Ойла ян хан хир ю
Вахош долчу маларо дог-ойла гIаттийна, хIара дерриге а дуьне шен ду моьттуш вогIуш хиллачу жимачу стага Дидимов Имальдина, тIе машен а тоьхна, итт шо кхаьчна кIант вийра. Циггахь беран кхалхар а хилира. Амма цунна дан тарлуш долу гIо дан гIортаран меттана куьг бехкениг бохам хиллачу меттера къайлавелира.
И дерриге ма-дарра гучуделира Гуьмсан гIалин суьдехь РФ-н УК-н 264-чу статьян 4-чу декъана юкъадогIуш долу зулам дарна долийна хилла уголовни гIуллакх къасточу хенахь, Дидимов бехке а лерина, арахь (колонехь-поселенехь) яккха 4 шой, 6 буттий хан туьйхира цунна. Цул совнаха, цхьана шараххьий эхашараххьий машен лело бакъо а хир яц цуьнан.
Районан прокурора еллачу искана жоп луш, бохам хиллачарна 500 эзар соьман барамехь ахча такха декхарийлахь а вина иза суьдо.
Декхар дIалуш товш ду
ХIокху деношкахь регионан прокуроран заместитела Степанов Вадима дIаяьхьира ягорган-энергетически комплексехь законан лехамаш талхорна дуьхьал къийсам латторан ведомствошна юкъарчу белхан тобанан рогIера кхеташо. Дийцаре дан юкъадехкинера энерготаронеха бакъо йоцуш а, хьесапе эцаза а пайдаэцарна дуьхьало ярца доьзна дан деза гIуллакхаш.
В.Степановс шен къамелехь тидам тIебахийтира оцу декъехь хьалха билгалдина хилла гIуллакхаш кхочушдаза дисина хиларна. Цундела энерготаронех пайдаоьцуш болчарна тIехь долу декхарш мелхо а алсамдевлла. Билггал бакъдерш а далийра. Иштта, «Газпром межрегионгаз Грозный» юкъараллина дIадала дезаш долу ахча 13 миллиард соьмал сов даьлла. Электроэнергех пайдаоьцуш болчарна тIехь 800 миллион соьмал сов декхар ду.
Электроэнергица а, газаца а кхачоеш йолчу организацеша дехарца хIара шо доладелчхьана РФ-н КоАП-н 7.19 статьяна тIедоьгIна административни 229 гIуллакх долийна хиллехь а, оцу декъехь хилла хIара бу аьлла хийцамаш бац. Iаламат лахара хилла дуьсуш ду бахархошкара декхарш схьадахар.
Боккха сингаттам латтош гIуллакх ду газаца кхачоярехь кхерамазаллин бакъонаш ларъеш цахилар а. И бахьанехь кху шеран чекхбаьллачу муьрехь газах дIовш даьлла 130 стагана, царах 4 велла. Бохам хиллачарна юкъахь ду бераш а. Бохам хилла хIора меттиг талла а теллина, дуьххьалдIа кху шарахь 5 уголовни гIуллакх долийна прокурораша.
Бакъо йоцу тоба кхолла гIоьртира
Пачхьалкхан бехкевархочо – Нохчийн Республикин прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс дакъа а лоцуш, Веданан районан суьдехь къастийра РФ-н УК-н шина статьяца билгалдина долу зуламаш дарна бехкевеш волчу Исрапилов Ахьмадна дуьхьал долийна хилла уголовни гIуллакх.
Суьдехь тидам тIебахийтира Исрапиловс шен цIахь, ЦIе-Веданахь 2002-чу шарахь эцна хилла Ф-1 граната бакъо йоцуш Iалашъеш хилла хиларна. Цул совнаха 2015-чу шеран августехь ша туркойн махкара цIа вирзича федеральни законаца билгалйина йоцчу ша вовшахтухучу герзаца кечйинчу тобанна районан бахархой юкъаозо а гIоьртира иза. Амма, цунах шех доьзна доцуш, дагалаьцнарг чекх ца делира – бакъонаш ларъяран органаша шен хеннахь сацийра дан билгалдина хилла зулам.
Пачхьалкхан бехкевархочунна хеташ долчуьнца реза а хилла, цо лелийначунна суьдо бехке лерира Исрапилов, чIогIачу рожан колонехь яккха 8 шо хан тохарца, паргIатонашна 1 шарна доза тохарца таIзар дира.
ГIуллакх тесна дитина
Таллам бича Соьлжа-ГIаларчу №3 йолчу клинически больницехь коррупцина дуьхьало яран хьокъехь долчу законан лехамаш буьззинчу барамехь кхочушбеш цахилар гучуделира Старопромысловски районан прокуратурина.
Ша аьлча, учрежденехь хьакъ ма-дду дIахьош яц коррупцина дуьхьал къийсам латторан политика. Оцу декъехь профилактика ярх жоп дала дезаш верг билгал ца ваьккхина. Балхана юкъа ца ялийна хьаналчу къинхьегамна бегIийла хьелаш кхолларна тIехьажийна йолу кепаш. Латтош бац чоьхьара таллам.
