Нохчийчуьра сурсаташ – Россин гIаланашкахь

Нохчийчоьнан «Родина»цIе йолчу теплицийн комплексан сурсаташ дохка долийна Россин гIаланашкахь, царна юкъахь Москва а, Санкт-Петербург а ю. Иштта хаам бина предприятин директоран заместитела Ахметов Аптис.Родина предприятин теплицийн комлпекс

   –Москвара а, Санкт-Петербургера а, Дон-тIерачу-Ростовера а, Краснодарера а яккхийчу махлелоран сеташа тидам тIебахийтина тхан предприятин сурсаташна. Цундела оха кхиош долу стоьмаш а, хас-стоьмаш а къаьсттина дукха оцу гIаланашкарчу туьканашна духку оха. Суна билгалдаккха лаьа, тхан продукци «Магнит» а, «Дикси» а олучу холдингийн туьканашкахь хилар а. Муьлхха а Iалашонца вайн махкара аравалар нисделлачу вахархочунна гина а, евзаш а ю церан туьканаш: геннара тIе бIаьрг хIуттуш а, Iаламат яккхий а хуьлу уьш.Тхуна а, республикина а дозалла ду иза. Масех шо хьалха дага а ца деанера вайн мехкан продукци Россин хьовха, Нохчийчоьнан шахьаршкахь а юхкур ю бохург. Иштта Нохчийн Республикехь а дика дIайоьду тхан продукци, – элира Ахметовс.

Цо билгалдаккхарехь, «Родина» теплицийн комплексо  2015-чу шарахь 150 миллион соьмана йоьхкина шен продукци.

Карарчу хенахь теплицаш чохь кхиийна йолу помидораш схьалахьон кечамаш беш бу предприятин белхалой.

– 10 гектар дIалоцуш ю тхан ши теплица. Кху шарахь цу чохь кхиийна 5 тонн помидораш схьалахьон Iалашо ю. Амма, цунах, йохкар-м дуьйцур а дацара, республикин бахархойн хьашташ а кхочуш ца дало. Цундела, Дала мукъ лахь, помидораш кхиоран теплицаш 30 гектарана шоръян дагахь ю предприяти, – дуьйцу Ахметов Аптис.

Теплицийн бахам боцург, 320 гектара тIехь стоьмаш кхиоран беш ю предприятин. Ахметовс дийцарехь, бешахь малинаш а, цIазамаш а, Iежаш а, хьечаш а, кхораш а, гIаммагIаш а кхиайо. Бешара 2016-чу шарахь15 эзар тоннал сов стоьмаш гулбаре сатесна ду комплексан куьйгалла.

Иштта теплицийн комплексехь ян лерина стоьмаш Iалашбойла а, калибровочни цех а.

«Родина» теплицийн комплекс болх бан йолаелла 2015-чу шарахь. Московски индустриальни банкан инвестицешца кхочушйина ю иза. Теплицийн комплекс кхочушъярехь 2 миллиард сов сом даьлла. Цунна лерина йина харж 8 шарахь меттахIуттур ю.

И.ХАСАХАНОВ

Суьрта тIехь: «Родина» предприятин теплицийн комплекс

№39, еара, оханан (апрель) беттан  7-гIа де, 2016 шо        

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: