ХIокху деношкахь М.Д.Миллионщиковн цIарахчу Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан студенташца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван, Кишин Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин Исламан университетан ректор Мутушев Iабдурахьим.
Цхьаьнакхетарехь дийцира бусалба дин Iамош йолчу лаккхарчу дешаран заведенешний, светски Iилма Iамош йолчу университеташний юкъахь ийманехь кхетош-кхиоран декъехула юкъаметтиг, гергарло лелорах лаьцна. Иштта, студенташна Iеламнаха дийцира Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) заманахь хилларш а, шаьш бусалба ду бохуш йолчу тайп-тайпанчу зуламечу тобанех лаьцна а.
Шен къамелехь Дадаев Ризвана билгалдаьккхира, кегийрхошца и тайпа цхьаьнакхетарш дIадахьар мехала хилар. Цо элира:
– Тахана дуккха а дуьйцу динах лаьцна. ХIумма а Iама а ца деш, Iеламнах, Iилманчаш хила луурш а бу. Хууш ма-хиллара, кегийрхоша чIогIа пайдаоьцу интернетах. Цу чохь дуьйцучух теша а теша. Хьалха хьехамаш беш волу Iеламстаг вевзаш хуьлура. Ткъа хIинца, цхьанна а вевзаш воцчу стага интернета чохь беш болчу харц хьехамашка ладоьгIу вайн кегийрхоша. Цара шайн хазачу къамелашца уьш Iехабо. Халахеташ делахь а, и бахьана долуш дуккха а кегийрхой галбовлу. Цундела вай, динан векалша а, студенташа а цхьаьна болх бан беза. ХIара тайпа цхьаьнакхетарш кегийрхошца дIадахьарна лерина график ю оха кечйина. Нагахь санна, динах лаьцна шун хаттарш кхоллалахь, шаьш доьшучу университетера я институтера телефон тоьхча, оха шуна жоьпаш лур ду. Иза ю тхан Iалашо, – элира Дадаев Ризвана.
Цхьаьнакхетар дерзош вистхилира Мутушев Iабдурахьим:
– ХIора а стаг шен дин девзаш хила веза. Массо а имам я Iилманча хила веза бохург дац иза. Шун ВУЗ-хь а ю дуккха а пайдехь корматаллаш. Динехь долу цхьадолу хIуманаш ца девзича йиш йоцуш ду. Цундела тхо дагахь ду студенташца хIара тайпа цхьаьнакхетарш кест-кеста дIадахьа, – элира цо.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран хьеший
№38, шинара, оханан (апрель) беттан 5-гIа де, 2016 шо