харц яздархоша язйинчу книгийн хьокъехь
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан стомара цхьаьнакхетар хилира Нохчийчуьрчу яздархошца а, Iилманчашца а. Цигахь дакъалоцуш вара иштта Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, МВД-н министр Алханов Руслан, цхьамогIа ведомствийн куьйгалхой, Iеламнах кхиберш.
Уьш вовшахтохаран бахьана довзуьйтуш, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира харц яздархоша Ибрагимов Ризвана а, Дидиев Абубакара а шайн «белхашца» доккха питана доккхуш хилар, къаьмнашна а, динашна а юкъахь цабезам кхуллуш хилар. Цара яздеш дерг цкъа а хила тарлуш долу хIума муххале а дац, дийнна нохчийн халкъана а кхераме хIума ду. Эзарнашкахь тираж йолуш арахецна церан книгаш дIасаяржош ю. Цул сов, интернетехь шайн сайт а кхоьллина, цу чохь а Iесалла яржош ву и ши «яздархо-Iилманча».
Республикин Куьйгалхочо церан белхан хьакъ болу мах хадор дийхира цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш болчу Iеламнахе а, Iилманчашка а, яздархошка а. Шайн къамелашкахь Шахидов Адама а, Хийтанаев Мохьмада а тIех кхераме а, Iеса а, бусалба динчуьра автор аравоккхуш а лерира «Послание о народе нохчи» книги тIехь дуьйцуш дерг. Бусалба Iилма кIорггера хууш, девзаш воцчу стеган Къуръанан маьIнаш даха бакъо цахилар дIахьедира цара.
Ткъа Нохчийчоьнан Iилманийн академин гуманитарни талламан институтан директора Магомадов Супьяна а, республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас а, Нохчийчоьнан интеллигенцин кхечу векалша а чIагIдира Ибрагимов Ризванан а, Дидиев Абубакаран а, «белхаш» публицистикин, Iилманан цхьа а бакъо, гIиллакх, ламаст лар ца деш яздина харцдерг хилар, и книгаш юкъара дIаяха езаш хилар. ХIунда аьлча, царах доккха зулам дала тарло, къаьсттина къоначарна. Цул сов, Iилманчашна а, эксперташна а хетарехь оцу шина авторо язйина книгаш экстремистийн маьIна долуш а ю. Цу декъехь церан цхьа а шеко яц.
Цхьаьнакхетар дерзоле хьалха Ибрагимов Ризвана а, Дидиев Абубакара а билгалдаьккхира шаьшшиъ шайн гIалатех кхетта хилар, шаьшшиъ кхоччуш галваьлла хилла хилар. Нохчийчоьнан Куьйгалхочуьнга а, цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш болчаьрга а шайна къинтIера довлар дийхира цара. Дош делира кхул тIаьхьа хIумма а ца яздан, яздинарг а халкъа юккъера дIадаккха. Оцу дийнахь, шаьш лелийначарна дохко а ваьлла, Iеламнаха хьеха а хьоьхуш, тоба дира цу шимма.
Хь.САИДОВ
№39, еара, оханан (апрель) беттан 7-гIа де, 2016 шо