала вахана, суьлхьанаш охьа а ца дохку ас, – аьлла дийцира цо.
Шен хIусамден IиндагIехь собарца, доьналлица, цуьнан лаамийн мисарболат хилла чекхъяьлла хIусамнана Амнат а. ХIокху шеран февралехь 65 шо кхаьчна и шиъ вовшахкхетта. Даима а елаелла, екхаелла, муьлхха а ваа санна дукхавезаш йолчу Амнатан доьзалш а бу иштта нахаца ийна, гIиллакхе, оьзда. Берриш а цхьаьна а, хIора ша-ша а дика бераш кхиийна цу шимма, амма доьзалш кхиорехь коьрта дакъа нанна кхочийла хаьа-кх вайна.
Иштта беркатечу хIусамненаца Амнатца цхьаьна вахарна ирсе хиллий а ца хаьа яздархочун дахаран некъаш…
ТIедолчу дуккха а шерашкахь, шен дагна тем хинболчу дикане кхача Дала могашалла лойла Хожа-Ахьмадна!
Дала беркате дойла цуьнан кхузза ткъе итт шо!
Т.САРАЛИЕВА
№38, шинара, оханан (апрель) беттан 5-гIа де, 2016 шо