Нохчийн Республикин Правительствехь хийцамаш бина. Цунах дерг хаийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Курчалойн районехь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь.
ХIинццалц Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-бахаман а министр хилла волу Айдамиров Асланбек ханна Курчалойн районан куьйгалхочун декхарш кхочушдан хIоттийна. Муниципалитетан префект лаьттина волчу Черхигов Идрисах республикин Куьйгалхочун Секретариатан куьйгалхо вина.
Кадыров Рамзана баркалла элира Черхигов Идрисана районан куьйгаллехь волуш баккхий кхиамаш бахарна.
«Шена хьалха хIиттийначу декхаршца ларийна Черхигов Идрис. Къаьсттина дика болх барна, цунна баркалла ала лаьа суна. Ша говза куьйгалхо хилар а гайтина цо. Цундела ас сацам бина иза Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Секретариатан куьйгалхо хIоттон», – элира Р.Кадыровс.
Цул сов, цо билгалдаьккхира, ханна Курчалойн районан префект Айдамиров Асланбек хIоттор бахьана долуш, муниципалитет кхиарехь керлачу тIегIане ериг хилар.
«Айдамиров Асланбек дика вевзаш ву районехь. Тайп-тайпанчу даржашкахь болх бина цо. ХIинццалц цо куьйгалла дина йолу гIишлошъяран а, хIусамийн-бахаман а министерствос дуккха а белхаш бина. Цигахь болх бина хиларо цунна район кхиорехь гIо-накъосталла дийриг хиларх, тешна ву со», – тIетуьйхира Р.Кадыровс.
Республикин Куьйгалхочо билгалдаккхарехь, тIаьхьарчу хенахь район кхуьуш йогIуш хиларна дуккха а масалш ду. Цунна хетарехь, иза наха шайн декхарш кхин а дика кхочушдарца доьзна ду. Амма кхидIа а хийцамаш бар оьшу аьлла хета Р.Кадыровна.
Цхьаьнакхетарехь Курчалойн районан кхидIа хир долу кхиар а дийцаре дира.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама районан префект Черхигов Идрис хIоттийча дуьйна цуьнан социальни-экономикин агIор хилла долчу кхиарх лаьцна дийцира.
«2014-чу шеран 9-чу сентябрера таханлерчу дийне кхаччалц лерича, районехь совдегарийн барам 18 процент лакхабаьлла. Районехь дIахьочу инвестицийн политикин а бу шен кхиамаш – бюджетера йоцучу инвестицийн барам 37 процент лакхабаьлла», – элира Кадыров Ислама.
Цул сов, районан налогашкахула тIебеана пайда 6,3 процентана а, налогех боцу пайда 665 процентана а лакхабаьлла. Иштта гIишлошъяран болх (церан майданаш юьстича) 338 процентана лакхабаьлла, ткъа бахархойн барам 2 процент алсамбаьлла.
Кадыров Ислама билгалдаккхарехь, коммунальни хьаштех пайдаэцарна долу ахча схьалахьоран балхахь а бу кхиамаш – иза 11 процентана тIекхетта.
Бахархойх бан болх боцучеран барам 62 процентана лахбелла: уьш 9 755 стаг вара, ткъа хIинца 5 991 бен вац. Иштта, некъахьовзамашкахь адаман кхалхар лахделла 50 сов процентана», – дерзийра шен къамел И.Кадыровс.
Цхьаьнакхетар дерзош Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана И.Черхиговна республикин коьрта совгIат делира – «Кадыровн орден».
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а, республикин Парламентан Спикер Даудов Мохьмад а, иштта кхиберш а.
И.ХАСАХАНОВ
№38, шинара, оханан (апрель) беттан 5-гIа де, 2016 шо