Хезий хьуна? Вай Дела ма дика ду хьо цIавеана! Ахча лохьа, цхьацца хIума эца базара гIур яра…
– Со кхин обарг Зеламха ву-м ца моьтту хьуна ГIизларера банк ядийна вогIуш? ХIинца а ши кIира ду тхуна алапа схьадала…
***
Хезий хьуна!? УьстагIна урс хьаькхна, мовлад дешийта молланаш чукхайкха вай? Кхана ткъа шо кхочу-кх со хьоьга еана…
– УьстагIан хIун бехк бу тIаккха?..
***
Хезий хьуна!? ХIара шура мустъелла-кх…
– Бехк буй цуьнан? Хьо ялийчахьана дог мустделла лелаш со а ву-кх…
***
Со дика кхета муьлхха кхиъна вогIу жима стаг санна сайн кIант а Даймахкана декхар дIадала дезаш хиларх. Делахь а, кIант винарг со хилча, цунна даа-мала а, тIедуха-когадуха латтийнарг а со хилча, доьшуьйтуш харж йинарг а со хилча, тхайна тIехь дисинарг муьлха декхар ду ца кхета-кх со…
Забарш гулйинарг – Маьлх-Аьзни
№40, шот, оханан (апрель) беттан 9-гIа де, 2016 шо