Россин Федерацин Пачхьалкхан Думехь тIеэцна хIусамашна маьхза приватизаци яран хан 2017-чу шеран 1-ра март кхаччалц яхъяран хьокъехь йолу законопроект.
Иза тIеэцале хьалха Россин бахархойн шайн хIусамашна маьхза приватизаци ян йиш йолу хан 2016-чу шеран 1-чу мартехь чекхйолуш яра. Ткъа билгалъяьккхина законопроект тIеэцарца и хан 2017-чу шеран 1-ра март тIекхаччалц тIаьхьатеттина. И хийцамаш байтинчу бахьанех цхьаъ ду шаьш керлачу цIенош чу дIакхалхоллалц ширачу, тишачу хIусамашкахь Iаш болу бахархой, 2016-чу шеран 1-ра март тIекхаьчначул тIаьхьа (и хан чекхйолучу деношкахь тIеэцна ю законопроект), шайн керлачу хIусамашна маьхза приватизаци ян йиш йоцуш буьсург хилар. Цул сов, хIусамаш оьшучеран рогIехь дIаязбинчу бахархойн а (хIинц-хIинца хIусамаш схьаяла герга болчеран), 2016-чу шеран 1-чу мартал тIаьхьа шайна хIусамаш елча, иштта таро хир яцара маьхза приватизаци яйта.
Цундела, хIусамаш хьалххе схьа а елла (билгалъяьккхина хан тIекхачале), царна приватизаци яйтинарш озабезам бинарш ца хилийта, оцу дийнал тIаьхьа керлачу хIусамаш чу кхалха безачеран ойла а йина, тIеэцна хийцамаш бу уьш. Цул сов, ГIирмин федеральни округехь хIинца а дIахьош бу дукха петарш йолчу хIусамашна инвентаризаци яран а, хIусамаш, юкъараIойлаш муниципальни долаяхаран а, хIусамашна кадастрийн учет яран а белхаш. Цундела хIусамашна маьхза приватизаци яран хан яхъяр, цу юкъахь ГIирмин федеральни округан бахархошна а, вуно оьшуш а, мехалла а гIуллакх ду. Билгалдаккха деза, и законопроект тIеэцначу кхеташонехь, ширачу хIусамашкара бахархой дIакхалхор 2017-чу шеран 1-ра март кхачале чекхдериг цахиларна депутаташа тидам тIебахийтина хилар. Цундела хIусамашна маьхза приватизаци яр гуттаренна а (хан йоцуш) дитар хьехадора цара. Цунах хиндерг хено гойтур ду.
А.ХАСБУЛАТОВА
№39, еара, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2016 шо