Хьакъболлу лерам

Кху деношкахь доккха хазахетар хилира Гуьмсан районан Ойсхарарчу берийн исбаьхьаллин школехь. Районан куьйгалло, дуккха а шерашкахь кху школин директор хиллачу, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а культурин хьакъволчу белхахочун, суртдиллархочун, поэтан Ильясов Адаман цIе тиллина оцу школина.IMG-20160330-WA0013

Гуьмсехь дIадаьхьначу Культурин белхахочун де даздарехь, районан администрацин куьйгалхочо З.Хизриевс оцу сийлахьчу гIуллакхца декъалвира Ильясов а,  школин коллектив а. Сийлаллин грамоташ а, совгIаташ а делира.

Гуьмсан районан культурин отделан куьйгалхочо Р.Бабишевс дийцарехь, Ильясов Адам хьакъ вара шеца иштта лерам хила.  Цо дуккха а шераш дIаделла, шен хаарш а, зеделларг а ца кхоийна  кху юьртарчу а, районерчу а берийн кхоллараллин кхерч кху школехь кхуллуш. Цул сов, шен корматаллин къайленаш кху школин хьехархойн, дешархойн коллективца екъна ца Iаш, вайн республикехь а, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, Къилбаседа Кавказан кхийолчу республикашкахь а кхоллараллехула доттагIаллин уьйраш юзу суртдиллархочо.  Цунах лаьцна дийцира школин директора Магомедова Малкана:

– Тхуна чIогIа мехала гIуллакх дара тхайн хьехархочун, дуккха а шерашкахь кхузахь директоран болх бинчу, тIеман шераш дIадирзинчул тIаьхьа хIара школа денйинчу Ильясов Адаман цIе тиллар. Оха сатийсина  хилам бу хIара. Стагана хезаш, цунна там хир болу дешнаш алар, гIуллакх дар бусалба динехь товш ду. Адам говза художник а, корматаллин хьехархо а, цIена бусалба стаг а ву. Дукха къахьегна цо шен юьртара къона тIаьхье Даймехкан  патриоташ а, гIиллакх-оьздангаллехь а, ийманехь а, кхетош-кхиорехь. Тхо кхеташ ду, Адаман цIарах школа хилча, тхайна алссам декхарш тIекхеташ хиларх. Амма тхо кийча ду уьш кхочушдан. Цхьа лаам бу тхан: хIинццалц санна, цхьана а хIуманна юьстаха ца волуш, Адама тхоьца долу шен гергарло дIакхехьар. Шераша сихха, баккхийчеран могIаре иза ваьккхинехь а, цуьнан говзалла оьшу хьехьархошна а, кегийрхошна а. Дала аьтто бойла вайн массеран а.

Т.Саралиева    

№39, еара, оханан (апрель) беттан  7-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: