Премьер-лигин командашна юккъехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан рогIерчу 22-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шен цIахь «Ахмат-Арена» стадионан майданахь 2-чу апрелехь цхьаьнакхийтира Дагестанерчу «Анжица».
Дашна доцуш, дика ловзура хьеший. Хьалхарчу тайман 7-чу минотехь гол туьйхира цара. Серлонан табло тIе шен цIе дIаязъяйта аьтто баьлларг Лазич Дарко вара. Делахь а хIумма а боьхна бацара «Терекан» футболисташ. Матчан 11-чу минотехь счет дIанисъеш хьешийн кевна чу гол туьйхира Грозав Георгис. 26-чу минотехь кхин цхьа гол а туьйхира. Оцо дукха чIогIа самукъа даьккхина, тIараш детташ, маьхьарий хьоькхуш, йоккха гIовгIа яьккхинера хьовсархоша. Баккхийбера уьш шайна дукхаезачу «Терекан» футболистех. Цул тIаьхьа кхин а жигарадаьккхира хьешаша шайн ловзар. Майданан дайшна кхерамаш туьйсуш, кевна улло дукха хьийзара уьш. Эххар а шайн Iалашоне а кхечира, 44-чу минотехь майданан дайшна гол тохарца. Серлонан табло тIехь догуш 2:2 долуш, садаIа бахара футболисташ.
Берриге а хьовсархой «Терекан» футболисташ шовкъе бохуш бертахь мохь хьоькхуш, тIараш детташ бара. ХIораммо а мохь беттара «Гол еза». Церан дегнашна хазахетар а деш, шайх болу тешам кхитIе чIагI а беш, «Анжи» командин кевна чу гол туьйхира тIелатархочо Мбенг Аблома. Иштта, вайн командо толам боккхуш жамI 3:2 долуш дирзира ловзар. Карарчу хенахь турниран таблицехь «Терек», 38 очко а йолуш, 5-чу меттехь ю. Ткъа «Анжи», 15 очко а йолуш, тIаьхьарчу, 16-чу меттехь ю.
И.МАТАГОВ
№39, еара, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2016 шо