Мисаран эскарша Синай ахгIайри тIехь хIаллаквина «Иблисан пачхьалкх» террористически организацин меттигерчу тобанан цхьа куьйгалхо.
***
Дуьненаюкъарчу хIордан Мисаран бердайистошкахь 17 мигрант велла карийна. Хетарехь, хIордакема доха а доьхна, кхалхар нисделла церан.
***
Шеман эскаро «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна тIехь денна толамаш бохуш белахь а, цара сацош дац луьра дуьхьало яр, къаьсттина Алеппо шахьарахь. Террористаша цигахь дохийна СУ–22 тIеман кема.
***
Дуьззина схьалаьцча Шемахь ларъеш ю герзаш деттар сацоран раж, алсамбовлуш бу машар баран хьокъехь болчу бартана тIетовш берш.
***
Хиш дестар бахьанехь Эфиопехь лаххара а 15 стаг кхелхина, иттаннаш цIенош дохийна, даккхий зенаш дина юьртан бахамна а, экономикин кхечу дакъошна а.
***
Парижехь а, Францерчу кхечу гIаланашкахь а яккхий митингаш хилира. Коьртачу декъана цигахь дакъалоцуш берш кегийрхой бара. Цара дIахьедира белхан хан яхъяран хьокъехь долчу законан проектана шаьш реза цахилар.
***
Нидерландехь селхана дIаяьхьира Евросоюзан а, Украинин а ассоциаци яран хьокъехь долчу гIуллакхехула йолу референдум. Цуьнан жамIаш тахана-кхана девзар ду.
***
Россин Президент Путин Владимир Москвахь цхьаьнакхийтира Францин Сенатан председательца Жерар Ларшеца. Цара дийцаре дира вовшашца йолу юкъаметтигаш тояран некъаш.
***
Россин Президента В.Путина арадаьккхина мехкан МВД-н чоьхьарчу эскарийн буха тIехь къоман гварди кхолларан хьокъехь долу Указ. Цунна куьйгалла деш хир ву эскаран инарла В.Золотов.
***
Россин Премьер-министр Д.Медведев тахана Ереванехь цхьаьнакхетар ву Эрмалойчоьнан Президентаца С.Сергсянца. Кхана Д.Медведевн цхьаьнакхетар хир ду Бакухь Азербайджанан Президентаца Р.Алиевца. Цара дийцаре дийр ду Карабахера хьал.
***
Италин Iедало Россина схьавелла (цигахь къайлаваьлла хилла волу) Росграницин куьйгалхо хилла волу Д.Бездолов. Иза бехкевеш ву 1,1 миллиард сом ахча лачкъорна.
***
Россин газ рыночни мехах эца кийча хиларан хьокъехь хаам бина Украинин куьйгалло.
№39, еара, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2016 шо