Нажи-Юьртан район — кхиаран новкъахь

SAM_0147

Вайн республикин лаьмнашца йолчех цхьаъ ю Нажи-Юьртан район. Веданан округан шолгIачу декъах йиллина  иза 1923-чу шарахь. Ткъа 1944-чу шарахь Дагестанах дIатоьхна, Адалалски район йина хилла цунах. Иштта лаьттина вайнах Даймахка цIаберззалц. 1957-чу шарахь меттахIоттийна иза. Дагестан республикица а, Гуьмсан, Курчалойн, Веданан районашца а ду цуьнан дозанаш. Районо дIалоцуш дерг 62893 гектар латта ду. Цунна чуйогIуш 53 юрт ю, 53 эзар сов адам  ду кхузахь дехаш.

Нажи-Юьртан районан экономикин хьесапдаран а, предпринимательствон а, махлелоран а отделан хьаькама Алхотов Минкаила дийцарехь, кху районера схьабевлла вайн республикехь дика бевзаш болу дуккха а нах. Царах ву Теймиев Биболат, паччахьан эскаран инарла-майор Чермоев Орца, Лаьмнийн Республикин председатель Чермоев Iабдул-Межид (Тапа). ХIокху районера ву нохчийн литературехь йоккха лар йитина  Айдамиров Абузар Гадаев Мохьмад-Салахь,. Тахана а вайн литература кхиорехь къахьоьгуш ву кху районера Шайхиев Iалвади, Сайдулаев Хьасан, Кусаев Iадиз, иштта кхийолу яздархой а. Кхузара схьаваьлла XIX-чу бIешерийн хьалхарчу эхехь пачхьалкхан, тIеман гIуллакххо хилла волу Гендарганойн Iийса, бусалба пачхьалкхашкахь дика вевзаш волу Iеламстаг, пачхьалкхан гIуллакххо, паргIат  кепара охьатохархлатарехула дуьненан чемпион волу  Хасимиков Салман, Нохчийн Республикин Iилманан академин президент Гапуров ШахІрудди, Iилманан академин вице-президент Дадашев Райком. Кхузара ву НГІАССР-н хьакъволу артист Эльмурзаев Бека, 50 шо сов хан ю цо культурин хьаьрмахь къахьоьгу, тахана а, ша ханна воккха велахь а, хьовсархойн самукъадоккхуш ву шен забаршца, иллешца. Нажи-Юьртарчу культурин цIийнехь шайн кхоллараллин некъаш дIадолийна хьакъболчу артисташа: Усманов Iимрана, Дадашева Тамарас. Шайх лаьцна дийца хьакъ долу кхин дуккха а нах бевлла хIокху районера.

Халкъалахь Воккха-Хьаьжа олий цIе йоккхуш волчу Ташу-Хьаьжин зерат ду Нажи-Юьртан районерчу Сесанахь. ГIоьрдалахь ду Асхадар-Шайхан зерат, эвлияах халкъалахь Уди-Шайх олуш хилла. Симсарахь а ду Макка воьдуш новкъахь кхелхинчу ГIеза-Хьаьжин зерат.

Дуккха а бIешераш хьалха дуьйна кхузахь нах баьхна хиларан тоьшалла ду   Іилманчас Багаев Мусас 80-чу шерашкахь ГIала юьртахь археологин ахкарш дечу хенахь карийна  хIуманаш. Цу кеппара шира хIуманаш карийна Булан-ХитIа юьрта йисттехь а.

Нажи-Юьртан районан администрацин  куьйгалхочуьнца Гарбаев  Iабдул-Керима а дийцира:

SAM_0141

– Республика меттахIотто йолийчхьана дикачу агIор дуккха а хийцамаш хилла Нажи-Юьртан районехь—керла школаш, спортзалаш, маьждигаш, ФАП-ш ехкина, некъаш тодина.  Вайн республикин куьйгалле Кадыров Рамзан веачахьана 44 маьждиг дина  районехь, кхин 9-нна ремонт йина, схьайиллина реабилитаци яран ценр. Нажи-Юртахь 2009-чу шарахь йина спортан комплекс, къасттина кегийрхошна доккха совгIат ду. Кхечу ярташкахь ю ян йолийна ткъех спортзал, уьш а герггарчу хенахь йина евр ю. Промышленностан декъехь дерг аьлча, цкъачунна кибарчигийн цхьа завод бен яц  районехь болх беш елахь а, ремонт оьшуш, ледарчу хьолехь ю иза. Бакъду завод карарчу шарахь тоян Iалашо ю, тIаккха мелла а алсамъер ю цигахь арахоьцуш йолу продукци а, белхан меттигаш а. Цул сов, инвесторшца барт хилла гIишлошъярехь лелош йолу эмульси, шпаклевка, гипс, иштта кхиерг ен завод йилла. Иза хIокху шарахь ян йоло дагахь а ду. Советан Iедал долчу хенахь  латта, даьхни лелорца хилла кху районерчу бахархойн хене бовлар. ТIаьхьарчу хенахь оцу  гIуллакхана нах мелла а хербеллехь юьртан бахам кхиорехь къахьоьгуш а ду тхо. Къаьсттинчу тергонехь ду кегийрхой кхетош-кхиорехь болх бар. Имамаш, куьпан инспекторш, администрацин векалш цхьаьна а болуш, маьждигашкахь, школашкахь цхьаьнакхетарш дIахьо, дуьйцу экстремизмаца, терроризмаца, наркоманица къийсам латто безарх лаьцна. Воккхавевеш ду  районехь экстремизмо Iехийна я наркотикехь пайдаоьцуш кегийрхой цахилар. Ночхчий  Iадаташ  ларделла кхузахь, кегийрхой  воккхачуьнца, жимачуьнца  лело деза гIиллакхаш девзаш, лелош бу.

Иштта ду районехь тахана долу хьал.

Р. МУСИПОВ      

Авторан суьрташ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: