Дика дерг я доцург къасто хаийта…

Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу колони-поселенехь «кхерамечу тобанна» юкъабогIучу кегийрхошна лерина семинар а, экскурси а дIаяьхьира.школ

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон а, Россин Федерацин таIзарш кхочушдаран Федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин а, Нохчийн Республикин МВД-н кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу подразделенин а, Соьлжа-ГIалин дешаран департаментан а, кхиазхошна социальни реабилитаци яран «Феникс» туьшан а векалша.

Оцу гIуллакхехь дакъалаьцначу кегийрхойн таро хилира чубоьхкинчу нехан Iер-дахаре хьажа.

Лакхахь хьахийначу Урхаллерчу психологаша а, хьехархоша а дийцира чохьбохкучу нехан дахарех лаьцна, церан де муха дIадолу а, уьш чохь Iаш болу меттигаш а гайтира.

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон коьртачу говзанча-эксперта Цацаев Аптис билгалдаьккхира и тайпа цхьаьнакхетарш халачу хьелашкахь бохкучу кегийрхошца болх баран комиссин балхана юкъадогIуш хилар.

– Россин Федерацин таIзарш кхочушдаран Федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Урхалло а, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос а кегийрхошна лерина бакъонаш йовзийтаран семинар дIа а яьхьна, кегийрхошна дуккха а керланаш а довзийтина. ХIинцачул тIаьхьа вайн пачхьалкхан законаш хIокхара лардийр ду аьлла, дегайовхо а ю тхан, – дийцира А.Цацаевс.

Кхиазхошна социальни реабилитаци яран «Феникс» туьшан директора Яричев Iабдуллас ма-аллара, и тайпа гIуллакх вовшахтохаран коьрта Iалашо ю кегийрхойн хаарш алсамдахар. «Вайн кегийрхошна хIокху дахаран ерриге а агIонаш йовзийта декхарийлахь ду вай. Дика дерг я доцург къасто Iамо безаш бу уьш», – билгалдаьккхира цо. 

Хь.АВХАДОВА

№39, еара, оханан (апрель) беттан  7-гIа де, 2016 шо        

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: