Иштта цIе йолу берийн сочиненийн конкурс кхайкхийна Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитето.
2016-чу шеран 23-чу мартехь йолаелла йолу иза 23-гIа апрель тIекхаччалц лаьттар ю. Вайн республикерчу ерриге а районашкарчу дешархойн аьтто хир бу цу юкъахь дакъалаца.
«Сан хьоме Даймохк» конкурс дIахьош ю Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолу Комитет.
Дешархойн сочиненеш Нохчийн Республикерчу къаьсттина маьIнечу меттигашна лерина хила еза. Язъечо шена гина я ган лууш йолу, шена хетарехь вайн махкахь уггаре а билгалъяккха хьакъйолу меттиг гайта еза (ша турист хилча, уггаре а хьалха хьажа гIур волу меттиг санна).
Конкурсехь дакъалаца аьтто бу исбаьхьаллин а, кхитIе долчу дешаран а школашкарчу дешархойн, – хаам бо Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитето.
Цу юкъахь дакъалаца лаам болу дешархоша шайн белхаш: info@chechentourism.ru почти тIе схьатаса беза («Сан хьоме Даймохк» билгалдаккхарца) я Комитетан офисе дIабахьа беза хIокху адресца: А.Кадыровн проспект, 3/25, 14-гIа гIат, Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолу Комитет.
Хь.БАХТАЕВА
№39, еара, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2016 шо