Шен сацамца и дерриге а талхораш йоццачу хенахь дIадахар тIедожийра прокурора больницин коьртачу лоьрана.
Жоьпе озийна
Регионан прокуратуро таллам бечу хенахь гучуделира республикин юьртан бахаман министерствехь оцу гIуллакхах жоп луш болчу белхахоша муниципальни хьашташ кхочушдаран декъехь нормативни бакъонан акташ кечдарехь шайна тIедехкина декхарш хьакъ ма-дду кхочушдеш, нормативни бакъонан акташна юкъахь шен хеннахь хьокъала боллу хийцамаш беш цахилар.
Цул совнаха, законо иза лоьхуш доллушехь, министерствос шаьш долчохь кечдина нормативни бакъонан акташ шен-шен хенахь ца ло зорбане а, уьш хьокъала йоллучу регистрана юкъадахийтаран Iалашонца Россин Юстицин министерствон Нохчийн Республикехь йолчу урхалле а.
Цуьнца доьзна регионан прокуроран заместитела Степанов Вадима юьртан бахаман министрана тIедиллира билгалдаьхна кхачамбацарш а, уьш кхолладаларан бахьанаш а йоццачу хенахь дIадахар. Лехам буьззинчу барамехь кхочушбина. ГIуллакхехь волу кхо белхахо низаман жоьпе озийна.
Талхораш гучудаьхна
«Грозненские электрические сети» предприятехь цхьацца долчу юридически адамаша товарашна закупкаш яран, хьашташ кхочушдаран, ткъа иштта цуьнан балхахь коррупцина дуьхьал къийсам латторан хьокъехь законо беш болу лехамаш кхочушбар муха ду теллира Соьлжа-ГIаларчу Октябрьски районан прокуратуро.
Уггаре а хьалха гучуделира предприятин директора Гугиев Казбека цхьана хеннахь доза тоьхначу жоьпаллин масех юкъараллин директорийн декхарш кхочушдеш хилар. Цу тIе ша цхьаъ бен церан учредитель а воцуш. Аьлча а, кIоршаме талхийнера законан лехамаш. И талхораш дIадахар тIедиллина Соьлжа-ГIалин мэрана Хучиев Муслимана.
Цул совнаха, товарашна закупкаш яран, хьашташ кхочушдаран хьокъехь долчу законан лехамаш талхорна РФ-н КоАП-н 7.32.3 статьян 4-чу декъана тIе а доьгIна, прокурора долийна административни талхораш даран хьокъехь долу гIуллакхаш.
Уголовни гIуллакх суьде дIахьажийна
Республикин прокуроран заместитела Джанхотов Заурбека бехкеваран сацам чIагI а бина, Мацаев Зайндина дуьхьал долийна уголовни гIуллакх къастадайта Шелан районан суьде дIахьажийна.
ГIуллакх къасточу хенахь суьдехь гучуделира РФ-н УК-н 33-чу статьян 5-чу декъана а, 228-чу статьян 2-чу декъана а тIедоьгIна бехкевеш волчу Мацаевс, героинан цхьа доза шена лург хиларан хьокъехь хьалххе барт а бина, наркотик эца цхьанна гIо дина хилар.
Республикин прокуратуро Мацаевца барт бира суд хилале хьалха цхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь. И бахьанехь гучуваьккхира республикехь наркотикаш юхкуш хиллачу тобанан декъашхо а, цуьнан гIоьнчий а.
Оцу кепара динчу зуламашна 10 шаре кхаччал чохь яккха хан туху.
Дешархошна еттарна бехке лерина
ХIун бахьана дара пачхьалкхан бехкевархочо дехарца Сулиманова Маретана 250 сохьтехь болх бар тIе а дожош, 1 шараххьий 6 баттаххьий хьехархочун болх бар дехка а доьхкуш, таIзар дар?
Цунах дерг ма-дарра гучуделира Шелан гIалин суьдехь гIуллакх къасточу хенахь. Иза бехкейора РФ-н УК-н 156-чу статьяца билгалдина зулам дарна, аьлча а, хьехархочо кхиазхой кхетош-кхиорехь шен декхарш хьакъ ма-дду кхочушдина цахиларна. Кху шеран январехь гучудевлира Сулимановас бакъо йоцуш лелийна гIуллакхаш. Социальни сеташкахь даржийнера Шелан районерчу цхьана школехь хьехархочо берашна еттар гойтуш, цу тIе маьттаза бага а етташ. Уголовни гIуллакх долийнера регионан прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис хьалха тIедилларца.
Россин Федерацин дешаран хьокъехь долчу законодательствон лехамаш талхош хиларна районан прокурора тIедожорца районан дешаран урхаллин гIуллакхехь волу белхахо низаман жоьпе озийна.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ
№40, шот, оханан (апрель) беттан 9-гIа де, 2016 шо