Берсанов Хожа-Ахьмадан 90 шо кхачарна лерина суьйре

С.В.Михалковн цIарахчу республикин Берийн библиотекехь нохчийн яздархочун Берсанов Хожа-Ахьмадан 90 шо кхачарна лерина суьйре дIаяьхьира.

   Цуьнан кхоллараллин суьйрене баьхкинера Курчалой-Эвларчу берийн библиотекин заведующи Окунчаева Раиса, оцу библиотекин ешархой, коьртачу библиотекин директор Тимаханова Медина, иштта тайп-тайпанчу школийн дешархой. Яздархочун 90 шо кхачарна лерина суьйре дIахьош вара Берийн библиотекин белхахо Докаев Ваха.

Иза дIайолош В.Докаевс яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна дийцира. Цуьнан дахарехь хилларш дерриге а берашка дIакховдо болчу лаамца дийцира цо. Юкъ-кара дешархошка цхьацца хаттарш дора В.Докаевс. Масала, «Муьлхачу шарахь дуьнен чу ваьлла Х-А.Берсанов?», «Муьлха книгаш язйина цо?», иштта кхидIа а. Хазахеташ дара, дешархоша оцу хаттаршна нийса жоьпаш луш хилар.

Яздархочунна хаза кхаъ хиллера, ша бахьана долуш суьйре вовшахтохарх. Цхьаьнакхетаре баьхкинчаьрга вистхилира Хожа-Ахьмад. Цо дуккха а дийцира ша жима волуш хилларш.

«ХIора а стеган шен хене хьаьжжина тIедахкарш хуьлу. Шу школехь доьшуш хиларе терра, шун уггаре а коьрта декхар Iилма Iамор ду. Кхузаманахь телефонаш а, компьютерш а, интернет а ю. Цхьа барам лар а беш царах пайдаэца хуурш бан-м бу вайн, делахь а, шуна царах пайдаэца ца хиъча иза кийчча зулам ду. Сан бераллехь телефонаш а, компьютерш а хиллехь, со царна тIевирзина а хиллехь сох яздархо хилла хир вацара», – бохура Х-А.Берсановс.

БIаьстенца боьзна а дуккха а дагалецамаш бу яздархочун. «Со жима волчу хенахь бIаьсте яьлча, олхазарша и дерриге а дуьне декадо мотталора. Оцу тайпана хаза йогIура сан бераллехь бIаьсте. Шен бешахь латийна стом мерза а, дарбане а хуьлура. ДагадогIу суна, тхан лулара бераш нехан бешара стоьмаш даха боьлхура. Ткъа суна чIогIа ца дезара и хIума. И бахьана долуш берашца къовсам а хуьлура сан кест-кеста», – дагалоьцура цо. Иштта шен къамелехь адамийн амалш а хьахийра яздархочо. «Тхан денанас дийцира тхуна цхьа тамашийна хIума. Цхьана дийнахь хьуьна юккъехула дIабоьлхуш хилла уьш. Юхахьаьвсича шайца хилла долу 5 шо кхаьчна бер ца карийна царна. Боьхна хьаьвзина уьш. Шаьш дIадаханчу новкъа юхабирзича, лоьма улло а хиъна Iаш гина царна и бер. Лоьман лергаш а ийзош делакъежаш Iаш хилла бер-м. Адам а хIаллакдийр долуш оццул кхераме эккха ша доллушехь, шеца шовкъ йолуш тIедеанчу берана цхьа а хIума ца дина лоьмо. ТIаккха тхан денана а, цуьнца хилларш а гуттар а цецбевлла хилла. Акхаройн амалехь а диканиг хилча, адамийн амалехь муха хир дац?!», – дерзийра шен къамел Х-А.Берсановс.

Берийн библиотекин белхахоша а, цхьаьнакхетаран дакъалацархоша а баркалла элира Хожа-Ахьмадна. Цо дина къамел массарна а деза дара. Ткъа дешархойн иэсехь еххачу хенахь лаьттар ду и цхьаьнакхетар.

 

З.ЛОРСАНОВА

№39, еара, оханан (апрель) беттан  7-гIа де, 2016 шо        

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: