И тайпа курсаш юха а хиларе сатуьйсу

Дукха хан йоццуш Соьлжа-Г1алин Мэрин дешаран департаменто Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтаца цхьаьна къоначу хьехархошна гIодарна лерина  курсаш вовшахтуьйхира. Къоначарна хьоьхуш бара Соьлжа-ГIалин школийн нохчийн меттан тоьлла хьехархой. Со къоначу хьехархойх цхьаъ ю. Соьлжа-ГIалин №106 йолчу школехь болх беш ю со. Ас школехь болх бен дукха хан яц (цхьа шо ворхI бутт). Цундела, къоначу хьехархошна леринчу курсех суна доккха гIо хилира. Иштта, ас санна кхечу хьехархоша а пайдаийцира царех. Школехь 9-чу классехь доьшуш йолуш хаьржина ас хьехархочун некъ. Хьехархочун болх чолхе бу, амма кхоччуш, иза беза а безаш, цуьнан сий, пусар деш бича, цуьнан мах бан а бац. Иза иштта хилийта, хIора минотехь, сохьтехь, дийнахь къахьега деза.t2kA7isoCbc

Керлачу стандарташца хьехархочун болх муха бан беза хьийхира тхуна цигахь. Нохчийн меттан хIора декъах массо хIуманна тIе тидам бохуьйтуш лерина дийцира хьехархоша. Нохчийн меттан хьехархоша къоначарна карлаехира хIара теманаш: фонетика, лексика, дош кхолладалар, дешан хIоттам, цхьалхе предложенеш, чолхе предложенеш, сочинени язъяран бакъонаш, морфологи, грамматика, къамелан дакъош, яцйина изложени язъяр. Цул тIаьхьа, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн меттан кафедран куьйгалхочо, профессора Навразова Хьавас дийцира таханлерчу дийнахь хьехархошна хьалха лаьттачу декхарех а, керлачу стандартех а лаьцна. Шайна дахарехь зеделларг дуьйцуш, массо дийнахь тхуна сагатдеш, тхо нийсачу новкъа даха болчу лаамца тхоьца болх дIабаьхьира меттан говзанчаша.

Ишттачу говзанчашка ладогIа а, цара тхайна хьоьхучух пайдаэца а тхайн таро хилар иза Делера доккха совгIат ду аьлла хета суна. Тхуна гIоьнна леринчу курсашкахь цахуург а Iемира, хуург карла а делира. ХIора а къоначу хьехархочунна шайн хаарш кIаргдарехь а, шордарехь а пайде, мехала яра курсаш. КхидIа тхан декхар ду, тхайна хуург тIекхуьучу чкъуре дIакховдор, вайн махкана пайдехь уьш кхиор. Курсаш яьхначул тIаьхьа дешархошна урок яла дуккха а атта ду. Къоначарна хьеха иштта хьехархой а, меттан говзанчаш а, Iилманчаш а вайн къоман хиларна дозалла до ас. Дела реза хуьлда ала лаьа къоначу хьехархошца хIара тайпа болх дIахьош дакъа мел лаьцначарна. Аш хьегна къа Дала меле яздойла шуна. Тхо, къона хьехархой тешна ду, и тайпа курсаш юха а дIахьуриг хиларх.

ВЕТРИГОВА Малика,

Соьлжа-ГIалин №106 йолчу школин нохчийн меттан хьехархо

№39, еара, оханан (апрель) беттан  7-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: