«Орел-450» – Гиннессан рекорд хIотторан акци

2016-чу шарахь 450 шо кхочу Иван Грозныйс оьрсийн пачхьалкхан къилбан дозанаш лардаран дуьхьа йиллина йолчу Орел гIалин. Цунна лерина, Орел гIалахь 2016-чу шеран 7-чу майхь хIоттон лерина ю Гиннессан рекорд: 450 терахьан кепехь дIахIуттур ву 8 000 стаг. Акци вовшахтоьхнарг ю Орловски областан Правительство а, Ерригроссин «Толаман волонтераш» юкъаралла а.орел

   Акцехь дакъалоцур ду Россин Федерацин 85 субъектан векалша. Нохчийн Республикин 2 векал хир ву цу акцехь: 1 дакъалоцуш а, 1 тIаьхьалонехь а. И ший а билгалвер ву «Орел-450» Гиннесан рекорд хIотторан патриотически акцехь дакъалоцур болу волонтераш къасторан Ерригроссин конкурсан чаккхенехь. Иза дIаяьхьира 2016-чу шеран 1-ра мартера 2-гIа апрель тIекхаччалц.  Конкурсехь дакъалацархьама, «волонтерыпобеды.рф/anketa/4» сайта тIехь «Орел-450» патриотически акцин анкета кечъян езаш яра.

Ала догIу, конкурсан толамхой «волонтерыпобеды.рф» сайта тIехь 2016-чу шеран 7-гIа апрель кхачале билгалбохург хилар.

Россехь волонтерство кхиоран Iалашонца дIакхайкхийна яра конкурс. Ткъа кегийрхойн патриотизм лакхаяккхар а, вайн мехкан историн иэс Iалашдар а, кегийрхойн волонтерски нуьцкъалла  пайдехь лелор а конкурсан декхарш ду аьлла, билгалдаьхнера.

Орловски областан губернатора В.Потомскийс Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Р.Кадыровга цу хьокъехь кехат а яздинера. Цу тIехь В.Потомскийс конкурсех а, акцех а лаьцна дийцина ца Iаш, Нохчийн Республикин ши векал Москва кхачар а, юха Москвара цIакхачар а тидаме эца аьлла, дехар а дина. Ткъа Орловски областо и шиъ Москвара Орел гIала дIакхетор а, цигахь царна Iен а, яа а оьшург латтор а, акци дIайирзинчул тIаьхьа и шиъ Москва дIакхачор а шена тIелоцу.

И.ИСЛАМОВ

 №38, шинара, оханан (апрель) беттан  5-гIа де, 2016 шо  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: