Дийцира харжамашна кечамбарх лаьцна

Мехкан ерриге а регионашкахь дIадолийна кху шеран сентябрь баттахь хинболчу харжамашна кечамаш бар. Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран Указца Россин харжамийн коьртачу комиссин председатель хIоттийна дуьненахь а дика евзаш йолу бакъонаш ларъярхо Э.Памфилова. Цо шен хьалхарчу кхеташонехь дIахьедина комиссин уггаре а коьрта декхар харжамаш цIенна дIабахьар ю аьлла. Изза декхар хIоттийна цо мехкан субъектийн харжамийн комиссешна хьалха а.

   Харжамийн кампани хьанал дIаяхьа езарх, цунна леррина кечамбан безарх лаьцна дара хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Парламентан Председателан Даудов Мохьмадан республикин харжамийн комиссин председательца Байханов Iумарца а, «Единая Россия» партин региональни отделенин региональни исполкоман председательца Зайналабдиев Валидца а хилла къамел.

I.Байхановс вайн республикин Парламентан спикерна М.Даудовна дийцира территориальни харжамийн комиссешна болх барна мел оьшу хьелаш кхоьллина хиларх лаьцна. Цо дийцарехь, 18-чу сентябрехь Нохчийн Республикехь дIахьур бу федеральни а, региональни а, муниципальни а тIегIанашкара харжамаш. Вуьшта аьлча, оцу дийнахь дIахьур бу Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Федерацин Федеральни Гуламан Пачхьалкхан Думин депутаташ, Нохчийн Республикин меттигашкахь шаьш урхалла даран органашка депутаташ харжаран харжамаш.

Цул совнаха, 2016-чу шеран май баттахь дIадахьа дезаш ду «Единая Россия» партигахьа юьхьанцара кхаж тасаран мехала гIуллакх. Цунна хьокъала боллу кечамаш беш хилар хаийтира В.Зайналабдиевс.

Цуьнан а, I.Байхановн а хаамашка ладоьгIначул тIаьхьа вайн Парламентан спикера тIедиллира оцу жоьпаллечу балхана харжамийн берриге а декъашхой леррина кечбар, харжамаш законодательствона тIера дIаса ца таьIаш дIабахьийтарна тахханехь дуьйна гIуллакхаш дIадахьар. Оьшуш хьал долчу харжамийн комиссийн декъашхойн хаарш тIедуза деза, цаьрца семинараш дIаяхьа еза. Цхьа а хIума кханенга теттина дита мегар дац. Къаьсттина тидам тIебахийта беза харжамел хьалхара къийсам кандидаташа нохчийн гIиллакхех, эхь-бехках ца духуш дIабахьийтарна, цхьамогIа кхечу гIуллакхашна.

С.ХАСАНОВ

 №38, шинара, оханан (апрель) беттан  5-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: