(Бексултанов Мусан кхоллараллех дош)
Нохчийн яздархо Бексултанов Муса вина 1954-чу шарахь Казахстанехь. Юккъера школа чекхъяьккхина Олхазар-КIотарахь. Цул тIаьхьа дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь. Бексултанов Муса еа книгин автор ву: «Мархийн кIайн гIаргIулеш», «Юха кхана а, селхана санна», «Наггахь, сайн сагатделча», «Я хьан тухур буьйсанна хьан неI». НГIАССР-н Ленински комсомолан премин лауреат а (1985 шо), Нохчийн Республикин интеллектуальни туьшан «Дато бухIа» совгIатан лауреат а (2004 шо), «Вайнах» журналан премин лауреат а (2004 шо)» ву иза, «Нохчийн Республикин халкъан яздархо» сийлаллин цIе а елла цунна (2005 шо).
1980-чу шарахь «Орга» альманахан агIонаш тIехь дуьххьара зорбатоьхна Бексултанов Мусан дийцарна. 1985-чу шарахь зорбанера араяьллачу «Мархийн кIайн гIаргIулеш» дийцарийн гуларо гайтира нохчийн литературе доккха похIма долу яздархо веана хилар. И ойла кхин а тIечIагIйира 1988-чу шарахь «Юха кхана а, селхана санна» дийцарийн гулар араяларо.
Яздархо нохчийн дийцаран говзанча хилар хууш ду вайн исбаьхьаллин литература езачарна. Цуьнан хIора а дийцар хIоттаман чолхаллаш йоцуш, хIора дош а шен-шен меттахь, совнаха аларш доцуш, дешархочо тIеоьцуш ду. Сюжетан башхалла а, меттан хазалла а хилла ца Iа цуьнан кхолларалла книгашъешархоша къобалъяран бахьана. Бексултанов Мусан турпалхой вайн дахарера схьаэцна бу. Деккъа цIена дахаран бакъдерг дац цо гойтург, ткъа оцу дахаран галморзахаллаш, иза таханчул кхана дика хиларе сатийсам бу. Адамийн синлехамаш, синхаамаш, хьежамаш коьрта бу авторна шен турпалхой вайна бовзуьйтучу хенахь.
Бексултанов Муса шен могIарерчу яздархойх къастош дерг хета суна цо шен турпалхойн амалш шеггара схьа ца йийцар! И амалш церан леларехь, куц-хатIца, церан къамелаца гучуйовлу. Яздархочо эццане а пайда ца оьцу шен турпалхойн оьзда йоцу амалш, леламаш буьйцучохь цуьнан хIара я важа сакхт, айп ду бохучу аларех. Цо уьш шайн ледарчу агIонашца схьагойту, царах лаьцна ала дешархо шенна а вуьтуш. Масала, дийцарш: «НеIарш йиллина яра», «Терза» «СтелаIад», «Буо», «ТоргIа», «Iазим».
Шайх къахоьтуьйту, дог лазадо Бексултановн турпалхоша. Уьш тешна бу догдикалла къонахаллин бух хиларх, массо а адам хIокху лаьттахь ирсе даха деза бохучух. Уьш цхьаьна хетало, адамийн лайн амалш тIехула евллачу муьрехь, шайн дахаран коьрта маьIна а, Iалашо а карийна болу, амма гуонаха гуш йолу харцонаш, зуламаш эшо шаьш биДелахь а, Мусан турпалхой дешархочунна нуьцкъала тIеIаткъам беш бу. Цара дог тешадо шайн лехамех, уьш турпалхой бу – вайн заманан турпалхой – цхьанна а дуьхьалонна бIо ца къажош, дахарехь уггаре а сийлахьниг, оьзданиг кху лаьттахь дIахIуттург хиларх тешна болу.
Воккха ши стаг ву Аькхби а, ГIайтакъа а. Цаьршингахь го вайна вешан дайн гIиллакх, оьздангалла, цара вовшашца ен оьзда забарш, цу юккъехула церан дахаран доккха зеделларг, шайн дахарца, дахаран халонашца литтина долу. И дийцар дешча, цхьа гIайгIа юьсу даг чохь, стогаллин а, къонахаллин а барам хууш болу и нах вайна юккъера дIабовлуш хиларан, церан амалех, хьехамех дерг тахана тIаьхьенаша кIезиг схьаоьцуш хиларан гIайгIа. Ишттачарех ву къена Дерказ а, шен кегйинчу Iасанан дакъошка гIайгIане, цакхетарца хьоьжуш волу. Ткъа хIара Дерказ ма вара шен кIентан кIантана коьртах куьг а хьоькхуш, «Стаг ву хьо, Джабраил.. Дика адам хир ду хьох…» бохуш, важа шех тIаьхьо кхеттачу, хьастарца адам къинхетаме хила дезарх оцу берана хьехам бинарг. ХIинцалерчу масех чкъуро и дицдича, тIаккха доха ма духу дерриге а: вай а (нохчий), кхидолу къаьмнаш санна, ирсе дахар.
Бексултанов Мусан «Iаьржа бIаьрг» дийцаран турпалхой бу: Резет а, Iаьзим а. Iаьзиман оьздангалло, доьналло кхуллу Резетан даг чохь стогаллин мах бовзар, ткъа хIара ша ма яра къона, кура, ша-шех дозалла деш кхиийна. Амма Iаьзима гойту цунна стеган синлокхалла, тIаккха иза яха юьсу шен дахар чекхдаллалц цунна дийна чурт хилла, хIунда аьлча цо и вицвахь, нахана а вицлур ву иза, цхьамма а эр дац: кху чохь ехаш ерг дикачу кIантах Iаьзимах йиснарг ю. Резетан хьуьнар адаман сийдаран лаккхара тIегIа ду.
Бексултанов Мусан «Iаламат» а, «Терза» а цIерш йолу ши дийцар шайн чулацамца а, идейни Iалашонца а цхьаьнадогIуш ду. Оцу дийцаршкахь яздархочо хьахийна проблема цхьаъ ю – нохчийн доьзалан ламасташ, хIусамненан а, хIусамден а юкъаметтигийн шатайпаналла муха хилла заманан йохаллера схьа. Вайна хууш ма-хиллара, карарчу хенахь нохчийн доьзалшкахь нислуш болу Iоттабаккхамаш мича бахьнина хуьлуш бу бохучун ойла йойту дийцарша.
«Терза» цIе йолчу дийцаран турпалхо шен ненан тIеIаткъам дечул алсамболуш кхиъна ву. Цунна ца деза дас шен цIийнанене (хIокхуьнан нене) олуш хилларг: «Со велча нахала ер ю-кх хьо, хьенех, евзар ю-кх хьо нахана, – олура кхуьнан дас, – хIокху берех мостагIий хиларна кхоьруш, дIакхийхьи-кх ас хьо, я цунах а ца кхийти-кх хьо, хьо къона къанлуш», – олий.
ХIара ца кхета дас олучу оцу дешнех, ша жима хиларна, шен дахаран зеделларг дацарна. «ХIаъ, хьо кхеташ ца хиллера, хьуна иза нана хиларх, хьан дена иза зуда юйла, цунна кхача а кечбеш, мода-хIума а юьттуш, хьаша-да тIе а оьцуш, бераш а деш цунна», – боху дийцархочо.
Нохчичун хIусамненан декхарш хала а, жоьпалле а ду. Оцу декхаршца ларош йолу зуда юьрто лерам беш, сийлахь а хилла. Ишттачу зударшна луш хилла «хIусамнана», «цIийннана» боху лераме цIерш. Нохчаша шайн маттах а олу «ненан мотт», хIунда аьлча цуьнан декхарех цхьаъ ду шен доьзалхочунна гIиллакх-оьздангалла хьехар. Цо шен аганан илли нохчийн маттахь олу, нанас Iамош бу шен берашна мотт а. Ткъа ден декхарш доьзална напха латтор, уьш баккхий хилча, царна оьшу хьехамаш бар, нийсачу, хьаналчу новкъа уьш бахар ду. ТIаккха а шен доьзалехь барт-чIагIо латторан декхар а ден белшаш тIехь ду, шен зудчун – берийн ненан – гIоьнца. Амма цу тIехь зудчо шен майрачун гIолацар кхачам боллуш ца хилахь, дерриге а эрна хуьлу, тIаккха боха болало доьзал.
Яздархочун Бексултанов Мусан дийцаран турпалхочо, ша шен ден хене а ваьлла, цуьнан леларех а, зудчуьнга цо динчу къамелех а кхета воьлча (цуьнгахь хилла хьал хIокхунна а ма хIоьттина шен зуда бахьанехь), байттамаллица къаьхьа жамI до ша дуьненахь яьккхинчу хенан, «Дена дикахо хууш хиллера-кх шен зудчун хьал, иза мел ю, мел яц а, тахана хьуна хьайн зудчух дерг санна. Дас баьхначух кхета, цуьнан когаметта хIотта везаш хилла-кх, я цуьнан хене верза, я цуьнга кхаьчна долу дакъа кхача кху дуьнен чохь».
Вайн турпалхочунна хIинца дагадогIу дас шена дина хьехарш, иза хIинца кхетта нохчаша, эвхьазалла ларъярхьама, дений, кIантаний юккъе тоьхна эхь-бехкан дозанаш хедош, нийсса дIа цкъа мацах, хIара жима волуш, баьхнарш: «КIант, хийла дика кеп йолуш, бIаьрго йоххол хаза говр нисло хьуна цкъацца, я кира кхехьа де а доцуш, я беречунна дин хила хьуьнар а доцуш, ламанца хьалагIортийча, ерриг хьацарх а юзий, шена тIера гора къахко а мало еш лаьтташ. Иштта болчу зударех ларлолахь. Муьлххачу зудчух зуда ца хуьлу хьуна. Цхьаццадолу цIа бен ца нисло хьуна зудчун хIу дика нислуш, цу цIийнах массо а зудабер цхьабосса дика зударий а хуьлий дIадоьдуш… дикачу зудчуьнга кхочуш стом бац хьуна кху дуьнен чохь цхьа а, зуда велча йиса а оьшу хьуна къонахчунна, дийна волуш-м хьаьнггахь а Iа хьуна!»
Иштта, вайн турпалхочун Мочакъин дас Зубайрас санна, хIокхо ядийначу йоьIан дас Хасрана а, невцана а, стундена а юккъера эвхьазлонан гураш хедош, олу кIанте: «Хьайна тахана сан юьхьах хеташ долу эхь кхана сан букъах, лама сан чуртах хетар дацахь, хьайн дика да Зубайра ваха, Мочакъа, и сан доьзалхо цIа верзавехьа – хьан зуда яц хьуна иза. Суна цуьнан нана евза хьуна – ас шовзткъа шо даьккхина цуьнца. Жийно бина Iахар и шен нана санна кхуьу хьуна. И жий гуттар а жана тIаьхьа лелаш хиллехь, цо бина и Iахар а хуьлу хьуна тIаьхьа соьцуш. Нагахь и жий жана юьстах бежаш хилча, Iахар а иштта Iема хьуна».
Бексултанов Мусан цхьана дийцар тIехь Хасрана дина къамел къонахчун къамел ду. Наха лоруш а, оьшучунна гIо-накъосталлина нийса хилла а ву иза. Шен зуда нахана ца йовзийта гIерташ, Делаца бина мах ца бохорхьама, я шен стунцахойн юьхь лоруш, собарца сатоьхна чекхбевллачех ву иза, наха къонах ву а олуш. ХIетте а и саннарш наха айпе болуш санна хьахабо: «Хьенехан къа дара иштта зуда хила, хьенех санна волчу къонахчун зуда дика хила езар-кха», – олий.
Мочакъа дуьххьара ца веша зудчо стагах къонах во бохучу дешнех. Ткъа иза тIаьхьа кхета шена хеташ хилларг нийсса бIостанехьа хиллийла.
ЙоьIан хьехамча а, цунна зудчун декхарш довзуьйтург а, уьш цунна хьоьхуш, марздийриг а нохчийн доьзалехь нана хилла таханлера де тIекхаччалц.
Ненан гIиллакхех, амалх къастош хилла йоьIан дика а, вуон а хилар.
Кхузахь довзийта лаьа «Терза» дийцар тIера хIара могIанаш а:
«ХIетте а бакъ ма ду, да къонах вара аьлла, йоIах бIаьрг бузо мегар-м ца хиллера. ЙоьIан дикалла ненехь лаха езаш хиллера, цуьнан ненаненехь а, я ворхI нана хийцаяллалц схьаеанчу зIенаца.
ЙоьIан нана шен цIийндена, шен хIусамна, шен юьртана мила ю хьажа везаш хиллера: я нус ю, я хьаша ю, я эмгар ю».
