ХIокху деношкахь Нажи-Юьртан районан Культурин цIийнехь дIабаьхьира районан куьйгалхойн а, юкъарадешаран школийн дешархойн дай-нанойн а юкъара гулам. Культурин ц1ийнан зала чохь гулбеллачу районерчу бахархошца цхьаьнакхета баьхкинера Нажи-Юьртан муниципальни районан куьйгалхо Селимханов Султан а, районан дешаран отделан заведующи Дециев Вахарсолта а, районан Дай-нанойн союзан председатель Тагиров Руслан а, районан дешаран отделан коьрта говзанча Зайналабдиева Асет а, Рагун-Казински юкъарадешаран школин Дай-нанойн комитетан председатель Висаитова Зина а. Оцу цхьаьнакхетаран Iалашо йовзийтира районан дешаран отделан заведующис Дециев Вахарсолтас:
– Хууш ма-хиллара, тIейогIуш ю пачхьалкхан юкъара экзамен д1аяла еза хан. Адамех доьзна долу муьлхха а х1ума санна, иза атта г1уллакх дац. Цул сов, и адамаш вайн кегийрхой хилар бахьана долуш, цхьана билггалчу новкъахь, дикка кечам бина д1адахьа дезаш г1уллакх а ду иза. Шуна а, вайна массарна а хезна а, хууш а ду стохка а Нохчийчохь ЕГЭ-н экзаменаш д1аялар лаккхарчу т1ег1ан т1ехь д1адаьхьна хилар а, вай долчохь ЕГЭ-н жам1аш духкуш, оьцуш цахилар а. Кхушара а 11-чу классан ЕГЭ а, 9-чу классан ГИА а д1аяларан г1уллакх шуьца дийцаре дан а, хила дезаш дерг шуьга д1ахаийта а, шуна хетачуьнга ладог1а а гулделла вай.
Нажи-Юьртан районехь 11-чу классан экзаменаш д1аяла езаш 561 дешархо ву, 9-чу классан экзаменаш д1аяла езаш 679 дешархо ву. 1240 дешархочунна экзаменаш д1аяла кечйина 4 ППЭ (экзаменаш д1аяларан пункт) ю. 11-чу классан экзаменаш д1аяла езарш д1атарбийр бу Галайтарчуй, Чуьрчу-Ирзерчуй, Айти-Махкарчуй юкъарадешаран школашкахь, ткъа 9-чу классан экзаменаш д1алур ю Энгинойн юкъарадешаран школехь. И меттигаш кечйина ю экзаменашна оьшуш долчу х1уманца, кхузахь бу мел оьшу г1ирсаш. Билгалбаьхна экзаменашкахь хир болу хьехархой, къепе ларъен болу районан чоьхьарчу г1уллакхийн отделан белхахой.
Гулбеллачу дай-нанойн юкъарчу лазамах дерг элира Байтарки-Юьртарчу юкъарадешаран школин Дай-нанойн советан председатела:
– Районан йистерчу ярташкара Симсарара, Байтаркера, иштта кхечу ярташкара а бераш экзаменашка схьадалор хала г1уллакх ду. Суна иза наха дийцина девзаш дац, со-суо кху масех шарахь оцу берашца д1аса воьдуш хуьлуш ву. Машен галъяларна, стохка оцу берех цхьаъ лаза а веш г1уллакх нисделла. Цундела оцу йистерчу ярташкарчу берашка экзаменаш д1аялийта мелла а уллерчу юьрташкахь ППЭ-ш яхка таро хир яцара-те аьлла, дехар дара цигарчу дай-нанойн.
Цунна жоп делира Дециевс:
– Вайн некъаш хала дуйла хууш ду массарна а. Стохка нисделларг а и бераш схьадалош вог1ург некъ бацбан г1ортар бахьана долуш нисделла дара. Мухха делахь а нисделларг нисделла даьлла. Вайн хьал хууш ду куьйгаллина а. Бакъду ППЭ йиллар алссам харж оьшуш г1уллакх ду. Цигахь керла г1ирсаш а, йийбар а, г1ишло а оьшу. Кхушара вайн йолчу таронашца чекхдаккхалур долуш г1уллакх иза цахиларна, вайн аьтто берриг а дина кхушара чекхдовла хьовса деза вай.
Гулбеллачу Дай-нанойн а г1айг1а яра шайн берийн:
– Нагахь экзамене схьавеъна а, и д1аяла чувахна а верг, я могуш воцуш хилла, я «давлени» хьалаяьлла, а иштта меттигаш а нисъелла, экзамен д1а ца ялалуш висча, х1ун дан деза? – бохучу хаттарна жоп делира Зайналабдиева Асета:
– Экзамен берийн психологина мелла а т1е1аткъам ца беш ца юьсу. Цхьацца верг х1ума ч1ог1а дагах кхеташ хуьлу, цхьацца верг мелла а х1ума атта ловш хуьлу. Ишттачу хьолехь нисделларг циггахь д1анисдан таро йолуш ду. Цигахь лоьраш а хуьлу, оьшу дарба дан таро йолуш. Иштта нисделла г1уллакх кхечу дийнахь экзамен д1аяла таро йолуш д1анисдан аьтто бу. Гулбеллачу бахархойн алссамчу хаттаршна жоьпаш а луш, гуламехь бистхиллачу Селимханов Султана а, Тагиров Руслана а билгалдаьккхира, берийн дахарехь дуьххьара нислуш долу, 10-11 шеран дешаран жам1дар, дийнна районна а юьхьк1ам безаш г1уллакх хилар. Цул сов, цо гойту берех доллург а, церан хьехархойн корматалла а, оцу коьртачу г1уллакхна берийн дас-нанас мел тидам бо а. Массо а аг1о тидаме оьцуш, вешан къоначу т1аьхьенан г1айг1а бан безар билгалдаьккхира гуламехь.
Т.САРАЛИЕВА
Авторан сурт
