Ерригроссин юьртабахам дIаязбар дIадахьарна тIекхочуш

2016-чу шеран Ерригроссин юьртабахам дIаязбарна кечамаш бан а, иза дIадахьа а лерина йолчу республикин комиссин хьалхара цхьаьнакхетар дIадаьхьира кху деношкахь Нохчийн Республикин экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министерствехь. Комиссина куьйгалла деш ву Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель, республикин экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министр Магомадов Iабдулла.54321

   Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Чеченстатан а, республикин юьртан бахаман а, республикин бахамца, лаьттаца йолчу юкъаметтигийн а министерствийн а, муниципальни районийн а, иштта цхьайолчу пачхьалкхан учрежденийн а векалш.

ХIокху шарахь юьртабахам дIаязбар дIадахьар коьртачу гIуллакхех цхьаъ хиларна гулбеллачеран тидам тIебахийтира Магомадов Iабдуллас. Цо билгалдаккхарехь, тахана, дуьненан кхачанан рынкехь а, Россин экономикехь а хIоьттина чолхе хьал долчу хенахь, мехкан кхачанан кхерамазалла Iалашъяр ю коьрта Iалашо.

– ДIаязбаран коьрта Iалашо республикин аграрни тIаьхьалонех лаьцна ма-дарра сурт хIоттор ду. ДIаязбар дIадахьар бахьанехь вай гулбинчу хаамаша таро лур ю юьртабахаман производствон эвсаралла лакхаяккхаран дуьхьа оьшуш болу экономикин тIеIаткъам кечбан, – элира I.Магомадовс.

Республикехь 2016-чу шеран Ерригроссин юьртабахам дIаязбар дIадахьарна бечу кечамех лаьцна докладаш йира Чеченстатан а, Россин Федерацин Росреестран Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин а, иштта Шелковски муниципальни районан администрацин а векалша.

Россин керлачу исторехь юьртабахам шолгIа дIаязбар 1-чу июлера 15-гIа август кхаччалц дIахьур ду. Цкъачунна болчу хаамашца Нохчийн Республикехь дIаязъян езар ю 220 эзар сов объект: юьртабахаман организацеш, бошмийн а, хас-бошмийн а цхьаьнакхетараллаш, кхиерш.4321

Чеченстатан куьйгалхочо билгалдаккхарехь, юьртабахам дIаязбар кхоччуш дика дIадахьархьама республикин районаш дакъошка а екъна, вовшахтохаран план а кечйина. ХIинцале вовшахтоьхна дIаязбар дIадахьаран 478 а, инструкторски 80 а дакъа. Язбар дIахьош 550 сов стага дакъалоцур ду: къаьсттина дукха студенташа а, хьехархоша а.

Бахам дIаязбар дика кхоччуш дIадахьаран Iалошонца, комиссис районийн а, гIаланийн а администрацийн векалшна кхачамбацарш дIадахар тIедиллина шайн латтанаш тIехь йолчу бошмех а, хас-бошмех а, коммерчески йоцчу цхьаьнакхетараллех а лаьцна болу хаамаш карлабахар.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствона хьалха хIиттийна бахам дIаязбар дIадахьаран каппийн а, дIаязбаран дакъалацархойн а кхоччуш кхерамазалла Iалашъяран декхарш. Ткъа республикин шуьйрачу хаамийн гIирсаша, юьртабахам дIаязбаран Iалошонаш йовзуьйтуш, республикин бахархошна лерина болу хаамийн-кхетаман болх дIабахьарехь Чеченстата гIо-накъосталла дийр ду. 

И.ЧЕЧАНХО

 №38, шинара, оханан (апрель) беттан  5-гIа де, 2016 шо  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: