«Олхазарш – вайн доттагIий»

Иштта яра дукха хан йоццуш Республикин эколого-биологически туьшахь хиллачу гIуллакхан цIе. Иза лерина дара Олхазарийн дуьненаюкъарчу денна.  Олхазарийн дуьненах долу берийн хаарш зиэран а, вайн кегийчу тIома доттагIашка берийн безам кхолларан а Iалашонца вовшахтоьхна дара и дика гIуллакх.олхазарш

    Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Республикин эколого-биологически туьшан директор Р.Нухигов, оццу туьшан тайп-тайпанчу цхьаьнакхетараллийн хьехархой 3.Хасанова, Н.Гаургашвили, Б.Тимирсултанов, Л.Эхаева, И.Нухигов, иштта дешархой.

Бераша дуккха а дийцира олхазарийн дахарх  а, цара Iаламна, адамашна  бечу пайданах а лаьцна. Цхьаьнакхетаран дакъалацархойн самукъадаьккхира олхазарех лаьцна байташ ешарца, эшарш лакхарца, хIетал-металш даларца.

Цул тIаьхьа, оццу берех лаьттачу «Кукушка», «Ястреб»  шина командо суьрташ тIехь олхазарш довзарехь шайн хаарш гайтира.

Цхьаьнакхетар дерзош, вистхилира Нухигов Рамзан:

– Олхазарша хаздо дуьне. Церан башхачу эшарша, тайп-тайпанчу беснаша кхин а хаздо вайн Iалам.

Олхазарш доцу хьун цомгаш ларалуш ю. Цара адамашна  доккха гIо до Iалам лардарехь, иза хIаллакдеш йолчу сагалматех ларъярехь. Оха хIора шарахь синтарш дIадугIу, олхазаршна баннаш до.

Республикехь къоначу экологаша боккха тидам тIебохуьйту олхазарш Iалашдарна. Декабрь бутт болабелчахьана март бутт кхаччалц «Кормушка» цIе йолу дика гIуллакх дIадаьхьира цара. ХIора дийнахь олхазаршна кегий цIенош деш, царна яахIума луш, гIуллакх дина кху туьшан хьехархоша а, дешархоша а, – дерзийра шен къамел Нухигов Рамзана.

Цхьаьнакхетар чекхдаьллачул тIаьхьа, бераша Республикин эколого-биологически туьшана гуонах олхазаршна шаьш дина баннаш дIаоьхкира.

М.БАЙБАТЫРОВА

Суьрта тIехь: Республикин эколого-биологически туьшан дешархой

№39, еара, оханан (апрель) беттан  7-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: