ЦIарах ларбаран белхахой Гихтахь хилира

Хууш ма-хиллара, 2016-гIа шо «Россин МЧС-н цIеяларх ларбаран белхахойн» шо аьлла дIакхайкхийна ду. И бахьана долуш Нохчийн Республикин МЧС-н белхахоша регионан тайп-тайпанчу районашкахь дIахьош ду цIеяларх лардала Iаморна лерина цхьаьнакхетарш.мечеть

    Иштта, хIокху деношкахь Хьалха-Мартан районерчу Гихта юьртарчу бахархошца Бенарчу Ильясан цIарахчу маьждигехь цхьаьнакхетар хилира оццу районерчу цIеяларх ларбаран №17 йолчу декъан белхахойн. Шайн къамелашкахь цара билгалдаьккхира  дукхах йолу цIерш газан гIирсаш нийса лело цахаар а, хIусамашна ремонт ечу хенахь ток нийса цатасар а бахьана долуш  йовлуш хилар.

Шен къамелехь  Хьалха-Мартан районерчу цIеяларх ларбаран №17 йолчу декъан инспектора Баштыков Рустама хаийтира, цхьаьнакхетаран хIора а дакъалацархочунна  цIеяларх  лардала Iаморан брошюраш а, экстренни службин номерш а (101, 112)  дIасадекъна хилар.

З.ЛЕЧИЕВА

Суьрта тIехь:  цхьаьнакхетаран дакъалацархой

 №40, шот, оханан (апрель) беттан  9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: