Нохчийн Республикин Куьйгалхочо ма-аллара, и агIо схьайиллина шен дозанал арахьарчу доттагIашца уьйр-марзо латторхьама.
– Хьоме доттагIий! Шуна хаийта лаьа суна, сайн дуккха а болчу дозанал арахьарчу доттагIашна лерина инстаграмехь ингалсан маттахь керла агIо схьайиллина хилар. «@kadyrov_95eng» – иштта ю сан керла агIо. Мел луург хIинца дуьйна тIеязвала мегар ду, – яздина Р.Кадыровс шен оьрсийн маттахь йолчу инстаграман агIонехь.
Р.Кадыровн инстаграман оьрсийн агIонехь боллу хаамаш бу ингалсан агIонехь а. Иза дIайолийначу шолгIачу дийнахь 4 эзар сов стаг вара оцу агIоне ваьлларг, ткъа таханлерчу дийнахь 6400-га хьаладаьлла и терахь, 325 публикаци ю агIон тIехь (тIаьххьарлерниг Р.Кадыровс шен доьзалхойн школера кхиамаш бовзуьйтуш ю).
Хь.БАХТАЕВА
№39, еара, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2016 шо