ХIокху деношкахь республикин культурин министр Х.-Б. Дааев коьртехь а волуш, районийн а, гIалийн а культурин отделийн куьйгалхошца а, хореографашца а кхеташо хилира.
Дийцаре диначарех цхьаъ дара кестта хила езачу хIорашеран «Нохчийн хелхар» цIе йолу республикин къоман шиннан хелхаран фестиваль-конкурс дIаяхьарна кечамбаран гIуллакх.
– «Хелхар – къоман са ду» – олура вайн республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Цундела и фестиваль-конкурс лаккхарчу тIегIан тIехь дIаяхьа еза, – элира Х.-Б. Дааевс.
Оцу фестивалан кхо тур ю: шиъ зональни къасторан а (муниципальни гIаланашкахь а, районашкахь а), самодеятельни а, корматаллин а солисташна юкъахь а, тIаьххьара – 3-гIа финальни тур а. оцу юкъахь дакъалаца бакъо ю вайн махкахь бехачу кегийрхойн а, мехкарийн а.
Цул сов, культурин министро тидам тIебахийтира районийн а, гIалийн а культурин отделийн куьйгалхойн балха тIехь нислучу цхьадолчу кхачамбацаршна.
– Культурин цхьайолчу учрежденешкахь хIинца а проблемаш ю белхахойн низамца йоьзна, ледарчу тIегIанехь кечйо мероприятеш. И хьал кхидIа а иштта хила йиш йолуш дац, цхьаболчу хьаькамашца хьакъболлу хийцамаш бан безар бу, – элира Х.-Б. Дааевс.
ИБРАГИМОВ Ризван
№39, еара, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2016 шо