БIаьрла бу маьршачу дахарехь баьхна кхиамаш

Адамийн дахар синтеме а, беркате а, токхе а хуьлийла дац нагахь санна церан махкахь барт а, машар а бацахь. Оцу хIиллане доцчу бакъдолчух уггаре а дика кхета нохчий. Царна тIом а гина, къийсамаш а гина, къома юкъара барт дIабалар а гина. Нохчашна евзина цуьнан тIаьхье, Iаьвшина цуьнан хало. Цундела нохчийн халкъана дика бевза машаран мах. Цуьнан хама бан а хаьа.405351882

   2009-чу шеран 16-чу апрелехь Нохчийн Республикехь контртеррористически операцин раж дIаяккхаран хьокъехь сацам тIеийцира Россин антитеррористически туьшан куьйгалло Россин Федерацин хIетахь хиллачу Президента Медведев Дмитрийс тIедилларца. Бакъонца Нохчийн дерриге а халкъана деза де хилла дIахIоьттира иза.

Нохчийчохь контртеррористически операцин раж дIаяккхарца доьзна Нохчийн Республикин Президента (хIетахь иштта яра республикин куьйгалхочун даржан цIе – авт.) Кадыров Рамзана ша халкъе бинчу кхайкхамехь иштта билгалдаьккхира: «ХIокху исторически дийнахь ас декъалдо шу дуккха а баланаш лайначу вайн махкахь тахана эххар а хIоьттинчу дезачу денца.

Оццу хенахь иза хазахетаран, дозалла даран, халахетаран де а ду. Бохамечу хиламийн доккха дакъа кхечира Нохчийн Республикин халкъашна. Шо-шаре даларца мелла а дика, мелла а кIоргера кхета вай ваьш лан дезначух, вайна тIехIоьттина хиллачух.

Вайга юхаберзалур бац тIеман къийсамехь кхелхина Даймехкан кIентий а, мехкарий а. Шен халкъан сирлачу хиндолчун дуьхьа дахар дIаделла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, ткъа иштта бакъонаш ларъяран органийн бIеннаша белхахоша, Iеламнаха, яртийн дайша… Вай даима а дагахь латтор бу вайн зовкхан дуьхьа эгнарш берриге а.  Новкъа ду тоьлла, хазъелла дIахIуттуш йолу Нохчийчоь царна ган йиш цахилар. Амма вай Нохчийчоьнах Россехь а уггаре а зазадоккхуш йолу регион йийр ю, бохаме хиламаш вай долчохь кхин цкъа а хуьлуьйтур бац.

… ТIеман уггаре а дика жамI ондда машар бар ду. Тахана вайн республика кхоллараллин къинхьегаман а, цIинъяларан а, кхиаран а масал хилла дIахIоьттина. И некъ дIабахьар тIедуьллуш вайга весет дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, оцу новкъара вай цкъа а дIадевр дац. Россин халкъийн цхьана доьзалехь – маьрша а, зазадоккхуш йолу а Нохчийн Республика: иштта бу тIейогIу йолчу ерриге а ханна вай ваьшна билгалбина некъ».

Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана дIакхайкхийра хIора шарахь 16-гIа апрель Нохчийчохь Машаран де санна даздийриг хилар. «Тахана Нохчийн Республикин халкъо даздо терроризмана, экстремизмана тIехь толам баккхар», – элира Р.Кадыровс ворхI шо хьалха Хоси-Юьртахь журналисташца хиллачу шен цхьаьнакхетарехь. – Дешнаш ца карадо суна сайна хетарг, сайн воккхавер дIахаийта… хIинца вайн бакъо хир ю Россин дуккха а къаьмнийн доьзалан йоллу бакъонаш а йолуш, цуьнан декъашхой хила. Со тешна ву хIинцачул тIаьхьа нохчийн халкъан бакъонашна цхьа а эшам бийриг цахиларх, вай долчохь терроризмаца а, экстремизмаца а дерг гуттаренна а дIадаьккхина хиларх».

Нохчийчохь контртеррористически операцин раж дIаяьккхинчул тIаьхьа дIадаьллачу ворхI шарахь Iаламат баккхий хийцамаш хилла республикин промышленностехь, юьртан бахамехь, гIишлошъярехь, дешарехь, могашалла Iалашъярехь, социальни кхечу дакъошкахь. Хазъелла, къегина дIахIоьттина вайн ерриге а ярташ, гIаланаш. Толуш ду бахархойн Iер-дахар. Лакхайолуш ю церан хьашташ кхочушдаран дикалла. Цхьана а хIуманна тIехь къелла ца хаало. Декхаделла, деладелла ду адамаш. Кханенах болу тешам чIагIбелла цаьргахь. Шайн а, шайн тIаьхьенийн а кхане ирсе, токхе, маьрша хирг хиларх тешна бу Нохчийчоьнан бахархой.

Цаьргахь и тешам чIагIбо Iедало деш долчу беркатечу гIуллакхаша, шайн хьокъехь беш болчу гIайгIано. ХIора шарахь бIеннаш бахархошна хIусамаш ло, иттаннаш школаш, берийн бошмаш йо, белхан меттигаш кхуллу. Нагахь санна 6–7 шо хьалха республикехь белхазаллин барам 70 процент сов хиллехь, тахана белхазалла 12 процент бен яц. Вайн республикехь цкъа а ца хилла белхазаллин барам оццул лахара. Делахь а цунах тоам бина Iаш дац вайн регионан Iедал. Белхан керла меттигаш кхолларан некъаш лоьху хаддаза. Оцу Iалашонца кхиарна бегIийла хьелаш кхоьллина предпринимательшна а, бизнесменашна а. Цул сов кхиош ю промышленность а, юьртан бахам а, туризм а.

Нохчийн халкъан синтем а, маршо а ларъярна къаьсттина тидам тIебохуьйту тахана Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Кадыров Рамзана. Цо кест-кеста цхьаьнакхетарш дIахьо бакъонаш ларъяран органийн векалшца. Оцу цхьаьнакхетаршкахь цо хаддаза билгалдоккху Нохчийчоь Россехь а, дуьненахь а уггаре а синтеме, маьрша регион хилла дIахIотта езаш хилар. Иштта хилча кху чу дозанал арахьара туристаш баьхкина ца Iаш инвесторш богIур бу. Оцо, шеко йоццуш, гIодийр ду экономика кхиорна, делахь-хIета, халкъан хьал-бахам кхиорна.

И дерриге а гуш ду халкъана. Цуьнан хьокъала боллу мах а хадабо цо, хама а бо. Иза доккхаде таханлерчу маршонах а, маьршачу новкъахь бохучу кхиамех а. Халкъ ша а ду оцу берриге а хиламашкахь жигара дакъалоцуш. Оцу дерригене а хьаьжча дозалла даран ойла а кхоллало, цо дог-ойла а хьоьсту.

С.ХАСАНОВ

 №40, шот, оханан (апрель) беттан  9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: