Дукха хан йоццуш регионан журналисташца хиллачу шен рогIерчу цхьаьнакхетарехь Нохчийчоьнан экономика кхиаран боларех лаьцна дуьйцуш Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела-экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Магомадов Iабдуллас дIадаханчу шеран жамIаш деш иштта терахь билгалдаьккхира – 17 миллиард сом.
Ларамаза дацара дуьххьалдIа оцу терахьна тIехь тидам сацар. Цо къеггина гойтура мел сихачу боларшца кхуьуш ю республикехь хиллачу тIемаша ерриге а бохург санна хIаллакйина хилла вайн агропромышленни комплекс.
Ткъа стенан чоьтах вовшахкхеттера и терахь, шена хIун чулоцура цо? Уггаре а хьалха вайн аренашкахь кхиийна буьртиган ялташ: кIа, мукх, сула, хьаьжкIаш, дуга, ткъа иштта гулдина маьлхахIуш, дIаIалашдина докъарш, кхиийна хасстоьмийн а, технически а культураш, яьккхина шура, даьккхина жижиг, гIуллакх даран предприятешкахь кечдина тайп-тайпана сурсаташ.
Оццу хенахь иза бIаьрла гайтам бара латталелорхой, даьхнилелорхой, гIуллакх даран предприятийн белхахой тIеттIа керлачу дозанашка кхийдаш хиларан. Иза чIагIдора кхин а цхьана терахьо а. Пхеашарчохь диъ миллиард соьмал сов алсамдевллера вайн аренаша, даьхнилелоран декъо делла сурсаташ. Нагахь билггал аьлча, 2011-чу шарахь бахамлелоран ерриге а хорманийн бахамашкахь гулдина аренийн а, даьхнилелоран а сурсаташ 12,9 миллиард соьмана хиллехь, стохка церан барам 17,2 миллиард соьме кхечира. Кхин цхьаъ: дуьххьалдIа цул хьалха дIадаханчу шарца дуьстича, 2015-чу шарахь гулдинчу сурсатийн барам тIекхетта ейтта процентана.
Дуьйцийла яц, оцу башхачу кхиамашна юкъахь коьрта дакъа тахана регионан экономика кхиорехь доккха маьIна лелош долчу кенан буьртиган ялташна кхочу. Юьртан бахамца гIуллакх догIуш волчунна дика бевза дIадаханчу шарахь аренашлелорхоша оцу декъехь баьхна кхиамаш: республикин исторехь цкъа а хилла доцчу дозанашка кхечира уьш 232 эзар тоннал сов буьртиган ялташ кхиорца, цул хьалха дIадаханчу шарца дуьстича, цуьнан барам цкъай эхаззий гергга алсам а боккхуш.
Латталелорхой цунах тоам бина Iан ойла йолуш цахиларна, керла дозанаш билгалдина хиларна тоьшалла ду цара дIаяханчу гурахь дина гIуллакхаш а. Агротехнико билгалъечу тоьллачу хенашкахь лаккхарчу вовшахтохараллица чекхдаьккхира гуьйренан буьртиган ялташ дIадер. Тахана баьццара куз хилла кхуьуш ду уьш 113 эзар гектарал сов йолчу майданашкахь. Ткъа аренашлелорхоша шайна хьалха лаккхара декхарш хIиттийна хиларан билгало ю ялташна къастийначу майданийн барам 20 эзар гектарана алсам хилар.
Республикин экономика кхиорехь хьакъ доллу дакъа кхочу вайн буракашлелорхошна а, хасстоьмашлелорхошна а. Шайна хьалха хIиттийна хилла декхарш дикка тIехкхочуш а деш, хьалхарчара дIадаханчу шарахь шекар доккхучу заводе дIадахьийтира 53 эзар тонна гергга мерза орамаш. Юьззина кхачойира предприятина оьшуш йолчу аьргаллица. Хьалхахьа керла гIулч яьккхира шолгIачара а – хасбошмийн аренашкара чуийцира 44 эзар тоннал сов тайп-тайпана хасстоьмаш (билгалдаьккхича нийса хир ду стохка хорбаз-пастанан а, хасстоьмийн а культураш цхьайтта эзар гектарал сов йолчу майданашкахь кхиийна хилар). Нагахь цхьана хенахь и культураш кхиорехь луларчу регионашна масал хилла вайн республика лаьттина хилар хьесапе эцча, цара карадерзош долчу тIеттIа керлачу дозанаша дегайовхо кхуллу герггарчу шерашкахь къаьсттина хасстоьмийн шорто хирг хиларна, бахархойн шуьне экологин декъехь цIена (цу тIехь даима а билгалбовлуш бара вайн аренашлелорхой) сурсаташ кхочург хиларна.
Кхеташ ду, хасстоьмийн культурийн хьекъар лакхадаккхарна, церан шорто кхолларна хиш дохкучу латтанаша бен кхачойийр яц. Цунах дика кхета латталелорхой. Цхьана хенахь вайн аренашкахь, ма-дарра аьлча, юьртан бахаман Iалашонан латтанийн хIора шолгIа гектар хиш дахкаран системина юкъайоьдуш хилла зама дагайогIуш берш а бу царна юкъахь. Цундела оцу хьоле хьаьжжина бара гайтамаш а.
ТIаьхьарчу ткъех шарахь оцу декъехь кхолладелла хьал нисдарна тIехьажийна билггал гIулчаш яха йолийна вайн республикехь. Иза чIагIдо гIуллакх деш леррина йолу Iалашонан пачхьалкхан программа хиларо, цуьнца нийса а догIуш, хIора шарахь хиш дохкучу латтанийн барам алсамбаларо. Программа кхиамца кхочушъеш хилар гайтира дIадаханчу шеран бакъдолчара а – дуьххьалдIа цхьана шарахь, стохка гIуллакх дарна юкъадалийна хиш дахкарна лерина 4,6 эзар гектарал сов латтанаш.
Латталелоран декъехь динчух, дан леринчух лаьцна дуьйцуш ца хьахош дуьтийла дац республикехь даима а мехала меттиг дIалоцуш хилла кхин а цхьа дакъа – бошмашлелор. Экономикина хаъал боккха Iаткъам беш хилла иза меттахIотторна хIора шарахь алсам тидам тIебохуьйтуш хилар гойту дуьххьалдIа дIадаханчу цхьана шарахь 400 гектарал сов йолчу майданашкахь бошмаш ехкина хиларо. Оцу Iалашонна тIехьажийна гIуллакх деш ю доза тоьхначу жоьпаллин «Нохчийчоьнан бошмаш» юкъаралла. Регионехь стоьмийн синтарш кхиоран коьрта туш хилла дIахIоьттина иза. Билгалдаккха догIу цуьнан магорех бошмашлелорхоша шуьйра пайдаоьцуш хилар. Алссам стом латош, сиха кхуьуш долчу сортех ду юкъараллин говзанчаша коьртачу декъана вайн чоьхьарчу бахамашна лерина кхиош долу тайп-тайпанчу стоьмийн синтарш. Делахь-хIета, герггарчу шерашкахь юха а, хьалха санна, зазадаьккхина цхьа беш хилла дIахIуттур ю Нохчийчоь. Цунна тешам ло дIадаханчу шарахь динчу гIуллакхаша а, тIейогIучу хенахь дан леринчо а.
Хастаме дош ала хьакъ бу вайн даьхнилелорхой а. ХIора шарахь дохнан барам тIеттIа алсамбаккхарна, сурсатийн шорто кхолларна тIехьажийна шайн ницкъ кхочург дерриге а дан гIерташ бохку уьш. Цунна къеггина тоьшалла ду дIадахана шо а. Иштта, стохка ерриге а хорманийн бахамашкахь даьккхина бежанан а, зIакардохнан а жижиг (дийна долуш оьзча) 41 эзар центнер гергга хилла, яьккхина шура 25 эзар тоннал сов, гулдина миллион хIоа. Республикехь тIаьххьарчу масех шарахь алсамбаьлла даьхнилелоран фермийн, комплексийн барам. Царах цхьаъ ю, масала, Ойхсарахь 1200 аттана лерина ерг а. Хаддаза чIагIлуш бу докъарийн бух. Оцу Iалашонна тIехьажийна эзарнаш гектараш тIехь кхиайо цхьана шеран а, дуккха а шерийн а бецаш. Аьлча а, тешам боллуш кхиаран новкъа хIоьттина даьхнилелоран дакъа.
Бахамлелоран хорманех доьзна доцуш юьртабахаман производствон муьлхха а дакъа схьалаьцча уггаре а хьалха тидам тIебоьдург уьш цхьанаэшшара кхиа дуьйлалуш хилар ду. Иза кхеташ хуьлу оцу кхиаран бухе кхевдича. Кхузахь гучудолу юьртан бахам меттахIоттийна ца Iаш, амма ма-хуьллу сихачу боларшца иза кхиорна тIехьажийна регионан куьйгалло дерриге а деш хилар. ТIаьхьарчу шерашкахь ламаст хилла схьадогIу пачхьалкхан бахамашна, агрохолдингашна, кооперативашна, фермерийн бахамашна, шайн гIуллакх дечу фермершна билггал гIо дар. Цунна юкъадогIу маьхза дIаден лаккхарчу дикаллин хIуца кхачояр, оьшуш йолчу минеральни удобренех эханнах ахча доккхуш цахилар, бIаьстенан, аьхкенан, гуьйренан кампанеш дIахьочу мехалчу муьрашна ягорган-хьакхаран материалашца гIолацар. Аьллачунна тIетоха догIу республико субсидешца долчу гIуллакха тIехь а хаъал доккха дакъалоцуш хилар. Иза а дара дIадаханчу шарахь латталелорхой, даьхнилелорхой керлачу дозанашка кхачарехь къастамаллин маьIна лелийнарг.
Изза ала мегар ду агропромышленни комплексана юьртабахаман техникаца кхачоярх а. Керлачу техникаца, машенашца, тIаьхьатосучу гIирсашца хаддаза тIеюзуш ю бахамийн паркаш. Аренашкахь гIуллакх деш ю кхузаманахьлера лаккхарчу эвсараллин тракторш, комбайнаш, кхийолу техника, гIирсаш. ДуьххьалдIа дIадаханчу цхьана шарахь техникин барам 100 единицина алсамбаьлла хилар билгалдаьккхича а тоьар ду аьлла хета. Царна юкъахь яра латталелорхошна Iаламат чIогIа оьшуш йолу лаккхарчу эвсараллин итт комбайн. Дийнна схьаэцча вуьрхIитта миллион соьмал алсам долчу ахчанах харж йира оцу гIуллакхана. Стохка буьртиган ялташ гулдарехь кхаьчначу гайтамашна юкъахь дикка дакъа царна а кхочу ала мегар ду.
Къамел дуьххьалдIа дIадаханчу шарах лаьцна хилча, билгалбаккха беза регионан Правительствос цуьнан юьххьехь бина сацам а. Цуьнца нийса а догIуш, хаъал шорйина импортаца латтош хиллачу сурсатийн меттана меттигера сурсаташ кхиор а, гулдар а алсамдаккхаран программа. Ша аьлча, «2014–2020-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь юьртан бахам кхиоран, юьртабахаман сурсатийн, аьргаллин, кхачанан сурсатийн рынкаш нисъяран хьокъехь» йолчу пачхьалкхан программина юкъаяхийтина лаьтта тIехь а, парду кIел а хасстоьмашлелор, хIуьнна лерина картолашлелор, шурин даьхнилелор кхиор, дохнан хIу тодаран, хIулелоран гIуллакхан гIолацар билгалдеш йолу кегий программаш (подпрограмма). Уьш дахарехь кхочушъяро дуьйцийла йоццуш гIо дийр ду билгалйинчу Iалашоне кхача, юьртабахаман сурсатийн дикалла санна, шорталла а кхолларна, деш долу гIуллакх санехь хилийта, юьртахь социальни декхарш кхочушдарна, белхазаллин барам лахбан.
Лакхахь далийначу терахьаша а, бакъдолчара а тешош гойту, нагахь дIадаханчу шарахь юьхьарлаьцна некъ дIабахьа ницкъ кхачахь, и дерриге а декхарш кхиамца кхочушдалург хилар. Ткъа билгалдинчу дозанашка кхачархьама Нохчийчоьнан латталелорхоша а, даьхнилелорхоша а шайн ницкъ кхочург дерриге а дийриг хиларх цхьа а тайпа шеко ца кхоллало.
Л.МАГОМАЕВ
№38, шинара, оханан (апрель) беттан 5-гIа де, 2016 шо