«Къонахчунна шеца доьналла къовса маца оьшура, шен гIелбелла бIаьрг хьаста , я гIайгIано хьаьшна дог хаддаза Iехо, я Iехадалийта, цуьнан кара дIа а делла. Зудчунна цIийнда гуттар а хьаша хила ма везара, дахарехь цкъа бен шен хIусаме ца вуссу волу. ЦIийндел веза хьаша зудчунна хила йиш ян а ма яцара кху лаьттахь, я цул воккха эла а, тIера Дела воцург. Цо Ша а ма диллинера иза иштта цIийндех зудчунна эла веш, Ша велла волу и эла ахь резавичий бен, Ша а хир вац хьуна реза, олуш зудчуьнга.
ХIу хедаш дина боьрша бер санна, куьйга-кара эцна, буса вижош, Iуьйранна набарха ца ваккха, ког байбина лелош, доьзалх къастийна, шенна кхача латтош, цуьнан дош кхочуш ца дича, дуьне духур дара-кх цу доьзална моьттуьйтуш, дIавоьдуш, тIаьхьа юьйлуш, цIа вогIуш, дуьхьал юьйлуш, цуьнан сийдарх терра бен ша хIума йоцийла а хууш, и шен цIийнда Iалашвечу зудчух йоI лаха езаш хиллера-кх, хIара эзар ага долу нохчийн лаьмнаш, буса кхоъ боккхуш, дийнахь пхиъ боккхуш, дуьне ма-дду кога-акхаваьлла лелла!..
ХIара дуьне ма-дду ваьлла лела везаш хиллера-кх къонах, шен амалехь йолу зуда лоьхуш, шега хьоьжуш йолу. Я шена аьлла кхоьллина йолу дуьнен чу цхьанхьа», – иштта ду «Терза» дийцаран турпалхочунна Мочакъина тIаьххьара а, къанвеллачу хенахь карийна бакъдерг.
ХIокху тIаьхьарчу шерийн хиламаш-тIемаш гойтуш яздина Бексултанов Мусас «Я хьан тухур буьйсанна хьан неI..», «Со ца кхетара» дийцарш. И хиламаш вайн дахаран бакъдерг ду, цхьана а тайпа дестийна а, автора шеггара кхоьллина а доцуш. Ткъа турпалхо карарчу хенахь Нохчийчохь вехаш мел верг ву. Оцу тIемийн къизаллин, харцонийн ерриге а хало ша лайна волу.
Нохчийн дийцаран жанр кхиорехь Бексултанов Мусас динарг Iаламат дукха ду. Мусана, вайна гуш ма-хиллара, кхоччуш карадирзина дийцарш яздар. Цуьнан хIора дийцар а, юх-юха аларш доцуш, цхьаъ вукхул гIоле дуй-те аьлла хоьтуьйтуш, говза яздина хуьлу. ТIейогIучу ханна а вай тешаш а, сутуьйсуш а ду халкъан яздархочун Бексултанов Мусан керла, кхин а тоьлла дийцарш зорбане довларе.
Шен «Къонахчун Iожалла» очеркехь Бексултанов Мусас иштта дийцира шен девашас аьлларг:
«Яздан гIерташ цхьацца къоламаш хьоькхуш со лелачу хенахь, сан девашас Сайд-Хьасана элира: «Мамкхин Мохьмад олуш цхьа оьшне хилла, кIант, тIерлойх, къонах а волуш, яздархо, ахь хIун лелайо-м ца хаьа суна!»
Тахана ала йиш ю-кх М.Бексултановн девешига:
«Къуръанца чIагIо ян яьхьар йолуш, и тIерлойх схьаваьлла Мамкхин Мохьмад санна, къонах а волуш, яздархо ву Мозин Муса а.
Муса! Оцу Везчу Дала аьтто бойла-кх хьан кхидIа а хьайн кхоллараллехь керла лакхенаш яха, иштта могаш-маьрша кхин а бIе шарахь вехийла хьо Нохчийчоьнна а, нохчашна а!
А.АРСАМИРЗАЕВА,
Суьрта тIехь: яздархо Бексултанов Муса, Iилманча Джамбеков ШаIрани, хIокху могIанийн автор а, «СтелаIодан» редакцехь, 2004 шо.
№40, шот, оханан (апрель) беттан 9-гIа де, 2016 шо