Цхьана юьртахь чIогIа бертахь дехаш-Iаш хилла зудий-цIийндай. Шен догдикаллица юьртахь хьовха, ерриге а кIоштахь а, цIе яхана хилла зуда. ГIиллакхе, оьзда, эхь-ийман долуш, къинхетаме, цо цхьа а вуьтуш ца хилла, гIо эшча, орцах ца йолуш.
Цхьана суьйранна чIогIа кIадвелла-гIелвелла, йол хьакха ваханчуьра цIа кхаьчначу цIийндас, хьогалла яйъа хин чами бехна.
Сени чуьра хи а дохьуш схьаеача, ша хиъна Iаччохь наб кхетта Iаш карийна цунна шен цIийнда. ХIинца-тIаккха самавер ву-кх хIара бохуш, хин чами а лаьцна, цунна тIехIоьттина сахилийтина зудчо.
Мацца а ша самаваьлча, тIехIоьттина лаьтташ хин чамица зуда гича, цецваьлла висина цIийнда.
– ЭхI, хьо юьхьIаьржо яI-кха! Цхьажимма наб озийна хилла-кх суна, – олуш, корта ластийна цо, набаран тар дIаэккхош. ТIаккха, чами а керахь юххехь лаьттачу зудчух бIаьрг кхетча, воьхна хьаьвзина цIийнда:
– Ванах, зуда, ахь хIун леладо? Ас хи дан аьллера хьоьга? – хаьттина цо.
– Селхана маьркIажехь, хьуо чукхачарций, хи дийхира ахь. Со хин чами а бохьуш чуяле, наб озийнера хьуна.
– Са хилла, ткъа, вайна?
– ХIаъ. Сама ма-веллинехь, хьогалла яйъа луур ду-кх хьуна, бохуш, юххера дIа ца йолуш лаьттара со. ЧIогIа гIелвелла веанера хьо цIа.
– ЭхI, велла вала со, хьуна хьалха ма юьхьIаьржа ву-кх со! Вуьшта, суна дика-м хьо даима хиллера. ХIан-хIа, и дуьйцур дац вай. Вуьшта, ас сайгара ялийтинчу ледарлонна къинтIера яккхархьама, хIун дика болх биэ ас хьуна? Хьо къинтIера ца ялахь, вижа каш хир дац-кха суна. Я со суо а вер вац сайна къинтIера. Гечъехьа соьгара яьлла ледарло! – дехар дина цIийндас. – Ас Делан цIарах чIагIо ма йо: хьо къинтIера ца ялахь, хIокху дуьнен чохь сапаргIат хир ма вац со.
– Ас динарг-м доккха хIума дацара. Делаца чIагIо а еш, со къинтIера ца ялахь, хьуо хьайна къинтIера вер вац ахь бохуш хилча, хьоьга цхьа дехар-м хир дара сан, – аьлла зудчо.
– Ахь боххург дан кийча ву-кх со, нагахь санна сан ницкъ кхочур болу дехар иза делахь. Схьаалахьа, хIун дехар ду иза?
– Башха хала дехар а дац иза-м, – зуда ойлане сацаелла.
– Хьайн десара схьаала сихха, сан дог эккхаш доллу-кх!
ТIаккха зудчо аьлла:
– Баккъал а суна дика болх бан лууш хьо велахь, цIе а тасий, дIаяхийтахьа со.
И дешнаш шена хезча, цец-акъваьлла, бIаьргаш хье тIе девллачохь висина цIийнда.
– Ахь…ахь бохург хIун ду?! Бегаш ма бехьа. Ас-м баккъал доьхий хьоьга, – хIоккхул цхьаьна хан йоккхуш, ур-атталл, гома хьаьжна а вовшашна халахетар дина цахиларна, цо бохург тIе ца лоцура цIийнден даго.
– Ас баккъал а, даггара а доьху хьоьга, цIе а тасий, паргIат йита со, – шен лаам чIагIбелла баьлла хилар тIечIагIдира зудчо.
– Хаац…хаац…– воьхна хьаьвзира цIийнда. Эххар цхьанна тIевеара иза:
– Ас сийсара дуьххьара ялийтина хир яц сайгара ледарло. Дерриге а ловш, халахетарш хьайн кийрахь лоьIуш таханене схьаеана хьо. ХIинца хьан собар кхачийначух тера ду. Иза кийрара тIехъэха доьлла хьан.
Жимма соцунгIа а хилла:
– Ирх-пурх, зуда, хьо хьайчунна тIера йолуш ца хилча, цхьаъ дийр ду вайшимма. Вайша…вайша къедина тIегIур ду вайшиннан юкъаметтиг къастаяйта. Цо нийса кхиэл йийр ю, аьлла хета суна.
Оцу тIехь барт тайна цу шиннан.
БIаьргашна чу бода а беана, некъ а ца гуш, вогIу цIийнда, цIеххьана, тасалуш, охьакхетта, настаран дукъ а кагдеш.
ТIехьаьдда цунна зуда. Амма важа хьалагIатталуш ца хилла.
– Кхин а цкъа юьхьIаьржа хIоьтти-кх, зуда, со хьуна хьалха. Цхьа ворда мукъана тIаьхьа кхиахьара вайшинна. ХIун дийр дара-те кху балхана? – воьхна хьаьвзина цIийнда, зудчуьнга хаттаре дIа а хьожуш.
– Кхин дIадаха оьшуш дац. Хьуна Веза-Воккхачу Дала маршалла дойла! – аьлла зудчо.
– Муха оьшуш дац? – цецваьлла цIийнда. Къедас нийса къастор ду вайшиннан гIуллакх аьлла, ма чIогIа тешна вар-кха со.
– Ас сайн дош юха оьцу.
– Со лазор бахьанеххьий?
– ХIан-хIа, цуьнан бахьана кхин ду, – аьлла зудчо. ТIаккха цо цIийндега дийцина:
– Суна хьо вевзичахьана, цкъа а цамгар хьакхаелла яцара хьох. Ур-аттала, цIазапIелг хадийна а ца лазийнера хьо. Со кхераеллера Веза-Воккхачу АллахIана вицвелла-м вац-те хьо, аьлла. Цунна вицвеллачу стагаца цхьана тхов кIел Iер-яхар доккха къилахь хийтира суна. Амма Цо хьо вицвина ца хиллера. Нагахь санна Цунна дагахь хьо ца хиллехьара, вайша къедина тIе доьдуш, Цо цунна тIе а кхачор дара, ткъа къедас вовшах а доккхур дара, – олуш, цIийнден пхьаьрсан кIелдIашхула куьг чекх а даьккхина, цуьнан гIортор а хилла, цIехьа йолаелла зуда.
ШАЙХИЕВ Iалвади
№39, еара, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2016 шо