ХIусамашца кхачояр кхачаме лерина

     Пачхьалкхан программаш кхочушъяран эвсараллин маххадоран кепашца догIуш, Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствос пачхьалкхан «Нохчийн Республикин бахархошна дика а, лахарчу мехах а йолчу хIусамашца а, хIусамийн-коммунальни бахаман хьашташца а кхачояр» программа 2015-чу шарахь кхочушъяран жамIашдаран декъехь оцу программин Iалашонашка кхачаран мах хадийна.067

    Билгалъяьккхина программа кхочушъяран жамIаш, хIиттийна хиллачу Iалашонашца дуьстича, бIе проценте кхаьчна. Оцу программин декъехь Нохчийн Республикин бахархойн хIусамийн хьелаш тодарна а, хIусамийн-коммунальни хьашташца кхачояран эвсаралла лакхаяккхарна а лерина 7 подпрограмма кхочушйина.

Кхочушйинчу подпрограммийн экономикин а, социальни а коьрта гайтамаш хIокху терахьашкахь гуш бу:

– ширачу хIусамашкара бахархой дIакхалхоран подпрограммин декъехь 2015-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь ворхI-ворхI гIат долу кхо цIа дина (церан юкъара барам – 10,4 эзар кв.м.), оцу цIенош чу ширачу хIусамашкара 556 вахархо дIакхелхина;

– билгалъяьккхина а, кхочушъеш а ю Нохчийн Республикин дукха петарш йолчу цIеношна капитальни ремонт яран регионан программа. 2015-чу шарахь Веданан, Шелковски, Шуьйтан районашкахь 15 цIенна капитальни ремонт йина. Тойинчу хIусамийн юкъара барам 7 085 кв.м. бу;

– федеральни Iалашонан «Россин Къилба (2014–2020-гIа шераш)» программин декъехь 2015-чу шарахь Веданан районехь хица кхачояран системин гIишлошъяран-меттахIотторан белхаш дIабаьхьна (хи схьаоьцучу гIирсийн нуьцкъалла – 560 куб.м., хи дIадоьдучу сетийн йохалла – 72,1 км);

– Нохчийн Республикин социальни объекташ (школаш, больницаш) сейсмологин декъехь (Iаламан хиламашца доьзна кхераме хьелаш нислахь а) чIагIъярехула белхаш бу дIахьош, керла (кхитIе) корпусаш ю еш, уьш бахьанехь объектийн нуьцкъалла лакхайолу. 2015-чу шарахь цу тайпа белхаш дIабахьарца чIагIйина Соьлжа-ГIалара а, Хьалха-Мартан районера а ши школа а, иштта, Соьлжа-ГIалин №6 йолу поликлиника а;

– юкъаяьккхина а, кхочушъеш а ю «Россин доьзална – хIусам» подпрограмма. Иза кхочушъяран декъехь юкъара барам 117 876 кв.м. а болуш, лаьттан 5 дакъа къастийна, хIусамийн комплексаш ян йолийна (церан юкъара барам – 58 725 кв.м.), царна чохь хир ю лахарчу мехах юхкур йолу хIусамаш (848 петар);

– кхидIа а дIадаьхьна къоначу доьзалшна хIусамаш эцарна лерина субсидеш далар а (2015-чу шарахь 6 къоначу доьзална субсидеш делла), къаьсстинчу категорешна юкъабогIучу бахархошна хIусамийн сертификаташ далар а (оццу шарахь 9 сертификат делла);

– Нохчийн Республикин (чохь нах Iаш болу) цIенош гуьйренан-Iаьнан муьрана кечдаран декъехь тхевнашна ремонташ а йина, кораш-неIарш а тодина, гIишлойн ларми чу волу меттигаш а тойина, цIенойн чоьхьарчу цхьайолчу меттигашкахь инженерни коммуникацеш (серий, биргIанаш, и. дI.кх.) хийцина. И белхаш дIабаьхьначул тIаьхьа Нохчийн Республикин хица, йовхонца кхачояран а, хи арадаккхаран а объекташ, юкъара ца йовлуш, дика болх беш ю.

Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствос 2015-чу шарахь пачхьалкхан «Нохчийн Республикин бахархошна дика а, лахарчу мехах а йолчу хIусамашца а, хIусамийн-коммунальни бахаман хьашташца а кхачояр» программа кхочушъярна федеральни бюджетера юкъаозийнарг дерриге а 487,399 миллион сом ду. Нохчийн Республикин бюджетера билгалъяьккхина программа дIадахана шо чекхдаллалц кхочушъярна къастийнера 326,167 миллион сом, бюджетехь доцучу хьостанашкара юкъаозийнера 39,0 миллион сом.

Пачхьалкхан программа кхочушъярехь чолхенаш кхоллаелла гIуллакх – хIусамийн-коммунальни бахаман дакъа кхиорна а, бахархойн хьашташ кхочушдаран эвсаралла лакхаяккхарна а лерина хилла цхьайолу подпрограммаш кхочушъярна республикин бюджетехь ахча цатоар. Цу подпрограммашна юкъадогIу: «Iер-дахаран чIогIачу даххашна комплексни урхалла дар», «ЦIена хи», «Хица кхачояран объекташна терроризмана дуьхьал йолу кхерамазалла латтор», «Нохчийн Республикехь хIусамийн ипотекин кредитованин система кхиор».

 

А.СУЛИМАНОВА

№39, еара, оханан (апрель) беттан  7-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: