Ненан марзо маттаца юьсу

«Баба, университете деша ма яхна со», – олуш, шен нене ПетIамате кхаъ боккхуш, чоьхьаелира гIалара чукхаьчна жима Хьава.

«ЙоI, и бохург хIун ду ца хаьа суна. Дешна яьлча хIун болх беш хир ю хьо алахьа? – хаьттира нанас. – «Сой?… Схьахетарехь, къанъелча школин директор хир ю-кх со», – ша аьллачух кхераелча санна юьйхира йоI.

Йоккхачу АтагIара МайрбековгIеран Бакун а, ПетIаматан а 10 доьзалхо вара. Уггаре а берашна да оьшучу хенахь, доьзалехь йоккхах йолчу Хьаван 16 шо  долуш, дIавелира церан да.

ГIуллакхах къаьхкаш йоцу йоI, шен жимах долчу йиша-вешин дола деш, цIийнан дукъ тIедоьжначу нанна  накъост хилира. ХIоранна хаьара ша  хIун дан деза. Бежанаш, хас, беш – царах дика гIо а хуьлура. Бежана озар Хьавана тIехь дара, цу хенахь де шийла долуш, самарсекхашна, хьаьжкIашна асар дан дIахIиттина хуьлура вуьйш, доьзал чуберзале кхача кечбеш хуьлура нана.

Ламаз-марха, школехь дешар, кертахь дан деза гIуллакхаш… Уьш дерриге а тидамехь дара ненан.

Мукъа хан нохчийн яздархойн книгаш йоьшуш йоккхура цо. Цул хаза садаIар а ца хетара цунна. Шайн юьртара, Йоккхачу АтагIара хиларе терра, Хамидов Iабдул-Хьамидан  говзарш езара цунна, иштта Нажаев Ахьмадан, Ошаев Халидан кхолларалла а. Школе кхайкхича хийлазза ладуьйгIира Дикаев Мохьмаде, Ахматова Раисе.

1967-чу шарахь Йоккхачу АтагIара № 1 йолу школа дашо мидалца чекхъяьккхина, оццу шарахь Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделене заочно деша яхара иза. Школехь а, юьртахь а  евзаш дика доьшуш хилла йолу йоI нохчийн мотт Iамо яхча, массо а цецваьллера. ХIетахь а юристан я экономистан дешар деша воьдура дашо мидал яьккхинарг. Ткъа Хьавас ненан мотт кIорггера караберзоран некъ хаьржира. Нанас нохчийн маттахь хьехна нохчийн гIиллакх дара Хьавана шен говзалле безам кхолла гIодинарг. Цуьнан нохчийн меттан а, литературин а дуьххьарлерчу хьехархочо Умхаев Iамадис хьехна урокаш, бина хьехамаш, ден весеташ, ненан марзо – кIезиг дацара нохчийн мотт безабала Хьаван дахарехь Дала хIиттийна бахьанаш. Математик а, юрист а хир ю моьттинчу Хьавах нохчийн меттан хьехархо хилира. Хьава, цо ша мацах шен нене ма-аллара, «къанъяллалц» Iен ца дезаш, шен 27 шо кхаьчча ша дешначу Йоккхачу АтагIарчу №1 йолчу школин директор хIоттийра.

Юха, 1976–82-чуй шерашкахь, цо кхиамца чекхйоккху Къилбаседа ХIирийн пачхьалкхан университетан юридически факультет.

1989-чу шарахь хьехархойн институтан проректор хиллачу Гойтемиров Мусас (Дала декъалвойла иза) шайн институте балха кхайкхира Хьава. Цул тIаьхьа нохчийн филологин кафедрин куьйгалхо хиллачу Чокаев Катис а, институтан ректора Умаров Мухарис а Москва аспирантуре деша хьажийра иза.

1990-чу шарахь Москварчу «Институт национальных проблем образования Российской Федерации» институтехь гIарабевлла бевзаш хиллачу ДешериевгIера Юнуса а, Тамарас а гIо а деш, филологин Iилманийн кандидатан диссертаци  чIагIйира Хьавас. Цул тIаьхьа даьхкина тIеман шераш доккха зен, боккха дагахьбаллам буьтуш дIадахара. Соьлжа-ГIаларчу, Войково поселкехь  хилла шайн хIусамаш ягийна, йохийна дIаяьхна карийра цунна. Нохчийн къоман Iилманна а, культурина а хуьлуш долу зен гуора цунна. Иза массо а хIуманал боккха эшам лорура цуьнан даго. Иштта цхьана дог доьхначу Iуьйранна, цIенойн саьлнаш бульдозерца тIе а гулъяйтина,  ирахь дисинчу рагIу кIел стол а хIоттийна, къар ца луш, шен махкана, маттана мел хиллачу вуонашна дуьхьал шен «тIом» гIаттийра Хьавас. Ткъа иза Iилманан болх бар дара. Iилманан книгашна, йозанашна юкъахь дIадолу цуьнан денош, беттанаш.

Даге ца ладаллал вуон деара Хьавага 1994-чу шарахь. ХIетахь Ленинградехь доьшуш хилла волчу кIентан Альбертан бехк-гуьнахь доцуш валар хилира зуламхойн карах. Школехь а, институтехь а дика дешарца билгалваьлла вара 20 шо кхаьчна волу кIант.

1995-чу шарахь филологин Iилманийн докторан диссертаци язъян йолало иза. 2005-чу шарахь декабрь баттахь, Делан къинхетамца, ша 10 шарахь нохчийн мотт толлуш бинчу Iилманан белхан жамI  хилира: Навразова Хьавас кхиамца чIагIйина филологин Iилманийн докторан диссертаци. «Нохчийн мотт толлуш  сайн дахарехь хилла уггаре а боккха кхиам хетта суна айса чIагIйина филологин Iилманийн  докторан диссертаци», – элира цо. Москварчу языкознанин институтан «Общее языкознание» лабораторин заведующис, гIараваьллачу Iилманчас Тестелец Яков Георгиевича аьллера: «ТIеман шерашкахь шайн къам хIаллакдечу хенахь,  шайн къоман мотт толлуш ахь болх барна  ас дозалла до хьох хьан доьналлин лаккхара мах хадабо, Хьава Бакуевна!».

Карарчу хенахь Навразова Хьава нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь гуманитарни факультетан нохчийн филологин кафедран заведующи ю. Верриг 12 хьехархо ву цуьнца кафедрехь къахьоьгуш «Очни отделенехь 150, заочни отделенехь 300 студент ву тхо долчохь доьшуш. Вовшех йоьзна йолчу кафедраша шайн-шайн болх дика беш хилча, балха тIехь дика накъосталла хуьлу», – йоккхае иза. Университетан балха тIехь дика Iуналла деш схьавогIу къона ректор Халадов Хожа-Ахьмад.

Студенташна а, шен белхан накъосташна а езаш ю профессор. Беркат лору иза цара, хIунда аьлча бусалба дог-ойла йолуш, дахар, дуьне дог хьоьстуш гуттар а ца хуьлий хууш, къинхетаме, оьзда, дагахь а, багахь а цхьаъ долуш, цIена дог долуш хиларна. Оьшучохь хаза дош олу, дан дезачохь дов до, нанас санна хьехар а до. Геннарчу бераллехь, шен нанна улло хIоьттина, цIийнан дукъ тIелаьцна схьайогIучу хенахь кхиийна дика амалш ю цуьнан. Шен вежаршна, йижаршна юккъехь йоккхах йолчу цунна тахана карийна нанас маттаца шайна йитина марзо, беркат. Шен студенташца даггара къахьоьгуш ю иза тахана. Хьава  дика кхета, хинболчу хьехархойн дог-ойланех, кхетамах, ийманах доьзна дуй вайн къоман дешаран хиндерг. Iер-яхар Соьлжа-ГIалахь делахь а, орам юьртахь бу цуьнан. Цигахь, Йоккхачу-АтагIахь диънера цо «бераллин той». Ткъа бералла а, къоналла а нохчийн гIиллакхна, Iадатна, къинхьегамна уллохь яьккхина цо.

Карарчу хенахь Соьлжа-ГIалин Мичуринан поселкехь ехаш ю иза кIантаца Ахьмадца цхьаьна. Москвара мехкадаьттан, а газан а И.М.Губкинан цIарах институт чекхъяьккхина цо. Доьзалан да Шутди 2013-чу шарахь кхелхина. Дуьне юхадезадалийтина Хьаван кIентан, Ахьмадан кхаа йоIа Хадижата, Хедас, Iалията.

Iер-яхар гIалахь делахь а, Хьаван дог-ойла ломахь, Шуьйтахь ю. Берийн дех йисинчу кертахь гIуллакх деш самукъадолу цуьнан.

«РагIу кIелахь, хьалха заманахь вайн хуьлуш хилла йолу нохчийн пеш йойтуш ю со. Сайна мел везарг дIакхойкхуш, нохчийн къоман даарш кечдеш, марзо эца хьаьгна ю со», – боху Хьавас.

Куьрка хьалха нанас дина хьехарш хIинца а лерехь ду. Цо шега ма дийццара, тахана, шен студенташка, нохчийн меттан йозанан бакъенаш йийцина ца Iаш, нохчийн къоман зудаберехь хила дезачу эхь-бехках, оьздангаллех лаьцна дуьйцу цо. Атта дац цунна, хIордал дехьа  бечу вуочу Iаткъамех вайн бераш лардеш яха. Амма, бакъдолуш, ирс ду цунна хьалха кхуьучу студентийн. Мохк токхе бо Хьава санна болу нохчийн бакъ болу зударий вайна юкъахь могаш-маьрша  хиларо.

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

Суьрта тIехь: филологин Iилманийн доктор, профессор Навразова Хьава 

№40, шот, оханан (апрель) беттан  9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: