Iилманан дуьненахь шен цIе дика евзаш, воккха Iилманча хилла Дешериев Юнус. Хиллачу СССР-хь еххачу хенахь меттанийн политика билгалъечу Iилманчех цхьаъ хилла ву вайн махкахо. Цунна цхьа тоьшалла ду, 1962-чу шарахь дуьйна ша пенсе ваххалц, СССР-н Iилманийн академин президиумехь хиллачу СССР-н къаьмнийн меттанаш а, культураш а кхиоран комплексни гIуллакхашкахула йолчу Iилманан советан куьйгаллехь иза латтар. Амма Нохчийн мотт талларехь уггаре а бIаьрла лар йитинчех цхьаъ ву тахана вай вуьйцу Iилманча.
Дешериев Юнус вина 1918-чу шеран август беттан 18-чу дийнахь ТIехьа-МартантIехь. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Ростоверчу пачхьалкхан университетан рабфаке деша воьду кIант, I936-чу шарахь тIехдика дешарца иза чекх а йоккху. 1939-чу шарахь В.И.Ленинан цIарахчу Москварчу пачхьалкхан хьехархойн институте деша хIутту. Хаьржина говзалла «оьрсийн мотт, литература» яра. Хенал хьалха (деа шеран метта шина шарахь), экстерни кепара экзаменаш а луш, чекхйоккху институт. Кхузахь а тIехдика дешаро аспирантуре некъ баьстира цунна. Институто магорца СССР-н Iилманийн академин меттан Iилманан институтан аспирант хуьлу цунах I94I-чу шарахь. Амма кхиамца дIадоьдуш долу дешар (рабфак – институт – аспирантура) – юкъахдаьккхира Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабаларо. Могашаллица доьзна тIеман декхарех мукъавитина воллушехь, шен лаамца халкъан ополченин могIаршкахь тIаме хIутту Ю.Дешериев. Чов хилла, госпиталехь хиллачул тIаьхьа, гIуллакхдечу эскаре ца вахийтича, «Красная звезда», «Правда» газетийн тIеман корреспондент волуш, бIаьхаллин декхарш кхочушдира цо. Даймехкан тIеман орденца а, «Москва ларъярна» мидалца а билгалдаьхнера цуьнан бIаьхаллин хьуьнарш.
1942-чу шеран аьхка РСФСР-н Лакхарчу Совето Нохч-ГIалгIайчу хьажаво Юнус. Iилманан учрежденешкахь а, Нохч-ГIалгIайн радиокомитетан коьрта редактор волуш а белхаш бо цо. ХIетахь дуьйна а долийнера нохчийн къомана тIехь харц цIерш кхолларан гIуллакхаш. КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкоме а, Москва а кхоьхьуьйтуш хабарш дара, лаьмнийн ярташкахь советийн Iедална резабацарш ду, колхозаш дIасахецна, Кавказана герга гIертачу мостагIчун гIолоцуш бу бохуш. Вахар-вар мел хала хиллехь а, Бенахь а, ДаьргIахь а, лаьмнийн кхечу ярташкахь а хилира Ю.Дешериев, тIеман аренашкара хьал дуьйцуш, бахархошца цхьаьнакхетарш а хилира. Нохчийчоьнан лаьмнашкарчу ярташкахь долчу хьолах дуьйцурш цхьа а бух боцуш хилар хаийтира цо обкомехь. Ткъа кхуьнга шега обкомехь белхан меттиг кховдийра, амма Юнусна аспирантура а, Iилманан болх а бита ца лиира.
Йоццачу хенахь цIахь болх бинчул тIаьхьа, шена герга хиллачу институте юхавирзира Юнус. ТIеман хьелашкахь Iилманан болх бар цуьрриг атта ца хиллехь а, Ю.Дешериевс, мало ца еш, къахьоьгура Iилманийн кандидатан диссертаци тIехь. Амма кхин а хала зиэраш хьалха хиллера.
1944-чу шо. Февралан 23-чу дийнахь, бехк-гуьнахь доцуш, махках боху нохчий, гIалгIай. Ши-кхо бутт баьллачул тIаьхьа, шен доттагIчуьнгара Гайрбеков Муслимера а, гергарчаьргара а Юккъерчу Азера кехаташ даьхкича хаьа Юнусна шен къам дIакхалхорах долу къаьхьа бакъдерг. Цхьана юкъана оцу хиллачо хьере вой лела. ХIетахь дуьйна аспирантура а, Iилманан болх а шолгIачу меттехь хуьлу, шен халкъана хIун гIо дийр дара бохучо дIалоцу ерриге ойла а, кхетам а. Кхалхоза висинехь а, цуьнан Iаткъам кхунна шена а хаабелира. Цкъа, Гуьржийн махкара Iилманан командировкера юхавирзича, шен хIусам кхечу наха дIалаьцна карийра кхунна. И хIун ду аьлла, тIаьхьаваьлча, Москвара аравала 24 сахьт хан елира. Ша аспирант хиллачу институтан директор, академик И.И.Мещанинов а, директоран заместитель, профессор В.А.Петросян а орцахвалар бахьанехь висира хIара аспирантурехь а. Оцу хьелашкахь Iилманан болх жигарабаккхарехь лоьхура цо тIебоьссинчу балина синтем.
1946-чу шарахь Iилманан талламашца доьзна (кандидатан диссертацин тема бацойн мотт талларна лерина яра) юха а Гуьржийчу воьдуш, и шена мел кхераме хиллехь а, Соьлжа-ГIалахь охьа а воьссина, кхузара дIа ТIехьа-МартантIе кхаччалц йолчу ярташкахула чекхвелира Юнус. ХIетахь шен йоьхна ойла дика гайтина цо «Боданашкахь а, къийсамехь а чекхдаьлла дахар» книги тIехь. Цкъацкъа ойла хуьлура, дерриге дIа тесна, Юккъерчу Азе гергарчарна тIеваха бохуш, яздо цо цу книги тIехь. ХIетте а цуьнан ницкъ тоьира Iилманан новкъахь юьхьарлаьцначу Iалашоне кхача. 1946-чу шарахь Ю.Дешериевс кхиамца чIагIйо филологин Iилманийн кандидатан диссертаци. 1947-чу шеран январь беттан 10-чу дийнахь СССР-н Iилманийн академин меттан Iилманан институтан кавказски меттанийн секторе балха дIаоьцу Юнус (лахарчу Iилманан белхахочун даржехь). Институтан куьйгаллина кхуьнгахь Iилманчин доккха похIма гар дара иза, баккъал а хиндерг долу Iилманча бен оцу институте балха оьцуш а вацара.
Шен дуьххьарлера алапа, цхьа етт эццал вовшах а тоьхна (ша ца юуш, ца юхуш Iийна а) Юккъерчу Азерчу шен гергарчарна дахьийтира кхуо (цаьргара хала хьал хууш). ТIехьамартанхоша хIинц-хIинццалц баркаллица дуьйцу бохура, Юнуса эцийтинчу атто хийла бер мацаллин багара даьккхира бохуш.
1953-чу шарахь Ю.Дешериевс арахоьцу «Бацойн мотт» («Бацбийский язык») монографи. 1954-чу шарахь оцу монографин буха тIехь чIагIйо филологин Iилманийн докторан диссертаци. Нохчашна, гIалгIашна юкъахь дуьххьара Iилманийн докторан диссертаци чIагIъяр дара иза.
Iилманчин цIе шуьйра йовза йолало, ша болх бечу институтехь тоьллачу говзанчех цхьаъ хуьлий дIахIутту Юнус. Цундела ларамаза дацара I954-чу шарахь зорбане яккха кечъечу Йоккхачу Советски Энциклопедин «СССР» статьян «Бахархой» («Население»), «СССР-н къаьмнийн меттанаш» («Языки народов СССР») дакъойх шена хетарг («Отзыв») алар издательствос кхуьнга дехар. Шена хетарг КПСС-н ЦК-н Хьалхарчу секретаран Н.С.Хрущевн цIарах яздира Ю.Дешериевс. Иза хууш дина хIума дара. Издательствон цIарах яздарх хийцадала хIума доций а, шена хетарг Н.С.Хрущевна довзийта издательствон белхахой хIуьттур боций а хаьара. Кхалхийначу къаьмнийн а, церан меттанийн а цIерш зорбанехь хьахор а дихкина зама яра иза. Шен «отзывехь» цо яздора: «Статьян и ши дакъа доьшуш, цхьана хIуманна тIе тидам ца бохуьйтийла яц: «Национальный состав населения» аьлла №2 йолчу таблицехь 9-чу агIон тIехь хьахийна ду 350 стагах лаьтташ долу алеуты, I50 стагах лаьтташ долу ороки къаьмнаш, амма хьаххоне а хьахош дац иттаннаш, бIеннаш эзарнаш барамехь долу цхьадолу къаьмнаш а, церан меттанаш а (масала, балкхарой, гIалгIай, кхарачой, гIалмакхой, нохчий…). Хаттар хIутту, мичахь ду и къаьмнаш, СССР-н лаьтта тIехь дан а дуй уьш?». ХIетахь иштта яздан доьналла оьшура. Цо кхин цкъа а гойту Ю.Дешериевна шен цIарал а, шен белхан меттиг ларъярал а деза халкъан цIе меттахIоттор хилар. Оцу доьналлин гIулчан тIаьхье беркате хилира. Йоккхачу Энциклопедин кхитIе йолу 51 том арахийцира, шена тIехь кхалхийначу къаьмнех а, церан меттанех а буьззина хаамаш а болуш. ХIетахь дуьйна доладелира оцу меттанашкахь радиопередачаш яр а, газеташ арахецар а. Ткъа Ю.Дешериевга шега КПСС-н ЦК-ра хаам кхечира, бехк-гуьнахь доцуш къаьмнаш кхалхор дIадахьарх а, кхалхийначохь цаьргахь долчу хьолах а лаьцна дуьйцуш, Н.С.Хрущевн цIарах кехат яздар доьхуш.
Цо и тIедиллар боккхачу лаамца кхочуш а дира.
1956-чу шеран 1
+2-чу июнехь нохч-гIалгIайн къоман делегаци (Ш.Зязиков, А.Тайсумов, М.Шатаев, А.Гайсумов, Х.Муталиев, А.Саидов, И.Базоркин, Р.Халиев, Х.Хаматханов, А.Матаев, С.Таштиев, А.Ташухаджиева, Ю.Дешериев) цхьаьнакхийтира СССР-н Министрийн Советан Председателан хьалхарчу заместительца А.И.Микоянца. Къоман цIарах СССР-н куьйгалле кечбина кхайкхам дIабала а, къоман лаам дIабовзийта а таро хилира делегацин декъашхойн. Кхайкхам кечбарехь а, делегаци вовшахтохарехь а уггаре а жигара дакъалаьцначарех вара Дешериев Юнус. Цул тIаьхьа дукха хан ялале, I957-чу шеран 9-чу январехь, Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указ делира. Ю.Дешериевна уггаре а деза хетачу денойх хилла дисира и де. Шен ницкъ кхочург дерриге а динера цо иштта хилийта. Ларамаза дац Юнусан Iилманан дахаран уггаре а эвсаралле шераш цул тIаьхьарчу 60–70-чуй шерашна кхачар. ХIинца са паргIат вара иза.
I958-чу шарахь цо зорбане йоккху «СССР-н къаьмнийн тIаьхьий бен йоза ца хиллачу меттанийн кхиар» («Развитие младописьменных языков народов СССР»), I959-чу шарахь арахоьцу «Хиналугски меттан грамматика» монографи, ткъа I96I-чу шарахь «Вайзаманан нохчийн литературни меттан фонетика» монографи.
I963-чу шарахь зорбане белира цуьнан белхашлахь коьртачех цхьаъ ларалуш болу Iилманан болх: «Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов». Оцу балхах лаьцна иштта яздо шен цхьана статьяхь филологин Iилманийн доктора, профессора В.Тимаевс: «Нахски меттанийн истори толлуш дукха кIорге йолуш бина болх бу иза. Цо чулоцу оцу меттанийн дерриге а тIегIанаш: фонетика, лексика, морфологи. Тахана а и меттанаш талларехь бинчу белхех уггаре а мехалчех хилла буьсуш бу иза. Шен фундаментальни балха тIехь Iилманчас гайтина нахски меттанийн структура. Кавказски меттанийн цхьана а тобанан яц оцу кепара дустаран-исторически грамматика, оцу декъехь хьалхара вара Ю.Дешериев».
I968-чу шарахь цуьнан куьйгаллица арахийцира пхеа томехь боккха болх: «СССР-н къаьмнийн меттанаш». И болх барна СССР-н Iилманийн академин президиуман совгIатан лауреат хилира Ю.Дешериевх.
Дуьненна а вовзар деара Iилманчина I977-чу шарахь араяьллачу «Социальни лингвистика» книга араяларо. Нийсса аьлча, меттан Iилманехь керлачу некъана – социальни лингвистикина – теоритически бух биллар хилира оцу балхах.
Берриге а 350 сов Iилманан белхан автор хилла Дешериев Юнус.
Билггал а похIме Iилманча хиларал сов, Iилманийн дуьненахь иза вевзара Iилманан дика вовшахтохархо санна а. I956-чу шарахь дуьйна СССР-н Iилманийн академин меттан Iилманан институтан директоран Iилманан декъехула заместитель лаьттира Ю.Дешериев. I962-чу шарахь, оха юьххехь билгалдаьккхина ма-хиллара, СССР-н Iилманийн академин президиумехь йолчу СССР-н къаьмнийн культураш, меттанаш кхиоран Iилманан Советан куьйгалхо чIагIвира Юнус. Киевехь, Вильнюсехь, Казанехь, Уфахь, Махачкалахь, Нальчикехь, Соьлжа-ГIалахь, Москвахь, Ашхабадехь, Алма-Атахь, Кишиневехь, Прагехь (Чехословаки), Берлинехь (Германи), Торонтохь (Канада), Варнехь (Болгари), Парижехь (Франци), кхечу гIаланашкахь къаьмнийн меттанаш талларан гIуллакхашкахула дIаяьхьначу ерригсоюзни а, дуьненаюкъарчу а Iилманан-практикин конференцийн, симпозиумийн жигара дакъалацархо а, вовшахтохархо а хилла Юнус. Цуьнан куьйгаллица арахецна Iилманан юкъара иттаннаш гуларш («СССР къаьмнийн меттанаш» пхеа томехь, «Советийн заманахь литературни меттанаш кхиаран закономерносташ» еа выпускехь, «Кхуьуш йолчу пачхьалкхийн социолингвистически проблемаш», «Iилманан-технически революци а, дуьненан меттанаш а гIуллакхдар а», иштта кхин а).
Iилманчех олу дош дуьззина хир дац кхин цхьаъ а ца хьахийча – Москвара цуьнан хIусам хийла нохчичунна меттамотт хилла лаьттира. Иза волчохь соцура эскарера мукъа ваьккхина вогIу эпсар а, деша хIоьттина къона аспирант а, белхан гIуллакхашна Москва веана Iедалан белхахо а, журналист а. Царах цхьаъ яра филологин Iилманийн доктор, профессор Навразова Хьава.
Цо дуьйцу: «Москвахь ас доьшучу хенахь дукха листина со Юнусан Москварчу хIусаме. Цуьнан хIусамнана Дешериева Тамара сан Iилманийн кандидатан диссертацин оппонент яра. Квартира йоккха, кхаа чоьнах лаьтташ яра. Бакъду, хIора чоь библиотека ю моьттур долуш, книгех дIаюьзна яра. ХIусамнана оьрсийн къомах яра аьлла доцуш, квартирин сени чоьхьа ваьлча, нохчийн кхачанан хьожа хуьлура етталуш. Суна чIогIа безам хетара и сурт. Москвахь цхьа шатайпа хьоме хеташ хилла чIепалгаш а, жижиг-галнаш а. Уггаре а цаьргахь суна дукхаезаелла амал церан комаьршалла яра. Юнус, Тамара, веанарг вилла-вахьа меттиг йоцуш, каде хьаьвзара шайна тIе, гIо оьшуш, Нохчийчуьра студент, аспирант, журналист воьссича. Со цкъа а ца оьшу хьаша ца хийтира суна цаьргахь. Куралла йоцуш, цхьа тамашийна дика дегнаш долуш нах бара уьш». Iилманийн кандидатан, докторан диссертацеш чIагIъярехь Ю.Дешериевгара гIо хилларш-м иттаннаш бара.
Ткъа Iилманчех долу хIара къамел лакхахь цIе яьккхинчу Тимаев Вахин дешнашца дерзо лаьа: «40 шарахь сов цуьнца цхьаьнаветтаваларх, цкъа а Юнус оьгIазвахана, чIогIа вистхуьлуш, ца вайна суна, адамашца гуттар а велавелла, векхавелла хуьлура, цуьнгара гIиллакх доккхур дацара. Оцу дешнийн дуьззинчу маьIнехь шен мехкан хьанал Гражданин а, воккха Iилманча а, похIме Хьехархо а вара Дешериев Юнус. Иза санначех аьлла хета «Нана-латта! Наггахь и санна адамаш ахь кхуллуш ца хилча, хедар дар-кха дахар а дуьненахь».
Хь.АБОЛХАНОВ
№39, еара, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2016 шо