Де-дийне даларца чIагIлуш ю Кишин Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин исламан университетан мутаIаламийн а, республикерчу лакхарчу дешаран заведенийн студентийн а вовшашца йолу уьйр-марзонаш. Цунна доккха гIо до оцу университетийн куьйгалхоша церан кест-кеста цхьаьнакхетарш вовшахтухуш хиларо а, вовшашка хьошалгIа кхойкхуш хиларо а, оцу цхьаьнакхетаршкахь кегийрхошна а, мехкаршна а мехала хьехамаш беш хиларо а.
Иштта, хIокху деношкахь рогIера цхьаьнакхетар хилира Нохчийн пачхьалкхан университетехь. Цигарчу студенташна хьехам бан ваханера исламан университетан «ШариIатан Iилманаш» факультетан 5-чу курсан ши мутаIелам: Исаев Эльман а, Ахматов Ихван а. Церан хьехамаш, коьртачу декъана, гIийбат дарх а, бухтан дарх а лардала дезаш хиларх лаьцна бара.
Адамаша, Iеламнаха чIагIдарехь, дукхах долу къинош маттаца латош ду. Сийлахьчу Къуръанехь а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисашкахь а магош дац адамашна тIехьашха лер, доцург дийцар, эладитанаш даржор.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вайга мотт ларбе баьхна, эрна хабар ма дийца баьхна. ХIунда аьлча, вай аьллачу хIора дашах Къематдийнахь жоп дала дезар ду. Цундела, доцург дуьйцуш гIийбат дан мегар дац. Стагах дерг а дийца ца маггийна вайна, иза воцчохь.
Цунах лаьцна хьехам бечу хенахь Э.Исаевс а, И.Ахматовс а Къуръана тIера аяташ а, сураташ а даладора, церан маьIнаш а дохура. Оцо къаьсттина боккха Iаткъам бора цаьрга леррина ладугIуш болчу мехкаршна а, кегийрхошна а ойла йойтура дахарехь шаьш дечун а, шайна денна гуш долчун а. Ма-дарра аьлча ойла ян а, маьIна даккха хIума а вайна хIора дийнахь алссам гуш ду.
Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен цхьана хьадисехь аьлла: «АллахIах а, Къематдийнах а тешаш волчо бакъдерг, диканиг дуьйцийла я вист ца хуьлуш Iойла: «Дерригенах а кхетош ду и хьадис. Везачу Дала Ша бохучунна тIехь нисдойла вай дерриге а.
Цхьаьнакхетар чекхдолуш Нохчийн пачхьалкхан университетан студенташа а, хьехархоша а даггара баркалла, Дела реза хуьлда элира шайна хьехам бинчу шина мутаIеламна. Цара билгалдаьккхира шайна оцу хьехамо дуккха а керла хIума довзийтина хилар а, шаьш лелочун ойла яйтина хилар а.
С.ХАМЗАТОВ
№39, еара, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2016 шо