Цхьа-ши дош…

Шемарчу Пальмира шахьарара хIинцале а 1 230 сов мина дIаяьккхина сапераша. ДIаяха езаш ерш, хетарехь, кхин а алсам ю. ХIокху деношкахь Россерчу саперийн шолгIа тоба а яхана цига.

***

   Шеман Iедалан эскарша стомара «Иблисан пачхьалкхан» террористашкара схьаяьккхина Эль-Карьятейн а, Абу-Рваль а гIаланаш.

***

   «Иблисан пачхьалкхан» гIеранна юкъахь йолчу масех тобано герзаш диттина Алеппо гIалахь бехачу бахархойн куьпа а, аэропорте а, эскархойн керта а. Цигахь маьрша 6 стаг вийна, 4 стагана чевнаш хилла.

***

   «Иблисан пачхьалкхан» лаьтта бухахь хиллачу набахтера цхьаъ ах эзар тутмакх паргIатваьккхина Иракан Iедалан эскарша.

***

   Хиш дестар бахьана долуш Пакистанехь бIеннаш цIенош дохийна, кхелхина 50 сов стаг. Iаламан бохам хиларо доккха зен дина халкъан бахамна.

***

   ООН-н генеральни Секретара Пан Ги Муна Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а куьйгалхошка кхайкхам бина сихонца Нагорни Карабахера тIом сацор тIедожош.

***

   США-хь рельсаш тIера охьаиккхина пассажирийн цIерпошт. Цу тIехь хиллачарах 2 пассажир кхелхина, 30 сов лазийна. Эксперташа чIагIдарехь бохам хилла машиниста цIерпошт тIех чехка хахкарна.

***

   Желтойчоьнан Хиос гIайри тIехь йолчу лагерера 800 мигрант ведда. Уьш Европин мехкашка кхача ойла йолуш бу.

***

   Еврокомиссара чIагIдарехь Гуьржийчоьнан бахархойн герггарчу хенахь визит йоцуш Евросоюзана юкъайогIучу пачхьалкхашка дIасалела аьтто хир бу. Цул тIаьхьа дукха хан ялале Евросоюза юккъе эца герга ду Гуьржийчоь.

***

   Беларуси ВТО юкъаяха лууш ю. Оцу Iалашоне кхачархьама 13 пачхьалкхан куьйгалхошца дийцарш дIадахьа а, цаьрга и гIуллакх къобалдайта а дезар ду Беларусин куьйгаллин.

***

   США-н Iедало дIахьедина ша Украинин оборона чIагIяран гIуллакхана 335 миллион доллар дала резахилар.

***

 Молдовин куьйгалло дIахьедина ша Россица йолу политикин а, экономикин а юкъаметтигаш чIагIъян а, шоръян а лууш хилар.

 

 №38, шинара, оханан (апрель) беттан  5-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: