Цхьа-ши дош…

ГIирмехь а, Севастополехь а 16-чу мартехь пачхьалкхан статусан хьокъехь референдум дIаяьхьира. Меттигерчу Iедало бечу хаамашца 95 процент бахархоша кхаж тесна Россина юкъахь хиларехьа.

***

Украинин Президента А.Турчина дIахьедина оборонан министерствона 700 миллион сов доллар ахча билгалдан лерина хиларан хьокъехь.

***

ГIирмехь дIаяьхьначу референдуман хьокъехь телефонехула вовшашца къамел хилира США-н Президентан Б.Обаман а, Россин Президентан В.Путинан а. Шина президентана референдумах лаьцна хетарг цхьаьна ца догIу.

***

Евросоюзан 28 пачхьалкхан векалш селхана цхьаьнакхийтира Брюсселехь. Цара дийцаре дира Россина дуьхьал санкцеш яран хьокъехь долу гIуллакх.

***

Венесуэлехь Iедална резабоцчу бахархойн митингаш совцош яц. ТIаьхьарчу деношкахь полицица хиллачу тасадаларшкахь масех стаг лазийна.

***

Францин пачхьенехь машенаш тIех дукха хиларна къахь лаьтташ хилар бахьанехь долахь йолчу машенашкахь дIасалеларна доза тоьхна. Дедда юкъа бен шайн машенаш араяха бакъо хир яц церан.

***

Малайзехь дIахьош ду Боинг-777 пассажирийн кема лахар. Цу тIехь шайна гIодар доьху Iедало спутникан зIе йолчу пачхьалкхашка.

***

Сербехь кIирандийнахь дIабаьхьира парламентан рогIера боцу харжамаш. Цигахь толам баьккхина А.Бучич коьртехь волчу Сербин прогрессивни партис.

***

КНДР-хь ракеташ кхоссар бахьанехь Къилба Корейс шен эскарш тIамна кечдина. Омра деллачу минотехь гIовтта кечделла Iаш ду уьш.

***

16-чу мартехь дIадерзийна Паралимпиадин Iаьнан ловзарш. Цигахь 80 мидал яьккхина Россин паралимпиадахоша. Царах 30 мидал дашо ю.

***

Дагестанехь дIаяьхьира бусалбанийн дуьненаюкъара конференци. Цуьнан балхахь дакъалецира Россерчу а, кхечу пачхьалкхашкарчу а 1еламнаха.

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: