Болх жигарбаккхар лоьху

Нохчийн Республикин бахархойн интернете долу хьашташ кхочушдарна а, предприятина приватизаци ярна а лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира «Электросвязехь».

Цигахь дакъалоцуш вара ЗIенан федеральни агентствон куьйгалхо О.Духовницкий, Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министран заместитель Р.Атаев, Нохчийн Республикехула йолчу «Электросвязан» директоран декхарш кхочушдеш волу Б.Дыбашев, Росимуществон Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин реестран а, бахамца а, латтаца а йолчу юкъаметтигийн отделан хьаькам А.Иблиев, иштта кхиберш.

Цхьаьнакхетарехь йийцаре йира предприятина приватизаци яран юкъара принципаш а, коьрта дакъош а. Предприятин бахаман комплексан приватизаци кечъярехь гучудуьйлучу кхачамбацаршна къаьсттина тидам тIебахийтира: технически документаци кечъяр, лаьттан дакъошна а, дIасахьош боцчу бахамна а регистраци яр, иштта дIа кхин а.

ДIадаьхьначу цхьаьнакхетаран жамIаш а деш, Нохчийн Республикехула йолчу «Электросвязан» директоран декхарш кхочушдеш волчу Б.Дыбашевна болх жигарабаккхар тIедиллира. Иза декхарийлахь ву, ЗIенан федеральни агентствон куьйгалхочун заместителца Н.Чурсинца цхьаьна предприятин бахамна приватизаци яран болх чекхбаккха а, предприятин карарчу шеран тароне хьаьжжина, республикин бахархойн интернете долу хьашташ кхочушдаран леринчу мероприятийн график хIотто а.

Нохчийн Республикехь «Электросвязь» болх беш ю 1995-чу шарахь дуьйна. Карарчу хенахь республикин бахархойн интернете долу хьашташ кхочушдина а ца Iаш, интерактивни телевидени а кхиош ю иза. Амма, республикин бахархойн цкъачунна Соьлжа-ГIалахь а, Гуьмсехь а, Шелахь а, Йоккхачу АтагIахь а бен таро яц цу предприятин интернетах я интерактивни телевиденех пайдаэца.

Предприятин коммерцин директора К.Сайдаевс билгалдаккхарехь, карарчу шарахь предприятин абонентийн барам лакхабаккхаран дуьхьа бан лерина боккха болх бу. Цунна юкъадогIу шен («Электросвязан») интернетах пайдаэца Нажи-Юьртан а, Хьалха-Мартанан а, Невран а, Шелковски а районийн бахархойн аьттонаш бар. Цул сов, интернет бахархошна дIакхачон Грозненски районехь а ю билгалъяьккхина иттех юрт.

Делахь а, ала догIу, предприятин таронаш лахара хилар бахьана долуш, цуьнан белхахоша мел къахьегарх а, иштта IT-декъехь къахьоьгучу «Вайнах Телеком» компанин тIегIане «Электросвязь» ялалург цахилар.

Республикин цхьаболу бахархой реза бац, «Вайнах Телеком» компанис вайн мехкан IT-декъехь монополи хIоттийна аьлла хеташ. Амма К.Сайдаевна хетарехь, иза монополица доьзна дац. Цо чIагIдарехь, «ка тоха дезаш хилла болу мур» (2009 шо) кхиаран балхаца башха къа а ца хьоьгуш чекхбалийтар бахьана долуш йисина «Электросвязь» лакхахь хьахийначу «монополистал» дуккха а тIаьхьа.

И.ИСЛАМОВ

 №40, шот, оханан (апрель) беттан  9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: