Кегийрхоша корматаллаш харжар

 

доккхачу маьIне гIуллакх лору Нажи-Юьртарчу №8 йолчу гимназин хьехархойн коллективо

Иштта лерина ца Iаш, оцу декъехь билггал болх а бо гимназехь.

Дукха хан йоццуш кхузахь кхочушъян йолийна «Стаг а, говзаллаш а» проект.

Цуьнан автор ю гимназин директор, Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо Сабуралиева Йисита. Проект а, цуьнан Iалашонаш а шуьйра йовзийтарна лерина гIуллакх дIадаьхьира хIокху деношкахь гимназехь. Цига кхайкхинера дай-наной, школийн, ткъа иштта тайп-тайпанчу учрежденийн, организацийн куьйгалхой. И болх доккхачу маьIне хилар гойтуш дара оцу гIуллакхехь дакъалоцуш Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президент, физикин-математикин Iилманийн доктор, профессор Дадашев Райком, Нажи-Юьртан муниципальни кIоштан администрацин куьйгалхо Гарбаев Iабдул-Керим, иштта кхин дуккха а хьеший хилар.

Проект йовзийтарна кечам беш, и кхочушъярехь дакъалоцуш болу лакхарчу классийн дешархой дуккха а предприятешкахь, организацешкахь хилира: больницехь, социальни хьашташ кхочушдаран учрежденешкахь, банкехь, чоьхьарчу гIуллакхийн отделехь, хIуманаш тегаран, машенаштояран пхьоалгIанашкахь, фермерийн бахамашкахь, токан, газан, некъаштодаран хьукматашкахь, иштта кхечанхьа а. Шаьш даьхна видеосуьрташ а, видеоинтервьюш а гойтуш, тайп-тайпанчу говзаллех шайна девзинчух лаьцна дийцира цара гимназин йоккха зал юьззина гулбеллачу дешархошна. Шена тIе тидам бохуьйтуш дара шайн дийцарш дешархоша «телекерланаш» передачин кепехь дIадахьар. Билгалдаккха догIу тележурналистийн декхаршца дешархой тIехдика ларийна хилар а.

Говзаллех церан дийцарш тIедуьзира хьешаша. Кегийрхоша хьалххехь шайна еза, шайн похIмаллица йогIу говзалла харжар, уьш дахарна кечбарехь дукха мехала хIума ду. Оцу тIехь царна оьшу гIодар, оьрсийн дашца аьлча, профориентационни болх бар, дешаран учрежденийн хьалхарчу декхарех цхьаъ ду, билгалдаьккхира шен къамелехь Байханов ИсмаьIала. Дешаран министра къаьсттина билгалъяьккхира хьехархочун говзалла, дешархой и харжаре а кхайкхира. «Корматаллаш лахара я лакхара хуьлуш яц, – элира цо, коьртаниг ду ша юьхьарлаьцна гIуллакх кхоччуш карадерзор, иза хьуна хьайна юьхькIоме а, юьртан а, мехкан а шега хьашт долуш а хилар».

Дадашев Райкома билгалдаьккхира хоржуш йолу говзалла хьан таронашца йогIуш, хьан син хьашташна жоп луш, хьуна езаш хила езар. Iилманчин говзаллех а дийцира цо. Уггаре а  хьалха кегийрхошна хаа дезарг ду муьлххачу а говзаллин бух хилла лаьттарш хаарш хилар, цундела деша деза, ойла тIеяххийтина деша деза, чIагIдеш, элира вевзаш волчу Iилманчас. Цхьацца говзаллех а, уьш харжарх а чулацаме къамелаш дира  кIоштан администрацин куьйгалхочо Гарбаев Iабдул-Керима, Нохчийн Республикин Iилманийн академин нохчийн меттан, литературин секторан куьйгалхочо, филологин Iилманийн кандидата Альбеков Нурвадис, Нохчийн Республикин хьакъволчу хьехархочо, Шовхал-Бердарчу юккъерчу школин директора Джабраилов Руслана, иштта кхечара. Хьешаша билгалдаьккхира дешархошна тайп-тайпана говзаллаш йовзийтаран декъехь гимназис беш болу болх шуьйра бовзийтар кхечу школашна а пайдехь хирг хилар.

ГIуллакх дIадирзинчул  тIаьхьа тхан шеца хиллачу къамелехь проектан  автора Сабуралиева Йиситас иштта билгалъехира шайн Iалашонаш:

– Дешархошца профориентационни болх бар-м  гуттар а хилла ду, ца хилча ца долуш ду. «Стаг а, говзаллаш а» проект кхочушъян йолор, и болх кхин а жигарабаккха лаар ду. И иштта хила дезарх тешна а ду тхо. ЧIогIа мехала ду мелла а хьалхе шена еза говзалла къастор, тIаккха цунна хьалха цхьа Iалашо хIутту, оцу Iалашоне кхача болчу лаамо дешаре хьашт кхуллу. Вуьшта аьлча, проект кхочушъяро дешаран дикалла айарна Iаткъам бан декхар ду.

Йиситин дешнаша а, проект йовзийтарна лерина, дукха дика дIадаьхьначу гIуллакхо а тешавора даима а лехамехь йолчу хьехархойн коллективан рогIера дIадолор а кхиаме хирг хиларх.

Хь.АБОЛХАНОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: