Ларисина доккха ирс хета ша лакхарчу классашкахь доьшучу муьрехь Шимаева Айза санна йолчу хьехархочунна хьалха нисъелла хилар. Лариса Хьалха-МартантIерчу №1 йолчу школехь доьшуш яра. ХIинца-м цунах гимнази йина. КIоштахь а тоьллачарех цхьаъ ю иза. Ларисас доьшучу хенахь а дика цIе йоккхуш яра дешаран и учреждени. Дика хьехархой а, дешархой а бара цигахь. Цу тоьллачу хьехархойх цхьаъ яра Шимаева Айза. Къоман бартакхоллараллера башха илли дуьйцуш санна буьйцура цо нохчийн мотт. ТIаккха иза берашна ца безалойла дацара. Шена дукхаезачу хьехархочух масал эцна, 1989-чу шарахь юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина яьлча яхара Юсупова Лариса Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша. Цуьнан цхьана а кепара шеконаш яцара ша говзалла нийса хоржуш хиларх. Ненан меттан хазалло йийсаре лаьцна яьллера йоI. Цунна гергахь кху доккхачу дуьнен тIера массо меттанел а хаза, зевне бара нохчийн мотт. Жимачохь дуьйна ца кхетара иза ша схьаваьллачу къоман маттах пебеттачарех. Цкъа делахь – хьан ненан мотт бу иза, шолгIа – хастам хиларо АллахI-Дала къомана совгIатна делла ниIмат ду иза, кхоалгIа – бIешерийн кIоргенера вайн оьздачу дайша хIайкал санна ларбеш, кхиош, безаш схьабеана бу иза. Цаьрга болчу лерамна а шен къоман мотт хаа беза, цуьнан сий дан а деза аьлла, хетара Ларисина. Оцу ойланаша гIо дора цунна университетехь деша а, говзалла караерзо а. 1994-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университет кхиамца чекхъяьккхина, цкъа мацах ша дешначу школе юхайирзира Юсупова Лариса. Бакъду, хIинца иза хьехархо яра. Шена сил дукхабезачу нохчийн меттан а, литературин а хьехархо. Къоначу хьехархочо дукха къахьоьгура шегахь санна дешархошкахь а ненан матте безам кхио болчу лаамца. Школин программица догIург дийцина ца Iара иза урокашкахь. Нохчийн литература а, халкъан яздархой а шена дика бовзаре терра, хьехархочо дуьйцура нохчийн яздархойн нуьцкъалчу амалех, церан синъондаллех, цара хьегначу Iазапах, халонех. Школехь доьшуш йолуш дуьйна нохчийн поэзи дукхаезара Ларисина, поэтийн дукхах йолу байташ дагахь хаьара. Дешархойн Iаламат чIогIа самукъадолура хьехархочо байташ йоьшуш. Дика масал дара берашна, хьехархочо урокашкахь дагахь хууш йолу байташ ешар. Дешархой йохье бовлура иштта дIахьочу урокашкахь. Церан лаам кхоллалора шайна а дагахь уьш Iамо, кхиерш йовза, царах марзо эца. Пхийтта шарахь гергга болх бира Юсупова Ларисас Хьалха-МартантIерчу №1 йолчу школехь. КIоштан тоьллачу хьехархошна юкъахь цIе йоккхуш яра иза. Ткъа дешархошна мел дукхаезара шайн хьехархо дийцина вер вац. Дай-наной а сапаргIат хуьлура шайн бераш Ларисин куьйгакIел дуй хууш. Массарна а хаьара шена хьалха нисвеллачу хIора дешархочун нанас санна цо доладой. Цундела Iаламат хала лайра мартанхоша шайна дукхаезачу хьехархочо белхан меттиг хийцар.
2008-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Соьлжа-ГIаларчу №1 йолчу гимназехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш ю Юсупова Лариса. Иза дика кхета таханлера бераш къоман кхане хиларх. Ткъа халкъана, махкана пайдехь болуш царах патриоташ кхио царна кхоччуш къоман мотт Iамо беза. Вайн маттаца ма ду гIиллакх-оьздангалла йовзийтар, уьйр-марзо чIагIъяр, дай баьхначу лаьтте безам кхиор. И дерриге шен дешархошкахь хилийта лууш хьанал къахьоьгу хьехархочо. Ненан аьхналла, Нохчийчоьнан хазалла хаало цо дIа мел олучу дашехь. Дуьненна вевзачу философа Конфуцис цкъа мацах аьлла боху: «Шена безаш болу болх беш волу стаг цкъа а кIад ца ло!» КIадваларх дерг цунна ца хаьа. Бакъду, безаш хаьржина болх Юсупова Ларисина цкъа а кIорда ца бой хаьа суна. Ненан матте бераллехь дуьйна болчу ховхачу безамо яьккхина иза цу сийлахьчу новкъа. Ткъа Iалашо билгалъяьккхина хилча, хьаналчу къинхьегамо кхиамца цунна тIекхачаво. Шен беркатечу говзаллехь ирс карийначарех цхьаъ ю Юсупова Лариса.
А.ГАЗИЕВА
№40, шот, оханан (апрель) беттан 9-гIа де, 2016 шо