билгалдаьккхира Хьалха-МартантIехь.
Хьалха заманчохь нохчаша даздеш ма-хиллара, дерриге а Iадаташ лардеш даздира мартанхоша Хьалхара гота яккхаран де. ХIора шарахь а санна, Нохчийн Республикин халкъан кхоллараллин туьшо вовшахтоьхнера и деза де (вайн дайн и хаза Iадат дIа ца далийта карладоккху цара хIора шарахь).
И гIуллакх дIадахьа леррина дина рагIунаш дара. ХIора а рагIу кIелахь хьешашна хIиттийна кхачанах юьззина стоьлаш яра.Цигахь дакъалоцуш хиллачу зударша нохчийн тайп-тайпана кхачанаш кечбинера (жижиг-галнаш, чIепалгаш, хингалш, сискал и.дI.кх.).
Ткъа божаршна кечдина спортивни ловзарш дара (муш дIасаозор, геналла тIулг кхоссар, и.дI.кх.). Тоьллачарна совгIаташ дира.
Таханлерчу дийнахь латта лелош нах вайна юкъахь кIезиг белахь а, хьалха заманчохь вайнехан коьрта гIуллакх хилла иза. Цундела Хьалхара гота яккхаран де тIекхачар доккха совгIат а хеташ, даздеш хилла вайн дай-наноша. Иллешца, эшаршца, хелхаран бал баккхарца самукъане дIахьош а хилла. Иштта, и дерриге а ламасташ лар а деш, дIадаьхьира и гIуллакх Хьалха-МартантIехь а.
Иза вовшахтоьхначара цуьнан коьрта Iалашо лору, вайн нахана, къаьсттина кегийрхошна дайн Iадаташ а, гIиллакхаш а довзийтар, уьш лардан шаьш декхарийлахь хилар хаийтар. Синкъераме дуккха а кегийрхой гулбелла хиларо гойтура уьш вайн кегийрхоша лардеш а, лоруш а хилар.
Хь.БАХТАЕВА
Архивера сурт
№39, еара, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2016 шо