Нохчийн Республикин Конституцина бух биллинарг

Хууш ма-хиллара, Конституци – пачхьалкхан а, юкъараллин а дIахIоттаман баххаш а, иштта бахархойн бакъонаш а, декхарш  а билгалдохуш долу коьрта закон ду. Конституцис гойту хIора а вахархочун бакъонаш юкъараллехь цхьатерра хилар. Халкъ реза а хилла, тIеэцна долчу законашца нисйина ю Конституцин бакъонийн амал. Ткъа бакъонаш а, низам а доцучу меттигашкахь яьржа ямартло а, вуон амалш а, эххар юкъараллин тайп-тайпанчу декъех дIаэр а нисло. 1355402581_068254_50

    Харц бакъонаша урхалла дечу пачхьалкхашкахь адамийн юкъаметтигаш а хуьлу харц. Вайн республикехь еххачу хенахь цхьа а бакъо а, низам а дацара. И хьал доьрзург хиларе сатийсам бисна а бацара. Дехха цхьана хIумане са а тийсина, и хIума хилла даьлча, и бакъ хиларх теша а ца хуьлу атта. Дукха  шерашкахь сатийсира вай оцу дийне, оцу хиламо нохчийн халкъана маршо лург хиларх тешна а долуш. И де халкъан Турпалхо, говза политик волу Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш тIекхечира. Ахьмад-Хьаьжас шен коьртачу Iалашонийн хьалхарчу могIаре шен лаамаш ца хIиттабора, цунна коьрта дерг шен халкъана луург дара. Нохчийн Республикин  хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас  шена тIелаьцнарг деза дукъ дара – дуьненаюкъарчу терроризмо нийсачу некъа тIера дIахьовзош  долу къам кIелхьардаккхар.

Ахьмад-Хьаьжа регионан куьйгалле веанчу хьалхарчу дийнахь дуьйна гуш дара  иза кхеро, юхаваккха я цуьнан шен къам Iалашдан йолу ойла хийца а дуьнен чохь цхьа а ницкъ цахилар.

Нохчийчоь Россин Федерацис юхаерзоран лаамца, пачхьалкхан коьрта закон тIеэцарехула референдум дIаяхьа ницкъ кхечира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин. Оцу гIуллакхо вайн республика  Россин кхечу субъектех дIа а туьйхира, иштта, цуьнан кхане билгал а йира. Вайн къоман дахарх дог кIезиг лозуш хилларш, референдум дIаяхьа хьалхе ду бохуш, Ахьмад-Хьаьжин ойла хийца гIертара.  Амма къоман Турпалхочунна, хаьара шен халкъана хIун оьшу. Вовшахтоьхна леррина тоба  яра,  ша коьртехь а волуш. Йийцаре юкъайиллира 10 проект, царах хIора а дикка теллина яра. Эххар, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хIоттийнарг хаьржира. Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь йийцаре а йина, масех экспертизех чекх а яьлчий бен ца йиллира Конституцин и проект референдумехь къобалъяйта юкъа. 2003-чу шеран 23-чу мартехь дIабаьхьначу харжамашкахь Нохчийн Республикин  берриге а бахархойх  дезткъе ялх процент харжамхоша керлачу Конституцигахьа кхаж тесира.

Конституцин коьртачу Iалашонех цхьаъ ю пачхьалкхан урхаллин гIуллакхаш  а, цуьнан белхан декхарш а билгалдахарца, низам талхош болчарна дуьхьало яр. Конституци – къоман мехаллаш а, адамийн маьршо а, бакъонаш а Iалашъеш,  къоман лаамашца догIуш долу коьрта закон ду. Цундела пачхьалкхан бахархой и закон лардан декхарийлахь бу. Вайн Конституцица догIуш,  вайн регионехь дехаш долчу адамийн цхьатерра бакъонаш ю, уьш схьабевллачу меттигах, церан къомах я цара лелочу динах доьзна а доцуш. Иза Нохчийн Республикин  Конституци тIеэцна долчу  дерриге а нохчийн къоман харжам бу.

Оцу ирсечу хиламна юьххьехь лаьттинарг, вай хьалха ма-аллара, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вара. Цуьнан стогалла а, комаьршалла а дерриге а къомана масал дара. Нохчийн къам мел деха ехар ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе. Оцу сийлахьчу нохчичо ша дуьнен чохь мел веха, шен къоман дуьхьа бина болу  политикин а, юкъараллин а болх вайн дахар хаздеш, тодеш долу, кхачалур доцу хьоста а хилла буьсур бу.

Карарчу хенахь регионна куьйгаллехь  волу Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а Ахьмад-Хьаьжас шена хьалха хIиттийна хилла йолу Iалашонаш кхочушъеш схьавогIуш ву.                                                                                                                                             Цунна хаьа регионан дахар кхион а, хаздан а, тодан а, Дела а, халкъ а реза хиндолу некъаш лаха а.

ДЖАВОТХАНОВ Мохьмад

 №38, шинара, оханан (апрель) беттан  5-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: