8-гIа апрель, 1952 шо. Казахстанан Караганда гIалахь вина Минцаев Мовсар, иллиалархо, Россин Федерацин хьакъволу артист. Дешна П.И.Чайковскийн цIарахчу консерваторехь. Еххачу хенахь болх бина СССР-н пачхьалкхан академически Йоккхачу театрехь. Цуьнан сцени тIехь тайп-тайпанчу оперни спектаклашкахь кхочушйина хьалхара партеш (Фигаро, Алеко, Иван Грозный, Юлий Цезарь, Кутузов, Дон Карлос). Лондонехь стажировкехь хилла.
Ерригсоюзан а, дуьненаюкъарчу а дуккха конкурсашкахь хьалхара меттигаш яьхна М.Минцаевс:
– М.Глинкин цIарах йолу ерригсоюзни конкурс – 1979;
– «Сочи – 80» эстрадни эшаран ерригсоюзни конкурс – 1980;
– Вилли Лобосан цIарах йолу иллиалархойн дуьненаюкъара конкурс (Бразили, Рио-де-Жанейро) – 1983 шо;
– Ф.Шаляпинан цIарах йолу дуьненаюкъара конкурс – 1993 шо; иштта кхин а.
ЛадогIархоша езаш тIеэцна ю нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь М.Минцаевс кхочушъеш йолу музыкин говзарш: «Iаьржа верта», «ДоттагIашка», «Ломара зезаг», «Гори, гори моя звезда», «Вечерний звон», «Ямщик, не гони лошадей», «Шумел камыш», «Осенний сон», дуккха кхиерш.
9-гIа апрель, 1949 шо. Юккъерчу Азехь вина Джамаев Iимран, актер, Нохчийн Республикин халкъан артист. 1968-чу шарахь чекхйоккху Девкар-Эвлара юккъера школа. Цул тIаьхьа дешна А.Луначарскийн цIарахчу театран искусствон институтехь. 1973-чу шарахь дуьйна Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан драматически театрехь болх беш ву.
Дукха васташ кхоьллина цо Нохчийн театран сцени тIехь: Яго (В.Шекспир, «Отелло»), Хлестаков (Н.Гоголь, «Ревизор»), Кочкарев (Н.Гоголь «Зудаялор»), Нурадилов Ханпаша (I-Хь.Хамидов, «Лийрбоцурш»), Моцарт (А.Пушкин, «Моцарт а, Сальери а»), Скапен (Ш-Б.Мольер, «Скапен, орцахвала безамна»), Ломов (А.Чехов, «Предложени»), ТIалаб (С.Гацаев, «Пелхьонаш»), Къамболат (С.Чахкиев, «Асхьаб Бендер»), ГIуллакхан стаг (А.Экзюпери, «Жима эла»), Сутарби (I.Хь.Хамидов, «Бож-Iела»), иштта кхин а.
Боккха болх бо I.Джамаевс театрана къона тIаьхье кхиош, массийтта шо ду цо шен сценин зеделларг Нохчийн пачхьалкхан университетан театральни отделенин студенташна довзуьйту.
11-гIа апрель, 1939 шо. Iалхан-Юьртахь вина Сатуев Хьусайн, поэт. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Дуккха а шерашкахь болх бина ша винчу юьртарчу юккъерчу школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш. Шен дахаран тIаьхьарчу шерашкахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзехь литконсультант лаьттира.
1967-чу шарахь араелира Сатуев Хьусайнан стихийн хьалхара «Лаьмнийн бер» цIе йолу гулар. ХIетахь дуьйна нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь стихийн а, поэмийн а итт сов книга арахийцира поэта: «Сахуьлу седа» – 1969 шо, «Ненан мукъамаш» – 1971 шо, «Дайн байракх» – 1975 шо, «Йист йоцу аре» – 1978 шо, «Хазалла йовзар» – 1984 шо, «Дахаран абат» – 1988 шо, «Чов йина илли» – 1991 шо. Стихаш зорбане йийлина юкъарчу гуларшкахь а, литературин журналашкахь а. Халкъо дезаш тIеэцна дуккха иллеш ду цуьнан дешнашца даьхна, къаьсттина шуьйра девзаш дара Магомедов Султана дIаолуш хилла «Маьлхан Нохчийчоь» илли.
Кхалхар хилла 1995-чу шарахь.
12-гIа апрель, 1947 шо. ГIиргIизойн махкахь вина Шайхиев Iалвади. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан институтехь. Белхаш бина Нажи-Юьртан районан «Коммунизман байракх», «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газеташкахь, Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзехь, книгийн издательствехь, «Орга», «Литературни Нохч-ГIалгIайчоь» (оьрсийн маттахь) альманахийн редактор волуш.
Яздан волавелла ша школехь доьшуш волуш дуьйна. 1967-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствехь араяьлла стихийн дуьххьарлера «Синпха» гулар. Цул тIаьхьа араевлла «Безаман алу», «Кхерчахь цIе», «ГIа-буц», «Стогаллин бIаьвнаш», «Сийлаллин бIаьвнаш» (оьрсийн маттахь), кхийолу а стихийн, поэмийн гуларш.
Цуьнан стихаш гочйина ингалсан, французийн, японийн, немцойн, кхечу къаьмнийн меттанашка.
ТIаьхьарчу хенахь прозехь, публицистикехь болх беш а ву Iалвади.
№40, шот, оханан (апрель) беттан 9-гIа де, 2016 шо