ХIокху деношкахь ГIебартойн-Балкхаройчоьнан пачхьенехь, Нальчикехь, «Гладиатор» зала чохь дIадаьхьира Россехь хьалхеяккхаран дзюдо латарехула къийсадаларш.
Турниран шолгIачу дийнахь 23 шо кхаччалц болчу кегийрхошна юкъахь дIадаьхьначу къийсадаларшкахь Нохчийн Республикера Гехаев Асламбек (73 кг) а, Азизов Iабас (81 кг) а чемпион хилира.
73 кийла йолчу категорехь яхь къовсуш 50 дзюдоист вара. Оцу категорехь леташ вара вайн республикера дзюдоист А.Гехаев. Ялх цхьаьнакхетарехь толамаш бахарца кхечира иза лакхарчу тIегIане. Хьалхарчу шина латарехь иза туьйлира Ростоверчу Нагиевл а, Челябинскерчу Поляковл а. Цул тIаьхьа хиллачу шина латарехь – Кемероверчу Атакуевл а, шен командерчу Мамуевл а. Ахфиналехь Асламбека эшийра Нохчийчуьра Тисаев. Финалехь – Адыгейра З.Арданов.
А.Гехаевс дийцарехь, берриге а спортсменаш дика кечам бина баьхкина бара. Цундела хала дара толаме кхача.
«Суо Iамийначу сайн тренерна Бахаев ИбрахIимна баркалла ала лаьа суна. Тахана сан да санна толамах воккхавеш хир ву аьлла хета суна иза», – элира спортсмена.
ДегIан йозалла 81 кийла йолчу категорехь къовсалуш 43 спортсмен вара. Оцу категорехь вара вайн махкахо Азизов Iабас. Цо тоьлла жамI а гайтира. Кхул хьалха цкъа а сийлаллин пьедестала ваьлла вацара Iабас. Ахфиналехь Москвара Д.Калинин а, финалехь Челябинскера Д.Зуев а эшийра вайн дзюдоиста. Дерриге а ялх латарехь толам баьккхира цо.
Шена ницкъ луш хилла бахьанаш а, шен толам хьанна лерина бу а довзийтира А.Азизовс.
«Болельщикаша сан гIолацаро а, Къилбаседа Кавказан федеральни округан президент сох дог лозуш хиларо а ницкъ лора суна. Ишттачу хьолехь сан бакъо яцара эша. Къаьсттина хала дара суна ахфиналехь а, финалехь а хилла тасадаларш. Сайн гергарчарна, сайн тренерна, Республикин Куьйгалхочунна, сох дог лозуш хиллачу массарна лерина ас сайн толам. Европехь хьалхеяккхарехь дакъалаца бакъо яккха хила дезачу тасадаларша гойтур ду-кх кхидIа муха хир ду. Уьш Оренбургехь хила деза. Сан Iалашо ю цигахь толам баккха», – элира А.Азизовс.
Л.ДАУТОВА
№40, шот, оханан (апрель) беттан 9-гIа де, 2016 шо