Хьеший тIеэцарна кечамбо
МАЙКОП. Кху шарахь республике богIун болчу дозанал арахьарчу туристийн барам дикка алсамбаккха декхар хIоттийна шайна хьалха Адыгейхь. Оцу Iалашонца цигарчу векалша дакъалецира Москвахь хиллачу дуьненаюкъарчу гайтамашкахь. Регионан таронаш йовзийтарца цхьаьна цара барташ бира уггаре а хьалха Чиница, Ливанца, Иранца цхьаьнагIуллакхаш деш йолчу ялх турфирмица. Цул совнаха, цхьана болх бан шайн хьашт хилар гайтира фински туристски Futurist компанис а, Мароккон Royal Holidays компанин оператора а. Ткъа гайтаман жамIаш деш «Россин регионан тоьлла стенд» аьлла совгIат дира.
ХIора шарахь республике богIуш болчу туристийн барам алсамбаларца а, церан хьашташ дуьззина кхочушдан дезаш хиларца а доьзна Адыгейн пачхьалкхан университетан социальни технологийн а, туризман а факультетехь вовшахтуьйхира экскурсоводаш кечбар.
Хьалхарчу тобанна юкъавахара ткъе итт шаре кхаччалц хенаш йолу 14 стаг – студенташ, мохк таллархой, туризман декъехь болх бан лууш берш. Практикин, теорин занятешкахь царна корматалла караерзо гIо деш бара университетан хьехархой, Iилманчаш, туризман декъан говзанчаш, музейн белхахой. ХIокху деношкахь царна дIаделла леррина курсаш чекхъяхаран хьокъехь долу тоьшаллаш а, сертификаташ а.
Гунибехь – керла больница
МАХАЧКАЛА. ХIокху деношкахь Дагестанан Правительствон Председатела Гамидов Абдусамада Гунибехь даздаран хьолехь схьайиллира 120 меттигна лерина йолу керла больница. Цо иштта регионан куьйгалхочун цIарах коллективана совгIат дира спортан залана оьшуш болчу гIирсашца, ткъа шеггара телевизор елира.
Районан дарбалелоран учреждени кечйина кхузаманан лехамашна жоп луш болчу медицинин а, гIоьналлин а тоьллачу гIирсашца. Аьлча а, чохь дерриге а хьелаш ду дархойн хьакъ ма-дду Iуналла дан, церан могашалла тоян. Болуш бу кхузахь лаккхарчу корматаллин, шайн гIуллакх даггара дезаш, адамех дог лозуш болу лоьраш, медйижарий.
Ялх отделени ю больницехь: хирургин, уьнан цамгарийн, терапин, бераш даран, берийн, реанимацин. Учреждени еш 322 миллион соьман барамехь долчу ахчанах харж йина, шена юкъахь федеральни бюджетера 270 миллион сом а долуш.
Билгалдаккха догIу тIаьхьарчу кхаа шарахь республикехь дарбалелоран ейтта объект йина хилар.
Башха операци
СТАВРОПОЛЬ. Регионехь дуьххьара дагна шатайпа операци йира меттигерчу кардиологин диспансеран лоьраша. Билгалдаккха деза иштта операцеш Россин кхаа клиникехь бен еш цахилар. Цу тIехь шен хьехамашца гIодира Санкт-Петербургерчу хирурго.
Керлачу технологица операци еш таро хуьлу дархочун дегIа тIехь даьккхинчу жимачу Iуьргахула катетерш даг тIе а кхачийна, дан дезарг дан. Экрана тIехь гуш хуьлу еш йолу рентген а, даг чохь йоккхуш йолу УЗИ а. Операцин башхалла йоллу иза йинчу шолгIачу дийнахь дархочун шен цIа ваха йиш хиларехь, клиникехь хIинццалц санна ехха хан а ца йоккхуш.
Кегийрхой юьстах ца лаьтта
НАЛЬЧИК. «Кегийрхоша тидамехь латтадо! ЦIийн тIадамо дахар лардо!» аьлла шатайпана социальни акци дIаяьхьира ГIебартойн-Балкхаройн Республикин коьртачу шахьаран физически культурин, спортан, кегийрхойн гIуллакхийн урхалло а, меттигерчу Парламентехь йолчу кегийрхойн палатин декъашхоша а. Цуьнан коьрта Iалашо яра кегийрхошна юкъахь донорийн гIуллакхаш довзийтар а, цаьрга шайн могашалла ларъяре кхайкхар а.
Акци дIаяьхьира регионан могашалла Iалашъяран министерствон цIий дIадаларан станцехь. Дакъалоцуш бара кегийрхойн кхеташонийн векалш, лаккхарчу а, корматаллин юккъерчу а дешаран заведенийн студенташ, дешархой, юкъараллин цхьаьнакхетараллийн куьйгалхой – верриге а 70 стаг.
Къаьсттина йоккха жигаралла гайтира кооперацин, экономикин, бакъонан Белгородски университетан филиал йолчу Нальчикан кооперацин институтан коллективо. Оцу дийнахь шайн студенташца цхьаьна цIий дIаделира вузвн хьехархоша а.
Полякийн юкъараллин – 15 шо
ВЛАДИКАВКАЗ. ГIалин историн музейхь сахьабиллина Польски культурин гайтам. Экспозици лерина ю полякийн меттигера къоман-культурин «Полония» аьлла юкъаралла йиллина I5 шо кхачарна. Кхузахь хьовсархойн кхиэле дехкина тир яьккхина суьрташ, куьйга йина къоман хатI гойтуш йолу тайп-тайпана хIуманаш. ЛадогIа йиш ю къоман музыкин композицешка, стихашка.
Юкъараллин председатела Зеленская Вероникас дийцарехь, цхьана хенахь гIалахь бехаш дуккха а бара полякаш. Тайп-тайпана дара уьш хIирийн махка кхачаран бахьанаш. ДуьххьалдIа тхан организацехь 200 сов стаг вара. Кхечу къаьмнийн векалшца уьш бертахь бехаш хиларна тоьшалла дара юкъараллин I5 шо кхачарца полякаш декъалбан республикехь дехаш долчу къаьмнийн ерриге а юкъараллийн векалш баьхкина хилла хилар.
Дика бинчу кечамца
ЧЕРКЕССК. Хьалхарчу апрелехь дуьйна Кхарачойн-Чергазийн Республикин ерриге а ярташкахь, гIаланашкахь дIакхайкхийна садаIаран юкъараллин меттигаш, урамаш, ков-керташ цIанъяран а, хазъеш-тояран а бутт. Пачхьенан пресс-службо бечу хаамца оцу балхахь дакъалоцуш хир ду дуьххьалдIа цхьана гIалара иттаннаш эзарнаш адамаш: шайн долахь долчу цIенойн а, квартирийн а бахархой, предприятийн, юкъараллин организацийн, урхалла даран компанийн векалш, гIалин бахархой балха нисбаран туьшехь хьесапе эцна болу белхазхой.
ЦIано яран бутт болабелчахьана цо лелочу маьIнех лаьцна кхеторан болх дIаболийна урхалла даран «ЖЭУ», «Хьалхара ЖКУ», «Глобус», «Черкесскан УЖКХ» аьлла йолчу компанийн, хIусамийн кооперативийн, хIусамийн долахойн векалша.
Хьена ду тоьлла уьстагIий?
ЭЛИСТА. Цунах дерг къастор ду ГIалмакхойн Республикин коьртачу гIалахь дIахьон болчу дикачу хIуьнан уьстагIийн Россин XVIII-чу гайтамехь. Регионан Правительствос дакъа а лоцуш, дIабахьа билгалдина иза Россин юьртан бахаман министерствос. Шаьш цигахь дакъалоцург хиларан хьокъехь хаийтина мехкан 20 регионан АПК-н урхаллин органийн а, Iилманан, ветеринарни, зоотехнически кхачояран, уьстагIий кхабаран, тIаргIанах а, жижигах а гIуллакх даран декъехь юьртабахаман сурсаташ кхиош а, гулдеш а болчаьрца цхьаьна гIуллакхаш дечу организацийн а векалша, Россин дикачу хIух долу уьстагIий лелоран а, гезарийлелоран а бахамийн куьйгалхоша, коьртачу зоотехникаша, селекционераша, хьалхелелочу жаIуша.
Цигахь гайта билгалдеш ду 22 хIух долу уьстагIий, шина хIух йолу гезарий, жаIуйн тешаме гIоьнчий долу келпи хIух долу жIаьлеш. Иштта схьахаийтина тоьллачу уьстагIийн аукцион дIахьуриг хилар а. Гайтаман гурашкахь вовшахтоьхна хир ю кхузаманахьлерчу хьелашкахь уьстагIий а, гезарий а кхиоран гIуллакхашна лерина йолу Iилманан-производственни конференцеш.
Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ
№39, еара, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2016 шо